Дуьнен чуьра муьлхха а къам, хIора стаг а санна, Дала шена даха меттиг билгал а йина, шена мотт а, ша-тайпа гIиллакхаш а, духар а, Iер-дахаран кеп а елла ду. Къаьмнех лаьцна иштта аьлла Къуръан чохь: «ХIай адамаш! Боккъал а Оха шу кхоьллина стаг а, зуда а, оха шух къаьмнашший, тайпанашший дина, шу вовшашна довзийта. Шух Далла гергахь сийлахьниг Делах кхоьруш верг ву» («Хьужурат», 13).
Къаьмнаш хиларна кхитайпа маьIнаш дала гIертар Дала аьлларг къобал ца дар санна ду. Оцу аято вайна хьоьху: дац дуьненчохь массарал а лакха хIоттийна къам; дерриш а къаьмнаш цхьатера ду шайн Далла хьалха долчу декхаршца. Амма хIора а къоман (хIора а стеган а санна) аьтту-м бу Дела резаваран новкъа а хIоьттина къахьега, оцу тIехь кхечарал совдала хьажа.
Хила йиш а яц цхьана а къоман, Далла гIуллакх а деш, синцIеналлин лакхене гIертарал сов, кхитайпа Iалашо («идея»); кхин Iалашо ю боху «хьекъалан дай» а, царна тIаьхьахIитта кийча долу къаьмнаш а харц новкъа девлла. И тайпа масалш долуш а ду: цхьа къам ду ша массарал а лакха ду, кхин къаьмнаш шена муьтIахь хила деза бохуш, шайтIано хьекъалх тилийна, и бахьанехь Дала оьгIазалла йина; тIаккха кхин къам гIеттира, ша ду лакхара, шен схьадалар цIена ду массарал а бохуш, — и бахьанехь даккхий зуламаш а, боккха тIом а хилира дуьненчохь…
«Шу вовшийн довзийта, тайп-тайпана кхоьллина Ша…», – бохучу аятан шолгIачу декъо чулоцу дуккха а хIума: иза къоман психологи, синкхетам, мотт, гIиллакхаш, доцца аьлча, и къам кхечарах схьакъастош дерг, цуьнан шатайпаналла ю. И шатайпаналла Дала къаьмнашна делла совгIат а ду, иза яйа гIертар (масала, Дала шена белла мотт бицбар) Далла дезаш гIуллакх а дац. Массо къам Дала шена еллачу шатайпаналлехь диса деза.
Къоман уггаре йоккха билгало а, Дала цунна делла уггаре даккхийчарах совгIат а цуьнан мотт бу. Тахана нохчийн мотт бахьанехь, иза биц ца беш вайн дайша кху дийне схьабар бахьанехь, вайн йиш ю иза талларца вешан къоман генара истори йовза. ХIунда аьлча, муьлхха а мотт и лелочу къоман дахаран маьIна дан а, иза тида а аьтту беш долу хьаьркаш ду. Тахана оцу «хьаьркийн» къайленаш йостуш, вайн Iилманчийн ала йиш ю: нохчийн къам лаьтта тIера дуьххьарлера цивилизацеш кхолларехь дакъалоцуш хилла.
Нохчийн меттан цхьа башхалла ю: хIора аз а маьIне ду вайн маттахь, аьлча а, хIора аз а, дош санна, шен маьIна долуш ду. Масала: а (доца) – цамгар ю, гайтаран цIерметдош а ду (диалектехь); д – цхьа хIума дан (хандош) а, «ду» бохург а ду; г – диттан «меже», хIума ган бохург а ду; ж – уьстагIий; и – гайтаран цIерметдош; тI — хьайбанан хьалхара ког; у – дечигах яьккхина коьчал, йолуш йолу цамгар а ю (диалектехь); иштта дIа кхин а.
Доцца аьлча, массо а аз шен цхьа маьIна долуш ду, царна тIе кхин цхьацца аз кхетча, царах керла маьIнаш, керла дешнаш кхоллало. Гуш ма-хиллара, нохчийн мотт доцачу дешнех лаьтташ бу. Цундела Iилманчийн аьтту бу кхечу маттерчу дешнийн нохчийн маттаца маьIна дан.
