4 класс. Урок №11 «Предложенийн цхьанатайпанара меженаш»

Нохчийн меттан интернет-урок

11 — гIа урок.

 Предложенийн цхьанатайпанара меженаш.

      -Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Вайн Iилманчаша ма–баххара, нохчийн мотт  шен дешнийн барамца йист йоцуш бу. Боккха бу цуьнан ницкъ а.

-Олуш ду-кх «Синоьздангалла матто гойту». Цундела, вайн декхар ду аьлла, хета суна иза к1орггера 1амо, хаза бийца.

 Слайд:

       Дуьненан хазалла хьуна евзар ю,

       1илмане даимна хьо кхийдаш схьаваг1ахь.

-Кху мог1анаша вайна хьоьху, стага ша дуьненахь йоккху хан муьлхха делахь а 1илма 1амош, шен хаарш совдохуш, яккха езар.

-Д1аяханчу урокехь вай шардинчу хаарехь пайдаэца хьовсур ду вай. Схьакъастор ду вай къамелан дакъа.

Слайд:

Евзар ю – х1ун дийр ду?

-Муьлха къамелан дакъа ду х1ара?

Слайд:

Хандош.

-Муьлха меже хуьлий лела хандош предложенехь?

Слайд:

Сказуеми.

— Евзар ю бохучу хандашо муьлха хан гойту?

Слайд:

Йог1у хан.

-Лохур  вай кхин а цхьана предложенехь вайна девза къамелан дакъош

Слайд:

Заргана Асетана коч, йовлакх ийцира.

-Хандош муьлханиг ду х1окху предложенехь?

Слайд:

Ийцира-хандош

Ийцира хьан? Заргана-ц1ердош.

Ийцира х1ун? коч, йовлакх.

-Х1окху цхьана хаттарна жоп лучу, цхьана дашах дозуш долчу ц1ердешнех х1ун эр дара вай?

Слайд:

Цхьана хаттарна жоп а луш, цхьана дашах дозуш долчу дешнех цхьанатайпанара меженаш олу.

Цхьанатайпанара хила мега предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш.

-Уьш вовшашца муха къасто еза?

Слайд:

Запятойшца.

Слайд:

Нанас  бешахь  х1ора шарахь  д1адоьра ж1онкаш, хорсамаш, хохаш.

-Билгалъяха цхьанатайпанара меженаш.

Слайд:

Нанас  бешахь  х1ора шарахь  д1адоьра  ж1онкаш, хорсамаш, хохаш.

-1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.

Слайд:

Со, Хьава, Хеда школе яхара. Суна нанас тетрадаш, къоламаш ийцира.

-Коьрта а, коьртаза а меженаш билгалъяхий вай.

Слайд:

Со, Хьава, Хеда школе яхара. Х1окху предложенехь со, Хьава, Хеда-цхьанатайпанара меженаш ю. Цара цхьана хаттарна жоп ло, цхьана дашах йозуш ю. Уьш предложенин коьрта меженаш ю (подлежащи).

Уьш билгалйовлу яхара бохучу сказуемина т1ера мила? аьлла  х1оттийначу хаттарца.

Слайд:

Суна нанас тетрадаш, къоламаш, дневник ийцира.   Х1окху предложенехь тетрадаш, къоламаш, дневник-цхьанатайпанара меженаш ю. Цара цхьана хаттарна жоп ло, цхьана дашах йозуш ю. Уьш предложенин коьртаза меженаш ю, предложенехь нийса кхачам бу.

Уьш билгалйовлу ийцира бохучу сказуемина т1ера х1ун? аьлла  х1оттийначу хаттарца.

 -Вай тахана урокехь кхин цкъа а т1еч1аг1би хандашах лаьцна болу хаам а, иштта евзи вайна цхьанатайпанара меженаш, хии предложенехь уьш коьрта а, коьртаза а меженаш хилла лелар.

Цу т1ехь вай вешан рог1ера урок ерзайо.

1одика йойла шун! Марша 1ойла!

Вешан ненан мотт бийца а, цуьнца марзо латто а цу Везачу Аллах1а пурба лойла вайна!

Пайдаэцна  литература: Солтаханов Э.Х, Солтаханов И.Э. ЭдиловС.Э., «Нохчийн мотт — 3 класс» Соьлжа-г1ала   АО «ИПК» «Грозненский  рабочий»-2016ш. «Самукъане грамматика» Соьлжа-г1ала- 2010 шо «Арфа –Пресс»

Close
Яндекс.Метрика