-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
« Ненан мотт- иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац…» аьлла, г1араваьллачу 1илманча П.К.Услара. Дан а ду-кх иза иштта. Цундела, х1ора а уроке, лерина ладуг1уш, дика кхета хьажа веза.
-Ткъа таханлерачу урокан тема иштта ю вайн: « Ц1ерметдашах 1амийнарг карладаккхар».
-Х1окху урокехь вай ц1ерметдашах мел 1амийна йолу бакъонаш карла а йохуш, шун хаарш т1еч1аг1дийр ду.
-Цкъа хьалха ц1ерметдош стенах олу карладаккхи вай?
Слайд
Дешнаш со, хьо, и, иза, тхо, шу, уьш ц1ерметдешнаш ду. Ц1е а ца йоккхуш, я цуьнан мухалла, масалла билгал а ца еш, гойту ц1ерметдашо х1ума. Ц1ерметдош къамелан дакъа ду.
-Ц1ерметдешнаш юкъахь а долуш предложенеш ялае вай?
Слайд
Оха шерачу меттехь беш юьйг1ира. Ма хаза ю-кх хьо, шера тог1е! Шайна т1едиллина декхар дика кхочуш дира цара. Урокашна кечам а бина, аравелира со. Уьш сиха бу, т1ехь йовха бедар а ю царна.
________________________________________________________
-Ткъа х1инца оцу предложенешкара ц1ерметдешнаш схьалохур ду вай.
Слайд
Оха шерачу меттехь беш юьйг1ира. Ма хаза ю-кх хьо, шера тог1е! Шайна т1едиллина декхар дика кхочуш дира цара. Урокашна кечам а бина, аравелира со. Уьш сиха бу, т1ехь йовха бедар а ю царна.
-Х1инца вай шуьца карладохур ду яххьийн ц1ерметдешнаш.
Дагадаийта вай уьш?
Слайд
Яххьийн ц1ерметдешнашна ц1ердешнашна луш долу хаттарш ло. Ц1ердешнаша х1ума билгалйо. Ц1ерметдашо, х1уманан ц1е ца йоккхуш, гойту иза: ( Мила?) Ахьмад дика дешархо ву. Цо дика 1амадо.
Яххьийн ц1ерметдешнаш кхаа юьхье декъало.
Со, тхо, вай хьалхарчу юьхьан ц1ерметдешнаш ду.
Хьо шу шолг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаш ду.
И, иза, уьш кхоалг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаш ду.
-Х1инца аса шуна кицанаш далор ду, ткъа аша царна юкъара яххьийн ц1ерметдешнаш схьалаха:
Слайд
Нехан махкахь эла хуьлучул, шеен эвлахь лай хилар тоьла.
Хьайга далург нахе де ма ала.
Хьан дош- дош дацахь, дуй- дуй бац.
Ша буьйш, дехко а юхку цергаш.
_______________________________________________________________
Слайд
Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьла.
Хьайга далург нахе де ма ала.
Хьан дош- дошдацахь, дуй- дуй бац.
Ша буьйш, дехко а юхку цергаш.
Ткъа х1инца царах муьлхха а цхьаъ легор ду вай.
Слайд
Ц1. И
Дл.цуьнан
Л.цунна
Др.цо
К.цуьнца
Х.цунах
М.цуьнга
Дс.цул
Х1окху урокехь вай ц1ерметдашах мел 1амийна йолу бакъонаш карла а ехи, шун хаарш т1еч1аг1ди. Хьоме дешархой, со тешна ю, кху уроках аша пайда эцна хир бу аьлла. Кху т1ехь вешан урок ерзор ю вай. Шун 1одика йойла, марша 1ойла!