-Дештlаьхьенашна а, царна хьалхарчу дешнашна а буха сизаш хьокхуш дlаязъе.
Слайд:
Стоьла …lуьллу сахьт. Адам хи… велира нека ца хуушшехь. Дитта … бара хьозанан бен. Мархашна… лела кема. Хи…лела водолазаш.
Нийса кеп:
Слайд:
Стоьла тlехь 1уьллу сахьт. Адам хи чувелира нека ца хуушшехь. Дитта тIехь бара хьозанан бен. Мархашна тIехула лела кема. Хи кIелхула лела водолазаш.
-Тидам бича вайна го дештIаьхьенаш цIердешнашца язйина хилар.
-ДештIаьхье къамелан дакъа ду. Иза цIердешнех къаьстина язйо. ДештIаьхьено а, цIердашо а цхьана хаттарна жоп ло.
-Масала: стоьла тIехь дешнийн цхьаьнакхетарехь хаттар хIотто тарло стенна тIехь?
-Хьовсий вай хIун башхалла ю дешхьалхенан, дештIаьхенан юкъахь.
-Дешхьалхе орамна хьалха лаьтташ долу дешан дакъа ду, ткъа дештIаьхье ша дош ду, къамелан дакъа ду и.
-Дешхьалхе хандашах дIакъасто тарло, дешхьалхений, орамний юккъе ца, ма, а диллича.
Слайд:
Масала: хьалакхосса — хьала ма кхосса; тIевахара – тIе ца вхара;
схьаваьлла – схьа а ваьлла.
-ХIокхеран тидам бича, вайна го дешхьалхе хандашца цхьаьна а, къаьстина а язъеш хилар.
Слайд:
Вай Iамийнарг тIечIагIдеш кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:
Схьаязде цкъа хьалха дештIаьхьенаш шайца долу дешнаш;
Юха дешхьалхенаш йолу дешнаш.
Слайд:
Iожан дитта кIел Iаж бужу. Нанас ведар чохь шура еара.
ДIадийнарг тIедалаза дуьсур дац. Ша динарг дIаяздар – тIаьхьенна куьзга ду.
Слайд нийса жоп иштта хир ду:
Дитта кIел, ведар чохь; — кIел, чохь— дештIаьхьенаш ю.
ДIадийнарг, дIаяздар;- дIа, дIа-дешхьалхенаш ю.
Кху тIехь вайн урок чекхйолу.
Iодика йойла шун, марша Iойла.