4 класс. Урок №33 «Хандешан йогIу хан»

Урокан  ц1е: «Хандешан йог1у хан».

— Маршалла ду  шуьга, хьоме  дешархой!

Дахар беркате деш, ийманехь ч1аг1деш, шайн мехкан хакъболу  дай хилла маьрша  дуьтуш, леладойла шу Дала!

— Х1окху урокехь вай   дуьйцур ду хандешан йог1учу хенах.

-Евзар ю хандешан  йог1учу  хенан  башхаллаш .

-Йог1учу хенан  хандешнех къамелехь  пайдаэца 1емар ду.

Слайд:

Хандош къамелан дакъа ду. Цуьнан кхо хан ю: карара , яхана, йог1у.

Хандешан йог1учу хено г1уллакх къамел динчул т1аьхьа кхочуш хилар гойту. Цуьнан ши кеп ю.

Слайд:

Хила мега хан:  х1ун дер? х1ун  хир? -аьр, соцур, хьожур, гур.

Хин йолу хан: х1ун дийр  ду ? х1ун хир ду? — эр ду, соцур ву, гур ду,

туьйр ву,  летар ву, иштта. д1а кхин а.

— Цхьа т1едиллар кхочушдийр ду  вай.

-Къовларш  юккъера  дешнаш йог1учу хене  даха.

Слайд:

Тхо  кхана  экскурсе (дахара). Оха кхана 1аламан тидам (бира). Оха кхана экскурсехь  ц1азамаш (лахьийра,  диттийн г1аш гулдира).

Хаза (дара )кхана  экскурсехь.

— Т1едиллар  нийса кхочушдинехь иштта хила деза.

Слайд:

Тхо   кхана  экскурсе г1ур ду.  Оха кхана 1аламан тидам  бийр  бу.  Оха кхана  экскурсехь  ц1азамаш  лахьор ду ,  диттийн г1аш гулдийр  дуа.

Хаза хир ду  кхана  экскурсехь.

— Х1ара дешнаш шина б1ог1амалге д1анисдийр ду вай.  Хьалхарчу б1ог1амалге карарчу хенехь дерш, шолг1ачу – йог1учу хенехь дерш.

Слайд:

Вог1у , вог1ур ву , йоду , йодур ю,  го, гур бу, уьду , уьдур ду, хохку , хохкур ю,  лаха , лохур   ву, лепа , лепар бу.

— Т1едиллар нийса кхочушдинехь  иштта хила  деза.

Слайд:

Вог1у                            вог1ур ву

йоду                              йодур ю

го                                   гур  бу

уьду                               уьдур ду

хохку                            хохкур ю

лаха                               лохур   ву

лепа                              лепар бу

Слайд:

Дагахь  латтаде!!!

Йог1учу хенан  хандош  карарчу  хенахь  долчу  хандашна т1е  -р –кхетарца  а,  ву,  бу, ю, ду г1оьналлин  хандешнаш   кхетарца акхоллало.

— Карарчу хенара хандешнаш йог1учу хене а дерзош ,предложенеш х1иттае.

Слайд:

Ежа,  дека,  доьшу, дуьйцу,  воьду, ловзу,.

-Гергарчу хьесапехь нийса жоп иштта хир ду.

Слайд:

Кхана а бешахь   ежар ю буьхьиг. Б1аьста декар ду  олхазарш. Бераша  каникулаш   чекхъевлча  школехь  доьшур ду. Бабас кхана туьйранаш  дуьйцур  ду  суна. Со кхана  цирке г1ур ву. Б1аьста 1абдулг1еран командехь  ловзур  ву со.

— Х1окху урокехь вайна хии хандешан йог1учу хенан х1ун маь1на ду а  ,

цо  муьлхачу  хаттаршна  жоьпаш ло а, муха кхоллало йог1учу хенан  хандешнаша.

-Вай  урок кху т1ехь чекхйолу .

-Хийрачу  махкахь  церан  мотт  1амош, вайниг  биц  ца беш, чекхдовла  доьналла  а, хьекъала а лойла  вайна Дала!

-1одика йойла, маьрша 1ойла!

Тесташ (хаттарш)

  1. Маса хан ю хандешан?

а)2

                          б)4

                       в)3

          2.Билгалъяккха хандешанкарара хан

а )кхоьссина;

б )кхуссу;

                  в)кхуссурву.

3. Муьлха меже хуьлийлелахандошпредложенехь

             а)къастам;

             б)латтам;

            в)сказуеми.

4.Хандашо  … гойту.

                а)х1ума;

                 б)дар я хилар;

                  в)масалла.

5.Билгалъяккха шеначохь йог1учу хенанхандош долу предложени

а)Хаза зезагашкхуьуломахь.

б)Баккхийчараоьзда г1иллакх леладора.

в)Дала мукъалахьбертахьдехардувай.

Пайдаэцна  литература:

 1.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» Грозный.Издательство « Арфа-Пресс»,2010г.

2.Мациев А. «Нохчийн-оьрсийндошам».

3.Солтаханов Э.Х.,Солтаханов И.Э. «Нохчийнмотт» 4-г1а класс.Издательство «Глобус»,2011г.

Close
Яндекс.Метрика