4 класс. Урок №17 «ЦIердешнийн дожаршца хийцадалар».

(Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар)

-Маршалла ду шуьга,хьоме бераш! Суна ч1ог1а хазахета деладелла, декхаделла шу гича. Б1аьстенан къегина малх санна ирсе хуьлда шун дахар.Тахана вай цхьаьна д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок.

-Вай дуьйцур ду ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларх лаьцна.

-Таханлера вайн цхьаьнакхетар ас д1адолор ду хаттарца. Ткъа шу цунна жоп дала хьовса.

   Х1уманаш, адам билгалдо,

  Мила? Х1ун ю? Хаттарш до.

  Ойлаей хьо дийций вала,

  Муьлха дакъа ду со ала?

Хьанна хуур дара, стенах лаьцна ду и хаттар?

И хаттар ц1ердашах лаьцна ду.

-Нийса боху, ц1ердош ду иза. Д1аяханчу урокехь вай дийцира ц1ердешнех лаьцна.

-Вай 1амийна, ц1ердешнаш терахьашца, классашца  хийцадалар.

Слайд

 Доьшур ду вай х1ара дешнаш:

Шовда, деда, керт, дитт, хьоза, дожар, йо1, цициг, котам, к1ант, йиша.

Муьлха дешнаш ду уьш?

Нийса боху- уьш ц1ердешнаш ду.

-Х1инца и ц1ердешнаш классашка декъа хьовсур ду вай.

Слайд:(нийса жоп иштта хир ду)

Зударийн класс- йо1, йиша.

Божарийн класс – к1ант, деда.

Кхийолу х1уманийн класс –шовда, керт, дитт, дожар, цициг, котам, хьоза.

-Х1инца ас шуна жима дийцар дуьйцур ду, ткъа аша дика ладог1а:

Слайд

 Некъа йистехь кхуьуш 1аж бара. 1ожан дитт башха доккха а дацара. 1ожана т1едахара тхо. 1ожо 1индаг1 дира тхуна. 1ожаца къамел деш лаьттира тхо. 1ожан чам баьккхира оха. 1оже хьуьйсура тхо, хазахеташ. Цу 1ожал мерза х1ума ца гина тхуна.

 -Муьлха дош ду кху дийцарехь хийцалуш?

Хийцалуш 1аж  боху дош ду.

-Х1ун бахьана ду те церан хийцадалар? Муьлхачу хаттаршца хийцалуш ду и дош?

Хьовсий  вай:

Слайд:

Х1ун? – 1аж

Стенан? – 1ожан

Стенна? – 1ожана

Стен? – 1ожо

Стенца? – 1ожаца

Стенах? – 1ожах

Стенга? – 1оже

Стенал? – 1ожал.

-Х1ун эр дара вай х1окху хаттарех лаьцна? Стенан ду и хаттарш?  

И хаттарш дожарийн ду.

-Нийса боху, дожарийн хаттарш ду уьш. Йоьшур ю вай и бакъо.

Слайд:

Кхечу дашах дозалуш, ц1ердашо шен чаккхе хуьйцу. Адамаш билгалдечу ц1ердешнашна мила? муьлш? хьенан? хьанна? хьан? хьаьнца? хьанах? хьаьнга? хьанал? боху хаттарш х1иттадо.

Ткъа дисинчу ц1ердешнашна х1иттадо: х1ун? стенан? стенна? стен? стенца? стенах? стенга? стенал? боху хаттарш.

Ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларх легар олу.

-Х1инца хьовсур ду вай маса дожар ду нохчийн маттахь.

Слайд:

1.Ц1ерниг –      Х1ун? Мила?

2.Доланиг –      Хьенан? Стенан?

3.Лург –            Хьанна? Стенна?

4.Дийриг –       Хьан? Стен?

5.Коьчалниг –  Хьаьнца? Стенца?

6.Хотталург –    Хьаьнга? Стенга?

7.Меттигниг –  Хьанах? Стенах?

8.Лург –             Хьанал? Стенал?

-Маса дожар хили вайн?

Нийса боху, барх1 дожар ду нохчийн маттахь.

-Х1инца вай 1амийнарг т1еч1аг1деш легор ду вай дешнаш – к1ант, дитт.

Слайд:

Ц1.к1ант,            дитт

Дл. к1ентан,       диттан

Л. к1антана,       диттана

Др. к1анта,         дитто

К. к1антаца,       диттаца

Х. к1антах,         диттах

М. к1анте,         дитте

Дс. к1антал,       диттал.

К1ант боху ц1ердош дожаршца хийцича орамера аз хийцаделла.

Доланиг дожарехь аз ( а-е-не) дирзина.

Х1ора дожаран шен-шен маь1на ду.

Слайд:

Ц1.-дош юьхьанцара форманехь хуьлу, нисса х1уманан ц1е йоккху.

Дл.- х1ума цхьаьннан долахь хилар гойту, я х1уманан юкъаметтигалла гойту.

Л.- х1ума цхьанна д1алуш хилар гойту.

Др. – дар хьан я стен кхочушдеш хилар гойту.

К. – дар хьаьнца я стенца кхочушдеш хилар гойту.

Х.— хьанах я стенах лаьцна дуьйцуш хилар гойту.

М.— х1уманан меттиг гойту.

Дс.- х1ума стенах юсту гойту.

-Х1инца вай кроссворд ян хьовсур ду: жоьпаш охьанехьа, пурхнехьа долчу

мог1анаш чохь д1аяздийр ду вай.

1.Ц1ердешнаш тайп-тайпанчу хаттаршка а х1иттош,  церан билгалонаш гойту.

(дожар)

2. Х1ума маса,я масалг1а  ю гойту цо ….

(терахь)

3.Дешаран уьш цхьайтта ю,ткъа ц1ердешнийн уьш кхоъ ю

(класс)          

4.Цхьа х1ума билгал а еш,х1ун? мила? бохучу хаттаршна жоп ло

(ц1ердош)

5.Ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларх олу……

(легар)

 Слайд:

 Нийса иштта хир ду:

  3  
  к  
   л  
  4   5   е   г    а   р
  Ц1 л
  2 т е р а хь     с  
  р       с  
  д      
1 д о ж а р  
  ш    

-Бераш, тахана урокехь вайна девзи ц1ердешнийн дожарш,1еми ц1ердешнаш дожаршца хийца.

-Цу т1ехь вайн урок чекхйолу. Дала могуш а, маьрша а леладойла шу, вайн къоман мотт 1амо а, цуьнан к1орге йовза а дала хьуьнар лойла шуна.

1одика йойла шун! Марша 1ойла!

Пайдаэцна литература

С.Э.Эдилов «Ловзуш 1ема».,Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика».,Нохчийн мотт 4-г1а класс.

Тест

1.Ц1ердош…..ду

А)дешдакъа,

Б)къамелан  дакъа,

В)предложенин меже.

2.Ц1ердешнийн дожар…..ду

А) 10,

Б)  7,

В)  8.

3.Ц1ердешнийн хаттарш ду

А) х1ун до? х1ун дийр ду?

Б) х1ун? мила?муьлш?

В)муха? муьлха?

Хьехархо Абаева Берлант Ихвановна.

Пайдаэцна литература:

Солтаханов Э.Х.,Солтаханов И.Э.,Эдилов С.Э.1амат «Нохчийн мотт» 4-га класс;

 Эдилов С.Э.»Ловзуш 1ема».; Эдилов «Самукъане грамматика».

Close
Яндекс.Метрика