Масала, оьрсийн маттера «церковь» боху дош, вайн цхьаболчу Iилманчаша дийцарехь, «цIеран ков» бохург ду (цхьана хенахь — адамаша цIарна гIуллакх дечу хенахь – кхолладелла дош); «солнце» – кхаа дашах кхолладелла: «са + лу + цIе» («свет дарящий огонь»), иштта дIа кхин а. И тайпа маьIна дан тарло дешнаш дуккхаъчу меттанашкахь (царна юккъехь дуьнен чохь даьржинарш а ду – ингалсан, французийн, Iаьрбийн…) карадо. И бахьанехь цхьаболчу меттан Iилма дезархоша вайн маттах дIадевлла кхидолу меттанаш бохуш, цуьнца цхьаьна вайн къам «Дала къастийна» ду, Адам-пайхамара бийцинарг а, Нухь-пайхамара (Делан салам хуьлда царна) бийцинарг а нохчийн мотт хилла бохуш, чIагIдарш даладо. И тайпа хетарш нийса дац, иза Iилманца гучудаккха йиш йоцу дела, я вайна пайде а дац.
Вайн матто кхечу меттанашкарчу цхьадолчу дешнийн маьIна деш хиларан бахьана, хетарехь, иштта ду: цкъа цхьана хенахь цхьа мотт буьйцуш хиллачух тера ду адамаша, тIаккха оцу цхьана меттан буха тIехь кхолладелла дуккха а меттанаш; царах цхьадерш оцу дуьххьарлерчу маттана гена довлуш, кхиъна, хьал долу литература а, Iилма а кхуллуш (масала, ингалсан мотт); ткъа вайн маттахь дуьххьарлерчу маттера дешнаш алсам дисина, хIунда аьлча, лаьмнашна юккъехь къовладелла, гуттар а тIемаш беш, йоза а, литература а кхуллуш мотт кхио аьтту боцуш даьхна дела. Цундела, и гIуллакх бахьанехь вайн маттах массо а мотт дIабаьлла бахар а, я вайн къам кхечарал тIаьхьа дисина бахар а – ший а нийса дац. Нохчийн къомо дуьххьарлерчу маттера дешнаш лардар – иза долуш дерг ду, вайн меттан шатайпаналла ю иза.
Ткъа «Дала къастийна» бохург нийса цахилар гуш ду, вай лакхахь далийна аят дешча а. Кхуллушехь «Дала къастийна» къам дац, амма Далла Iамал ярца, нисдаларца, Делах кхерар совдаккхарца Дела резаван гIерташ, шен синкхетамца, синцIеналлица лакхадала йиш-м ю хIора а къоман а, хIора а стеган а.
Пайхамарша бийцинарг нохчийн мотт бу бохург а нийса дац. ХIунда аьлча, цу хьокъехь аьлла цхьа а хIума дац Сийлахьчу Къуръан чохь. И ца хилча, пайхамарех, цара лелийначух хетарехь а, шеконе а хIумнаш дийца мегар дац.
ХIокху дуьненахь Далла гIуллакх деш ша къахьегна даьккхинарг ду хIора стеган а, хIора къоман а. Цундела доцург дуьйцуш, эрна хан ца йойуш, Дела резаван гIорта хьажа веза хIора стаг а, хIора къам а. БIаьрнегIар тухучу юкъана чекхдолучу хIокху дуьненахь Iехавелла, гуттаренна а хиндолчу дахарна кечам ца беш, Дала бохург ца деш вехарг хьекъалх тилларг ву, нагахь и къам делахь – иза а иштта ду.
Вайн дайшна хууш хиллачух тера ду хIокху дуьненан мах; хIокху тIаьхьало йоцчу дуьненчохь, цкъа а шаьш лийр боцуш санна, гIишлош еш (масала, Мисаран паччахьаша ПирIунаша йина пирамидаш…), нехан латтанаш схьалеца гIерташ, дуьненан хIума гулдеш къа ца хьегна цара. Цара къахьегна шайн юкъаметтигаш нисъеш, вовшашна юккъера марзонаш алсамйохуш, оьздангаллица, комаьршаллица вовшел тола гIерташ, адаман сий-ларам беш, цхьаъ цхьаннал лакха ца хIиттош, хIора стеган коьртамукъалла, маршо ларъеш, и дIаяккха шайна тIегIертачу мостагIех леташ шайн цIий Iенош, дахарал а деза сий хеташ, мел йоккха хала киртиг тIехIоттарх боьхна, баьржина дуьненчухула дIа ца боьлхуш, хIокху лаьтта тIехь хьанал къахьоьгуш, ийманан буха тIехь ярташ йохкуш, маьждигаш дIахIиттош, жамIаташ вовшахтухуш… — Далла дукхадезна гIуллакхаш алсамдохуш.
