Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!
-Вайн юха а рог1ера цхьаьнакхетар хили.
-Тахана вай дуьйцур ду хандешан карарчу хенан дешнийн нийсаяздарх лаьцна.
-Шуна евзар ю хандешан карарчу хенахь долчу дешнийн билгалонаш. Девзар ду хандешан карарчу хенан маь1на а, хаттарш а. 1емар ду царех йозанехь пайдаэца а.
-Бераш, карладаккхий вай хандашах 1амийнарг?
-Стенах олу хандош?
Слайд:
Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу. Цо жоп ло: х1ун до? х1ун дина? х1ун дийр ду? х1ун дора? х1ун хуьлу? бохучу хаттаршна
Масала: олу, эли, эр ду, олура, дуьйцу, дийцира, дийцинера, дуьйцур ду.
-Иштта яханчу урокашкахь вайна хиира маса хан ю хандешан, предложенин муьлха меже хуьлий лела иза.
-Хандош хенашца хийцало. Цуьнан коьрта кхо хан ю: карара хан, йог1у хан, яхана хан.
Слайд:
Карара хан: х1ун до? х1ун хуьлу?- воьду, вог1у, йоьшу.
Яхана хан: х1ун дин? х1ун дира? х1ун дина? х1ун динера? х1ун дора? — хьаьжи, хьаьжира, хьаьжна, хьаьжнера, хьожура.
Йог1у хан: х1ун дийр ду? — доьшур ду ду, хьожур ву ,эр ду,вог1ур ву.
-Вай хьалха ма- аллара, хандош предложенехь сказуеми хуьлий лела.
Слайд:
Карарчу хенан хандашо дар я хилар карарчу хенахь хуьлуш хилар гойту.
Цо х1ун до? х1ун хуьлу? бохучу хаттаршна жоьпаш ло.
Масала: доьшу, яздо, 1аржло.
К1анта книга (х1ун до?) йоьшу.
Адам балха (х1ун до?) воьду.
1ай хьалххе (х1ун хуьлу?) 1аржло.
Нанас берашна хаза туьйранаш (х1ун до?) дуьйцу.
—Кхочушдийр ду вай цхьа т1едиллар.
-Х1ара хандешнаш карарчу хене даха:
Слайд
Левзина-…
Тиллина-…
Яздина-…
Ведда-…
-Нийса жоп иштта хир ду:
Слайд
Левзина – (х1ун до?) ловзу
Тиллина – (х1ун до?) туьллу
Яздина — (х1ун до?) яздо
Ведда – (х1ун до?) воду.
-Х1инца хьовсур ду вай маца яздо хандешан карарчу хенахь чаккхенгахь -у,-а.
Слайд
Нагахь санна карарчу хенан хандешнийн орамехь балдийн мукъа аьзнаш о, оь, у, уь, ю, юь хилахь, цуьнан чаккхенга- у- яздо, ца хилахь -а- яздо:
Масала: лоькху, теша, доьшу, ловзу, леха.
-Ткъа х1инца хьовсу вай маца яздо хандешан карарчу хенахь чаккхенгахь -о.
Слайд
Карарчу хенан хандешан чаккхенга -о-яздо, нагахь санна цуьнан чаккхенгахь –во, -йо,-до, -бо, -ло хилахь:
Масала: мацво, ларйо, дицдо, хьагло.
-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай:
-Д1аязде х1етал-метал.
-Карарчу хенан хандешан орамерчу мукъачу элпана к1ел сиз хьакха, цуьнан чаккхе билгал а яккха.
Слайд
Х1етал-метал хаийла хьуна:
1аьн т1ехь школе уьду иза,
Аьхка хуьлу иза ц1ахь,
Амма еача дашо гуьйре,
Карабо и хьан карахь. (Т1…р…иг)
— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза:
Слайд
Х1етал-метал хаийла хьуна:
1аьнт1ехь школе уьду иза,
Аьхка хуьлу иза ц1ахь,
Амма еача дашо гуьйре,
Карабо и хьан карахь. (Т1оьрмиг)
-1амийнарг т1еч1аг1деш кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:
-Т1адамийн метта оьшуш йолу чаккхенаш а йохкуш, т1ера схьаязъе предложенеш. Карарчу хенан хандешан орамерчу мукъачу элпана к1ел сиз а хьакха, цуьнан чаккхе билгал а яккха.
Слайд
1аж 1ожана гена ца буж… . Доттаг1чо беллачу динна бага ца хьож… . Етт бигначул т1аьхьа зайл ца тух… . Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьг… . Хи гуттар цхьана хорша ца лел… . Хиндолу хьоза бенахь дек… . Дикачу к1анта ден дог делад… .
— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза:
Слайд
1аж 1ожана гена ца бужу . Доттаг1чо беллачу динна бага ца хьожу . Етт бигначул т1аьхьа зайл ца туху . Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу . Хи гуттар цхьана хорша ца лела . Хиндолу хьоза бенахь дека . Дикачу к1анта ден дог деладо .
-Тахана вай дийцира хандешан карарчу хенан дешнийн нийсаяздарх лаьцна.
-Иштта девзира хандешан карарчу хенахь долчу дешнийн хаттарш а, маь1на а.
— Цу т1ехь таханлера урок ерзор ю вай.
— Маттах долу хаарш 1аморехь, пайдаэцарехь Дала аьтто бойла шун!
-1одика йойла шун! Марша 1ойла!