4 класс. Урок №38 «Iамийнарг карладаккхар. Дешан хIоттам»

-Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

-Суна хетарехь, аш  сатесна хир ду керлачу хааршка, уьш шайна дахарехь оьшуш хилар а хууш. Вай шуьца д1айолайо вешан рог1ера нохчийн  меттан урок.

-Тахана вай кхид1а дуьйцур ду хандашах лаьцна , дагадоуьйтур ду хандешнашца  ца , ма нийсаяздар.

-Ца , ма дакъалгаша къамелехь х1ун  маь1на ло хьовсий вай.

Д1айоьшу вай предложенеш.

Слайд:

Бацалахь зезагаш кхиира.

Хандашна т1е дакъалг  ца т1етухий д1айоьшу вай предложени

Слайд:

Бацалахь зезагаш ца кхиира.

— Хьовсий вай муха хийцадели хандешан маь1на ца т1екхетча?

-Дар кхочуш ца хилла.  Ца, ма дакъалгаша хандешнашна дацаран маь1на кхоьллина.

Сдайд:

-Ца, ма боху дакъалгаш хандешнашца къаьстина яздо:

ца лоху, ма ала,ца хаьа.

-Ткъа х1инца толлур ду вай  муха кхетта шу керлачу коьчалх.

Т1адамийн метта маь1ница дог1у дакъалгаш а дохкуш, схьаязъе предложенеш.

Слайд:

Буьйса т1екхечира, цхьа а гучу … велира. 1ийса, тахана дукха … ловзалахь. Оха х1инца а лампанаш … латийна. Къа … хьегча, хи чуьра ч1ара а … баьккхина.    

Слайд: нийса иштта хир ду:

Буьйса т1екхечира, цхьа а гучу ца велира. 1ийса, тахана дукха ма ловзалахь. Оха х1инца а лампанаш  ца латийна. Къа  ца хьегча, хи чуьра ч1ара а  ца баьккхина.  

-Ца, ма боху дакъалгаш хандешнашца къаьстина яздо.

-Шолг1а т1едиллар кхочуш дийр ду вай:

-Къовларш д1а а йостуш,т1ера схьаязде.

Слайд:

(Ма)сихло маттаца, сихло г1уллакхца. Цхьа де цхьаьнгахь ( ца )лаьтта. Г1ийлачунна т1ехула а (ма)хьежа, тоьллачуьнга хьала а (ма)хьежа. Дикачу к1антана доттаг1ий (ца )эшна. Дашал хьалха мотт (ма)тийса.

Слайд- нийса иштта хир ду:

Ма сихло маттаца, сихло г1уллакхца. Цхьа де цхьаьнгахь  ца лаьтта. Г1ийлачунна т1ехула а ма хьежа, тоьллачуьнга хьала а ма хьежа. Дикачу к1антана доттаг1ий  ца  эшна. Дашал хьалха  мотт  ма тийса.

-Х1окху урокехь вайна хии дакъалгаш ца, ма хандешнашца къаьстина язйой.

1одика  йойла, марша  1ойла  шу! Дала вешан меттан  сий-пусар деш, доггах  безаш 1амо  а, цуьнан  исбаьхьалла  йовза   а  болу  лаам  совбоккхийла  вайн!

Пайдаэцна литература:

1. Солтханов Э.Х., Солтханов И.Э. Эдилов С.Э. «Нохчийн мотт» 4 кл

 — Соьлжа-г1ала  : АО «ИПК « Грозненский рабочий» — 2016

2.З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев ,Э,Х.Солтаханов. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш.-Грозный :ГУП «Книжное издательство»

3..Эдилов С. Э. «Ловзуш ,1ема»  Соьлжа-г1ала  2012  шо.

Close
Яндекс.Метрика