Де дика хуьлда шун, бераш! Вайн юха а рог1ера цхьаьнакхетар хили . Тахана вай дуьйцур ду хандешан яханчу хенах лаьцна.
Шуна евзар ю хандешан яханчу хенахь долчу дешнийн билгалонаш. Девзар ду хандешан яханчу хенан маь1на а, хаттарш а. 1емар ду царех йозанехь пайдаэца а.
Бераш, карладаккхий вай хандашах 1амийнарг?
Стенах олу хандош, хандешан маса хан ю?
Предложенин муьлха меже хуьлий лела иза?
Слайд:
Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу. Цо жоп ло: х1ун до? х1ун дина? Х1ун дийр ду? х1ун дора? х1ун хуьлу? Бохучу хаттаршна
Масала: олу, эли, эр ду, олура, дуьйцу, дийцира, дийцинера, дуьйцур ду.
—Хандош хенашца хийцало. Цуьнан коьрта кхо хан ю: карара хан, йог1у хан, яхана хан.
Слайд:
Карара хан: х1ун до? х1ун хуьлу?- воьду, вог1у, йоьшу.
Яхана хан: х1ун дин? х1ун дира? х1ун дина? х1ун динера? х1ун дора? — хьаьжи, хьаьжира , хьаьжна, хьаьжнера, хьожура.
Йог1у хан: х1ун дийр ду? — доьшур ду ду, хьожур ву ,эр ду,вог1ур ву.
Хандош предложенехь сказуеми хуьлий лела.
Слайд:
Хандешан яханчу хено дар я хилар хилла даьлла хилар гойту.
Цо х1ун дин? х1ун дира? х1ун дина? х1ун динера? х1ун дора? бохучу хаттаршна жоьпаш ло.
Масала:
дийши, дийшира, дешнера, доьшура.
К1анта толам баьккхира.
Сурхо балха вахара.
Воккхачу стага хаза туьйранаш дуьйцура.
—-
Кхочушдийр ду вай цхьа т1едиллар.
Карарчу хенан хандешнаш х1ун дора? х1ун дин? бохучу
хаттаршна жоп лучу яханчу хене даха.
Слайд:
1уьллу, воду, лору, г1отту, хьожу, доьшу, яздо.
— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Слайд:
карара хан яхана хан
х1ун до? х1ун дора? х1ун дин?
1уьллу 1уьллура 1илли
Воду водура веди
Лору лорура лери
Г1отту г1оттура г1аьтти
Хьожу хьожура хьаьжи
Доьшу доьшура дийши
Яздо яздора язди
Х1ара урок Хасаров Ша1ранин «Жима кхор» стихотвореница ерзор ю вай.
Слайд:
Жима кхор
Валавейша шена лор,
Бохуш, бара новкъахь кхор,
Бераш даха кагдеш га.
Цо, лозуш, сан гатдо са.
Ца йирзича хилла чов,
ДIа ца даьлча деттан ов,
БIаьсте лере еъча сайн
Муха доккхур заза кIайн?
Стенца муьйлур бовха малх?
Муха бузо беза нах?
Бохуш, воьхуш шена лор,
Боьлхуш бара жима кхор.
Хезна цуьнга деъна вон
ТIевеара цхьа къано.
ТIуьна сацкъар хьаькхна, дIа
Цо дихкира кIеда га.
Хазлуо, аьлла, малхана,
Стом луо, аьлла, нахана,
БIаьсте лере еъча хьайн
Зазадаккха, аьлла, кIайн.
(Хасаров Ша1рани -1991ш)
Маттехь долу хаарш 1аморехь, пайдаэцарехь Дала аьтто бойла шун!
1одикайойла. Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература: СолтахановЭ.Х,СолтахановИ.Э.,ЭдиловС.Э.«Нохчийн мотт-4 класс»Соьлжа-Г1ала АО«ИПК» «Грозненский рабочий»-2016ш. Гулар «Дашо хьоза»1991 ш. Ша1рани Хасаров.
Автор:Хасаров Рамзан Шараниевич МБОУ «СОШ №54 имени Хасана Кааева» г.Грозный.
Тесты
Хандешан яхана хан кхуллуш мукъаза аз шаладирзина
даьккхина
лаьттина
+ хилла
халла