Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду предложенин цхьанатайпанарчу меженех лаьцна.
Цкъа хьалха 1амийнарг карладаккха хьовсур ду вай.
-Кхочуш хилла яьлла ойла гойтучу декъах предложени олу.
Предложенеш, д1ааларан эшаре хьаьжжина, дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран хуьлу. Масала:
Цхьана дийнахь дас шен к1антана хьехар дира. (х1ара предложени дийцаран ю)
Говр мичахь ю хьан? (предложени хаттаран ю)
Мел хаза ду тахана де! (х1ара предложени айдаран ю)
Чоь ма шелъе, д1ач1аг1а не1. (т1едожоран предложени)
-Х1инца вай дуьйцур ду предложенин цхьанатайпанарчу меженех а, церан нийсаязъярх а лаьцна.
Цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а, йолчу предложенин меженех цхьанатайпанара меженаш олу.
Масала:
Ц1оькъалом хуьлуш долу меттигаш: ламанан даккъаш, 1аннаш, аьрцнаш, т1улгийн бердаш. Чанах лаьцна дукха ду дийца — туьйранаш а, кицанаш а.
1-чу предложенехь цхьанатайпанара меженаш: ламанан даккъаш, аьрцнаш, т1улгийн бердаш.
2-чу предложенехь цхьанатайпанара меженаш: туьйранаш, кицанаш.
Цара х1ун? бохучу хаттарна жоп ло.
Нохчийн маттахь предложенин цхьанатайпанара меженаш хуттургаш йолуш а, йоцуш а, хуттурган суффиксашца а хила тарло.
Масала: Бахархоша базара йохка кхоьхьура нехчий, къалддий, даьттий.(-ий-суффиксаш)
Бахархоша базара йохка кхоьхьура нехча а, къалд а, даьтта а.
Цхьанатайпанара меженаш хила тарло яьржина а (шайца дозуш долу дешнаш долуш), яржаза а.
Масала: Сан ойланаш, сан ц1е, сан белхаш Нохчийчоьнна лерина аса.
Уьш дара андий, лекха, майра, самукъане адамаш.
-Предложенин цхьанатайпанарчу меженашна юккъе ц1оьмалг (запятая) юьллу.
-1амийнарг т1еч1аг1деш толлур ю вай предложенеш.
—Цхьанатайпанара меженаш билгалъяха хьовса, оьшучохь ц1оьмалгаш яхка.
Дика йо1 дика к1ант мехкан дозалла ду.
Нанас йо1ана ийцира къоламаш а книгаш а.
Бацалахь хаза гора ц1ен а сийна а можа а зезагаш.
Шайн совг1атех бакхийбен Мохьмаддий Асхьаббий 1усманний адам к1езиг лела некъ къастийна, 1аьлбигца рег1а хьала волавелира.
-Т1едиллар нийса иштта хир ду.
Дика йо1, дика к1ант мехкан дозалла ду. (кху предложенехь дика йо1, дика к1ант цхьанатайпанара меженаш ю, цара муха? бохучу хаттарна жоп ло)
Нанас йо1ана ийцира къоламаш а, книгаш а. ( кху предложенехь къоламаш, книгаш цхьанатайпанара меженаш ю, цара х1ун? бохучу хаттарна жоп ло).
Шайн совг1атех бакхийбен Мохьмаддий, Асхьаббий, 1усманний адам к1езиг лела некъ къастийна, 1аьлбигца рег1а хьала буьйлабелира.
Тахана вайна евзи цхьанатайпанара меженаш а, цаьргахь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шун, марша 1ойла.