Уьш ца гIиртина шайн карара дер долу дуьне карадерзо (и дан йиш йоцийла хууш); цкъа а сацар доцуш, хаддаза дIайоьдучу заманан мах а бевзина, диканиг дан, оьздангаллин гурашкахь а буьсуш, дуьненан ниIматаш схьаэца кхиа гIиртина уьш, хIунда аьлча, заманан болар лагIдан йиш яц.
Зама – и кхо де ду боху:
Селхана, тахана, кхана.
Селхана даьлла дIадахна, —
Дерзалур дац иза юха.
Тахана хьан карахь дерг ду.
Ткъа кхана хаац, хьо хир вуй.
Цундела оцу йоцачу хенахь («тахана») оьзданиг, диканиг, вовшийн сий дийриг, дог оьцург дан кхиа гIортар – и бу вайн дайн некъ; тахана цу некъа тIера дIадовлахь, вай бакъдолу нохчий доцуш, кхин адамаш хир ду.
Кхечу къомах волчу цхьана стага аьлла боху: нохчийн шайн диканиг тIевоккхуш гу а бац, вониг чукхуссуш ор а дац. ХIокху жайни тIехь вай кхоччуш гайтина аьлла хета и бакъ цахилар. Хилла нохчийн къомана юккъехь къастам: сийлаллин Гу а хилла, кхардаман Ор а хилла. Гу – иза халкъо оьздачу стагана туьллу сийлахь цIе, цунна наха олу баркалла. Ор – иза наха зуламечу, харц стагана олу наьIалт, цуьнан дIайоьду вуон цIе, цунах болу кхардам.
Гуш ма-хиллара, и «гу» а, и «ор» а кхечу къаьмнийн санна (гу – орденаш, совгIаташ, ахчанаш; ор – набахти, дегIана ден таIзар) доцуш, синъоьздангаллин кхетамаш хилла нохчашна. И вайн къоман башхалла хилла, амма тахана вай гена девлла оцу синкхетаман тIегIанера. Аьлча а, вай юхадевлла оцу лакхенера.
Цундела вайна тIехь ду нисдала гIортар, синцIеналлин новкъа хIиттар. И дархьама хIорамма къахьега деза, ша-шах и дIанислур ду моьттург галваьлла. ХIунда аьлча, Дала шен сийлахьчу Къуръан чохь боху: «Бакъ а долуш, АллахIа ца хуьйцу нахера (халкъера) хьал, цара шайн догIмашкахь долу хьал хийццалц» («Ар-РоIд», 11).
Синкхетаман, гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь лаьтташ ша-тайпа пачхьалкхалла а хилла вайн дайн. Оцу тайпанчу пачхьалкхалле кхача гIерташ ду дуьненан «кхиъна» къаьмнаш – таIзар даран структураш ца оьшуш, юкъаралло ша бакъонан терза нийса латточу дахар-Iеран кепе кхача гIерташ.
Вайна хетарг иштта ду, ткъа бакъдерг хууш верг цхьа Дела ву (хастам бу-кха Цунна).
Тхо тешна ду вайн тIекхуьучу тIаьхьенна шайн дайн оьзда гIиллакхаш довза а, диц ца дан а, ийманехь, хьанала даха а хIокху жайно мелла а гIо дийриг хиларх.
Ас Деле доьху: хIара жайна ас Хьайн дуьхьа хьегна къа а ларалахь, бусалба нахана пайде а хилийталахь.
Нагахь соьгара, ца хууш, цхьа гIалат даьллехь, сайна гечдар а доьху ас Сийлахьчу АллахIе.
Везчу Далла хастам барца дерза а до ас – АЛХЬАМДУЛИЛЛАХI!

Close
Яндекс.Метрика