4 класс. Урок №27 «Яххьийн цIерметдешнаш».

Урокан  ц1е: Яххьийн ц1ерметдешнаш.

-Маршалла ду шуьга, хьоме бераш.

-Делан лаамца, вай юха а д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок.

-Яханчу урокехь вай дийцира ц1ерметдешнех лаьцна, х1окху урокехь  шуна девзар ду яххьийн ц1ерметдешнаш. 1емар ду  муха къаьста яххьийн ц1ерметдешнаш а, ц1ердешнаш а вовшех.

 Слайд:

Хьо хиллий мокха хьоза тергалдеш?

Каде хьийза иза. Со цо тергал а ца вора.

Уьш даим а вовшашца девне хуьлу.

-Схьалаха ц1ерметдешнаш, к1ел сиз хьакха царна.

 Слайд

Хьо, иза, со, цо, уьш – ц1ерметдешнаш ду.

-Карладаккхий вай, стенах олу ц1ерметдош?

Слайд

Ц1е а ца йоккхуш, я цуьнан мухалла, масалла билгал а ца еш,                   гойту ц1ерметдашо. Ц1ерметдош къамелан дакъа ду.

-Билгалдина ц1ердешнаш ц1ерметдешнашца хуьйцуш, т1ера схьаязъе предложенеш.

Слайд

Уггар боккха бен аьрзунан бу. Бен ж1оламех бина бу, доккхачу багаган дитта т1ехь д1атарбина.

Уггар жима бен зевзалган бу. Зевзалг ша йилбазговрал жима ду, ткъа ц1а  а ду цуьнан буйннал.

Уггар хаза ц1аьлг сих1сардиган ду. Сих1сардиго бен доккхан гена т1ехь бина, гонаха докхан чкъор а, буц а юьллуш.

-Нийса иштта хир ду:

Слайд

Уггар боккха бен аьрзунан бу. Цо ж1оламех бина бу, доккхачу багаган дитта т1ехь д1атарбина.

Уггар жима бен зевзалган бу. Иза ша йилбазговрал жима ду, ткъа ц1а  а ду цуьнан буйннал.

Уггар хаза ц1аьлг сих1сардиган ду. Цо бен доккхан гена т1ехь бина, гонаха докхан чкъор а, буц а юьллуш.

-Х1инца шина б1ог1амалгехь д1аязйинчу предложенешка хьовсур ду вай:

Слайд

(Мила?)  Салман боксе лелаш ву.                (Мила?) Иза лата кечлуш ву.

 (Муьлш?) Бераш школе дахара.                   (Хьан?) Цара дика дийшира.

-Хьалхарчу б1ог1амалгерчу предложенешкахь билгалдина дешнаш муьлха къамелан дакъош ду?

— Нийса боху: Салман, бераш-ц1ердешнаш ду. 

-Шолг1ачу б1ог1амалгехь вай билгалдина дешнаш:

Иза, цара —  Салман, бераш бохучу дешнийн меттана яздина яххьийн ц1ерметдешнаш ду.

Слайд:

Яххьийн ц1ерметдешнашна ц1ердешнашна луш доллу хаттарш ло. Ц1ердешнаша х1ума билгалйо. Ц1ерметдашо, х1уманан ц1е ца йоккхуш, гойту иза.

(Мила?)  Яха школе йоьдуш ю.        (Мила?) Иза дика доьшуш ю.

Далийнчу масалшка хьаьжча вайна билгалдолу  яххьийн ц1ерметдешнашна  ц1ердешнашна луш доллу хаттарш луш хилар.

Слайд

Яххьийн ц1ерметдешнаш кхаа юьхье декъало.

Со, тхо, вай — хьалхарчу юьхьан ц1ерметдешнаш ду.

Хьо, шу — шолг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаш ду.

И, иза, уьш- кхоалг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаш ду.

-1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта т1едиллар кхочушдийр ду  вай.

-Билгалдинчу ц1ерметдешнийн юьхь билгалъе:

Слайд:

Яккхий тулг1еш етта цо,

Хета, меттиг, боху, ло,

Дуьне мел ду лелла тхо,

Тхуна йийша дейша г1о.

                                                (Эдилсултанов 1.)

Т1аккха Писус дуьме дера боху:

-Хьо баа-м со ца даьшнера цкъа а.

Кхаза хьайна, лаьттахь, стиглахь боцуш,

Ва хьо-м лийриг вуьсу молха даций.  (Сатуев Хь.)

-Нийса иштта хир ду:

Слайд

Цо кхоалг1ачу юьхьан ц1ерметдош ду.

Тхо— хьалхарчу юьхьан ц1ерметдош ду.

Хьо – шолг1ачу юьхьан ц1ерметдош ду.

Со хьалхарчу юьхьан ц1ерметдош ду.

-1амийнарг т1еч1аг1деш кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Т1адамийн меттана маь1ница дог1у яххьийн ц1ерметдешнаш а дохкуш, т1ера схьаязъе предложенеш.

Слайд

(Мила?) … книгаш дукхаезаш ву. 

(Хьенан?)  … дукха книгаш ю.

Йишас  (Хьанна?) … книга елира.

-Нийса иштта хир ду:

Слайд

Со книгаш дукхаезаш ву. 

Шун дукха книгаш ю.

Йишас  суна  книга елира

— Бераш, тахана урокехь вай дийци ц1ерметдешнех лаьцна, девзи яххьийн ц1ерметдешнаш. Иштта хии уьш 1-чу, 2-чу, 3-чу а декъе декъалуш хилар а, 1еми йозанехь царах пайда эца а.

-Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.

-1одика йойла шун. Марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика