Урок 4. Чолхе-цхьанакхетта предложени,цуьнгахь хуттургаш а,сацаран хьаьркаш а.

Нохчийн мотт ширачу меттанех цхьаъ бу.
 Адамийн дахарехь йоккха меттиг д1алоцу цо.
Шен дагахь дерг,шен ойла маттаца йовзуьйту х1ора стага.
Ткъа шуна х1оранне а луур дара аьлла хета суна шайн ненан меттан к1оргенаш йовза а,и говза бийца 1ама а.
 Цу 1алашоне кхача хьовсур ду -кх вай .
Таханлерачу урокехь вай дуьйцур ду  чолхе- цхьаьнакхеттачу предложенех, цуьнгахь сацаран хьаьркех а,хуттургех а.
 Карладоккхур ду вай,муьлхачух олу чолхе предложени:
Шина, я масех  цхьалхечу предложенех лаьттачух чолхе предложени олу.
Чолхе предложенеш кхаа тобане екъало:
1.чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш;
2.чолхе-карара предложенеш;
3.хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.
-Цхьабосса бакъо йолуш цхьанакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложених  чолхе- цхьанакхетта предложени олу.
-Чолхе-цхьанакхеттачу  предложенешкахь цхьаьнакхетаран хуттургаш хуьлу. Уьш еа кепара ю:
1.Дозаран хуттург  а: Йовха  аьхке чекх а  елира,йочане гуьйре т1е а кхечира.
2.Къасторан хуттург я: Я хьо со волчу вог1у,я со беш ахка воьду.
3.Дуьхьалара  хуттургаш : амма,ткъа,делахь а,бакъду,цхьабакъду,х1етте а:
Малх кхийтира,амма х1инца а шийла яра арахь.
Со аравелира,ткъа иза суна т1аьхьа ца велира.
4.Довзийтаран хуттургаш:   аьлча а, вуьшта аьлча а. 
К1анта лаьцна ча ялийра,аьлча а шо кхаьчна чен к1орни.
-Дуьхьалара а, довзийтаран а хутургашна хьалха ц1оьмалг юьллу.
 -Иштта чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенехь йолу цхьалхе предложенеш вовшахкъастайо ц1оьмалгашца.
— Кхин цкъа а тидам беш хьовсур ду вай далийначу масалшка.
-Хаарш т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдан хьовсур ду  вай.
-Х1окху предложенешкахь оьшучу сацаран хьаьркаш а, хуттургаш а яхка.
Къонахий дукха ца беха уьш ца хедаш беха.
Нахаца г1иллакхе и  вацахь хаалахь и къонах воций.
Д1ора къоьжа лаьмнаш санна къена дагца къона хьоме мохк.
Лам т1е волуш тийсира цо цергаш куьйгашца къевлинера лергаш.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь,гергарчу хьесапехь иштта хир ду жоп:
Къонахий дукха ца беха,амма  уьш ца хедаш беха.
Делахь а нахаца г1иллакхе и  вацахь, хаалахь и къонах воций.
Д1ора къоьжа лаьмнаш санна ,къена,амма  дагца къона хьоме мохк.
Лам т1е волуш тийсира цо цергаш, ткъа  куьйгашца къевлинерв лергаш.
— Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай.
-Язйинчу предложенешкахь хуттургаш билгалъяха,къастаде церан тайпанаш:
1.Наггахь генахь я пондар хеза,я ж1аьла лета.
2.Хьайна оьшург 1алашде,амма  сутара ма хила.
3.Аьлларг дети делахь а, цааьлларг деши ду.
4.Бакъду,соьга а шеца вола бохуш вара иза, амма сан йиш ма  яц  волавелла лела.
-Нийса жоп иштта хир ду:
1-чу  предложенехь къасторан хуттург я
2-чуй, 4-чуй  предложенешкахь дуьхьалара хуттургаш амма,бакъду.
3-чу предложенехь дозаран хуттург а.
Тахана вай дийци чолхе-цхьанакхеттачу предложенех  лаьцна.
Карлаехи чолхе-цхьанакхеттачу предложенешкахь лела хуттургаш а, цаьргахь сацаран хьаьркаш а.
Вай 1амийнарг  т1еч1аг1деш,   ц1ахь   масех чолхе-цхьанакхетта  предложени ялае .
 Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шун, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика