Урокан ц1е: «Ц1ердешнийн цхьаллин, дукхаллин а терахьаш».
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Бераш, вайна тахана девзар ду ц1ердешнийн цхьаллин а, дукхаллин а терахьаш. Иштта 1емар ду дукхаллин терахьан ц1ердешнийн чаккхенаш билгалъяха а, ц1ердешнаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьашца хийца а. Церан башхаллаш а евзар ю вайна.
Дика тидам а беш д1айоьшур ю вай х1ара байт:
Слайд:
1аж ца беза,
Беза 1ежаш.
Балл ца деза,
Деза баьллаш.
Лам а бац тхан,
Ду тхан лаьмнаш,
1ам а бац тхан,
Хьун а яц тхан,
Ю тхан хьаннаш.
Марха яц тхан,
Ю тхан мархаш.
Ойла ей аш, сиха ала
Терахьмуьлха г1оли ду?
-Х1окху байт т1ера схьаязде цхьатера ц1ердешнаш.
Слайд: ( нийса иштта хир ду)
1аж — 1ежаш,
Бал-баьллаш,
Лам-лаьмнаш,
1ам-1аьмнаш,
хьун-хьаннаш,
марха-мархаш.
-Тидам бича вайна го: х1окху ц1ердешнаша цхьа х1ума а, дуккха х1уманаш а билгалъеш хилар.
Слайд:
-Дагахь латтаде: Цхьаллин терахьо -билгайо цхьа х1ума,
Дукхаллин терахьо –билгалйо масех х1ума.
-Нийса боху и ц1ердешнаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь хийцина ду.
— Д1айоьшу вай шолг1а байт:
Амма цхьаъ бен хила йиш яц,
Дашо, сирла, можа … (малх)
Амма цхьаъ бен хьоме дац,
Горга, ц1ена, вайн дуьне,
Бертахь ду цаьрца вайн ирс,
Машар лара ,церан хьаша,
Дагахь латтаделаш аша.
-Схьаязде цхьа х1ума билгалъен ц1ердешнаш.
Слайд: (нийса жоп)
Малх, дуьне, ирс.
-Уьш цхьаллин терахьехь ц1ердешнаш ду.
-Дукхаллин терахье ца дахало уьш.
Слайд:
Дагахь латтаде: Цхьаллин терахьерчу ц1ердашо цхьа х1ума билгалйо:
Масала: ирс, къолам, аре, дешархо, малх, мостаг1.
-Д1аязде ц1ердешнаш шина б1ог1амалге.
-Цкъа хьалха цхьаллин терахьехь долу ц1ердешнаш;
-шолг1а дукхаллин терахьехь долу ц1ердешнаш:
Слайд:
Ц1а, ц1енош, мозий, ж1онкаш, экха, зингат, белхалой, дийцар, седарчий, бералла, мохк, г1утакх, баьпкаш, лаьмнаш.
-Нийса иштта хир ду:
Слайд:
Цхьаллин терахь Дуккхалин терахь
Ц1а, лаьмнаш
экха, ц1енош,
зингат, мозий,
дийцар, ж1онкаш,
бералла, белхалой,
мохк, седарчий,
г1уттакх баьпкаш
Слайд:
Дуккхалин терахьерчу ц1ердашо шиъ цул сов х1уманаш билгалйо:
къоламаш, дешархой, аренаш, мостаг1ий, г1ожмаш, денош.
— 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:
— Дуккхалин терахье а дохуш д1аязде ц1ердешнаш.
-Чаккхенаш билгалъяха.
Слайд:
Хьехархо — …….
суй — …….
т1оьрмиг — …….
газа — …….
беш — …….
ч1уг — …….
б1аьрг — …….
орам — …….
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Хьехархо — хьехархой
суй — суьйнаш
т1оьрмиг –т1оьрмигаш
газа — гезарий
беш — бошмаш
ч1уг –ч1агарш
б1аьрг –б1аьргаш
орам–орамаш.
-Муха хийцало ц1ердешнаш?
(Ц1ердешнаш терахьашца хийцало).
-Муьлха чаккхенаш ю дукхаллин терахьан ц1ердешнийн?
Слайд:
Ц1ерниг дожарехь долчу дукхаллин терахьан ц1ердешнийн чаккхенаш хуьлу –ш, -аш, -наш, -маш, -ош, -арш, -й, -ий, -рш, -арий, -рчий.
Масала: комарш, хохаш, каранаш, 1аьмнаш, бошмаш, къинош, набарш, нохчий, вежарий, черчий.
Цхьадолчу ц1ердешнаша дукхаллин терахье довлуш шайн кеп хуьйцу.
Масала: стаг – нах.
— 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай:
-Бераш, аса цхьана х1уманан ц1е йоккху, аша иза дукхаллин терахьехь д1аязде:
Г1а-…, книга-…, наьрс-…, гарс-…, стол-…., адам-…,газа-….,стом-….
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Г1а – г1аш,
книга — книгаш,
наьрс – наьрсаш,
гарс – гарсаш,
стол – столаш,
адам – адамаш,
газа – гезарий,
стом – стоьмаш.
-Х1ун ди вай ц1ердешнашна?
Вай ц1ердешнаш терахьашца хийци.
Вайна хии ц1ердешан ши терахь дуй.
Цхьаллин терахьо цхьа х1ума билгалйо.
Дукхаллин терахьо шиъ я цул сов х1ума билгалйо.
Дукхаллин терахьан ц1ердешнийн чаккхенаш хуьлу –ш, -аш, -наш, -маш, -ош, -арш, -й, -ий, -рш, -арий, -рчий.
-Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.
-1одика йойла шу! Марша 1ойла шу!