4 класс. Урок №1 «Дош. Предложени. Текст».

4 класс. Урок №1. «Дош, предложени, текст а. lамийнарг карладаккхар».

-Де дика  хуьлда  шун , хьоме  дешархой!Тахана    вай   юха а цхьаьнакхийти.

-Вайн урокан  цlе  ю « Дош, предложени, текст а. lамийнарг карладаккхар».

-Вай цхьаьнакхоалгlачу  классехь lамийнарг карладоккхур ду. Предложенеш а, текст а къасто lамор ду.

-Хьоме  дешархой, дагадогlий  шуна, дош, предложении, текст стенах  олу? Карладаккхий  вай  кхоалгlачу  классехь  lамийнарг?

-Дагадаийта, дош  стенах  олура  вай? Дешнаш  аьзнех  лаьтта.

— Аьзнаш йозанехь элпашца билгалдо. Дешнаш дакъошка декъало. Предложени  дешнех  лаьтта.

Слайд:

Масала: ол-ха-зар, де-шар, ба-хам, lа-лам,  юьр-та-хо, хье-хар-хо, шов-да.

Хlора  дешдекъехь  мукъа  аз  доллучул  дешдакъа  хуьлу.

Масала:  май-да, хьа-ша, во-та, хел-хар, да-хар,  бlаьс-те.

— Предложени — кхочушхилла яьлла ойла гойтучу дешнех олу. Предложенеш кхаа тайпана хуьлу: дийцаран (.), хаттаран (?), айдаран (!). 

Шена чохь дийцаран маьlна долчу предложених дийцаран  предложении олу, цуьнан  чаккхенга  тlадам  буьллу.

Аьхка  юьртахь  хаза  хуьлу.   

Шена  чохь  хаттар  долчу  предложених  хаттаран  предложени  олу, цуьнан  чаккхенга  хаттаран  хьаьрк  дуьллу.

Хаза  дарий  юьртахь? 

Шена чохь хазахетар, воккхавер долчу предложених айдаран предложении олу, цуьнан чаккхенга айдаран хьаьрк  дуьллу.

lалелай, ма хаза дара юьртахь!

 Текст –иза  маьница   йозаелла  предложенеш  ю.

Ладогlа жимачу дийцаре:

lаьнан мох.

Шийлачу мохо диттийн баххьаш лестадо. lай шийлачу механ хьекхар сих-сиха хуьлу. Бераш шийлачу махана дуьхьал дирзина лаьтташ дара. Со корехула шийлачу махе хьоьжуш лаьттира. Арахь хоькхуш шийла мох бара. Суна тlехь йовха бедарш ю. Цундела со шийлачу махах ца кхоьру. lай хьоькхучу шийлачу махал новкъа хlума ца хуьлу. Шийлачу махаца къийсалуш санна лаьттара акхтаргаш.

— Кху  текстехь  йолчу  предложенийн  вовшашца  уьйр  ю, уьш вовшах  йозаелла  ю.  

   — Хlинца тlедахкарш кхочуш дийр ду вай.

Лахахь далийначу дакъошкахь муьлханаш предложенеш хир ю, муьлханаш дешнаш хир ду.

1. Мангалан хан яра. Вайн республикехь тайп-тайпана стоьмаш кхуьу. Хьаьмцо заза тlаьхьа доккху.

2. Аьхка, мангал, орамат, хьамц, динберг, аптека, бераш, стоьмаш.

Слайд :

Нийса кеп:

Предложенеш

1.Мангалан хан яра. Вайн республикехь тайп-тайпана стоьмаш кхуьу. Хьаьмцо заза тlаьхьа доккху.

Дешнаш

2. Аьхка, мангал, орамат, хьамц,   динберг, аптека, бераш, стоьмаш.

-Хlора могlанерчу дешнех предложенеш хlитто хьовсий вай:

Слайд:

Гуьйре, хаза, тlекхечи.

Доьлхуш, ду, махка, олхазарш, бовхачу.

Дуьйладелла, деша, бераш.

Доьшур, оха, дика.

Хаза, школехь, ду.

Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд:

Тlекхечи хаза гуьйре.

Олхазарш бовхачу махка доьлхуш ду.

Бераш деша дуьйладелла.

Оха дика доьшур ду.

Школехь хаза ду.

— Вай  карладаьккхи   текстах, предложенех, дашах долу хаарш.  тlедахкаршкахь  уьш  билгалдаха  а lеми. 

-Бераш,  ненан  мотт  беза – иза ларбан  лаам  хуьлийла  шун!

lодика  йойла  шун , марша  lолда  шу!

Пайдаэцна  литература: СолтахановЭ.Х,СолтахановИ.Э.,ЭдиловС.Э.«Нохчийн  мотт-4  класс»Соьлжа-Г1ала   АО«ИПК» «Грозненский  рабочий»-2016ш.    Гулар  «Дашо хьоза»1991  ш. Ша1рани  Хасаров.

 Автор:Хасаров  Рамзан Шараниевич  МБОУ      «СОШ №54 имени  Хасана  Кааева»  г.Грозный

Тесты

Нохчийн меттан дош ду

 г1ум

 ахча

 терза

+ доьхка

Close
Яндекс.Метрика