4 класс. Урок №29 «Хандешнаш хенашца хийцадалар»

Хандош. Юкъара кхетам

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!  Д1аяханчу урокашкахь вай 1амийна къамелан дакъош

 СЛАЙД 1

Ц1ердош,

 Билгалдош,

 Терахьдош, 

Ц1ерметдош

-Бераш, вай тахана 1амо долор ду керла къамелан дакъа —

 Хандош.

СЛАЙД 2

                                                                      Туьйра.

-Дехаш хилла хандешнаш. Царна ч1ог1а хазахеташ хилла ц1ердешнаша деш дерг дуьйцуш. Амма цаьрга и дийцийта ахьа цхьа хаттар дала деза цаьрга. И  хаттар ду  х1ун до?

-Ж1аьло     х1ун до? (лета)

зезаго        х1ун до? (кхуьу),

йо1а           х1ун до? (ловзу, йоьлу).

-Х1ун до? хаттарна жоп луш долчу дешнаша билгалдо?       (дар).

-Уьш хандешнаш ду.

Слайд:

Хандош къамелан дакъа ду. Цо х1уманийн дар я хилар гойту. Жоп ло х1ун до? Х1ун дина? Х1ун дира? Х1ун дора? х1ун дин? х1ун динера? Х1ун дийр ду? Бохучу хаттаршна.

Масала:

Слайд:

Доьшу, дешна, дийшира, доьшура, дийши, дешнера, доьшур ду.

Предложенехь хандешнаш дукхахьолахь сказуеми хуьлу.

Слайд:

Бераш бай т1ехь ловзу. (х1ун до? ловзу) – (ловзу-сказуеми)

Воккхачу стага шен х1усаме дигира тхо.  (х1ун дира? дигира) – (дигира-сказуеми)

Ломах охьадуьйладелира тхо. (х1ун дира? охьадуьйладелира) –

(охьадуьйладелира-сказуеми).

Цхьа т1едиллар кхочушдийр дув ай.

Предложенешкара хандешнаш билгалдаха.

СЛАЙД:

Эвла йистехь лаьтта лекха цIенош. Уьш кура айаделла.

Лампанийн серло корашкахула къерза.

 ХIора Iуьйранна бераш цига деша

доьлху. Цигахь церан самукъадолу.

—Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд:

Эвла йистехь лаьтта лекха цIенош. Уьш кура айаделла.

Лампанийн серло корашкахула къерза.

 ХIора Iуьйранна бераш цига деша

доьлху. Цигахь церан самукъадолу.

 Т1едиллар иштта ду:  

Х1ара хандешнаш юкъа а далош предложенеш ялае. Къовларшкахь язде цара муьлхачу хаттаршна жоп ло?

СЛАЙД:

Д1асалела, д1асахехкало, дийг1инера, лаьтта, дог1ура.

— герггарчу хьесапехь т1едиллар иштта кхочушдина хила тарло.

Слайд:

Шуьйрачу урамновкъахь сиха д1асалела (х1ун до?) машенаш.

Дийнахь а, буса а д1асахехкало (х1ун до?) уьш.

Бераша боккхачу некъа йистехь акхтаргаш дийг1инера (х1ун динера?).

Г1аролаш санна лаьтта (х1ун до?) лекха дитташ.

Бераш самукъадаларца дог1ура (х1ун дора?)  школе.

Слайд:

ТIадамийн метта лахара хандешнаш а дохкуш, схьаязъе.

 Кестта ГIойтIа … со.

 Цхьа йоккха стаг меллаша … .

 Ведана боьдучу новкъа… автобус.

 Кегийрхой автобус чуьра … .

(йогIура, гIур ву, д1аяхара, охьабиссира).

Т1едиллар иштта кхочушдина хила тарло.

Слайд:

Кестта ГIойтIа г1ур ву со.

 Цхьа йоккха стаг меллаша йог1ура .

 Ведана боьдучу новкъа д1аяхара автобус.

 Кегийрхой автобус чуьра охьабиссира .

Таханлера урок цу т1ехь ерзор ю вай.

1одика йойла шун!

Пайдаэцна литература

1.   Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э  Абат 1 класс Соьлжа-г1ала АО «ИПК «Грозненский рабочий»- 2016

2.   Т.Ш. Мудаева    «Нохчийн мотт 2 класс   Г1оьнча  Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий» 2012ш.

3.  В.А. Янгульбаев, С.В .Янгульбаева 4 класс нохчийн мотт хьехар.

4. Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 к.лассашна. Соьлжа-г1ала 2012ш

СЛАЙД

 Хандош – иза   къамелан  дакъа   

Хандашо гойту — дар    

Хаттарна жоп ло  — х1ун до?

Предложенин меже хуьлу   — сказуеми

Х1инца вайн хаарш т1еч1аг1деш хаттаршна жоп лур ду вай

Хандош – иза

А) дешан дакъа  

б) къамелан  дакъа   

 в) дуьненан дакъа

Хандашо гойту —

А) х1уманан билгало   

б) дар    

в) х1уманан бос

Хаттарна жоп ло

А)  мила?

Б)  муха?

В) х1ун до?

 Предложенин меже хуьлу

А)  подлежащи

Б)  сказуеми

В)  къастам

Close
Яндекс.Метрика