Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Де дика хуьлда шун.
Вайн урокан тема ю: «Доккха элп яздаран бакъонаш а, дош сехьадаккхар а». Оьрсийн маттахь: « Правописание заглавной буквы и перенос слова».
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду, маца дуьллу предложенехь доккха элп а, иштта дош сехьадаккхаран бакъонаш а.Уьш вай х1инца шуна йовзуьйтар ю.
Доккхачу элпаца язйо:
Долахь ц1ерш: Тоита,Хьава, Хеда, Алма-Ата, Гуьмса,Терк, Орга, Казбек;
Бехкаман ц1ерш: газетийн, журналийн, книгийн, произведенийн, заводийн ц1ерш: газета «Даймохк», роман «Еха буьйсанаш», журнал «Стела1ад»;
Предложенехь хьалхара дош: Марха хаза ловзура.
Орденийн ц1ерш доккхачу элпаца язйо, ткъа цу ц1ершкахь хуьлуш долу орден, дарж дош жимачу элпаца яздо: Ц1ечу Седанан орден, «Сий» ц1е йолу орден.
Пачхьалкхийн правительственни хьукматийн (учрежденийн) ц1ерш. Масала:
Нохчийн Республикан Дешаран министерство;
Сийлахь –доккхачу исторически г1уллакхан ц1еран хьалхара ши дош доккхачу элпаца яздо. Масала: Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом.
Хеда, ялта, 1усман, школа, йо1, седа, хи, дада, Пет1амат, г1ала, нана, Зарган.
долахь ц1ерш юкъара ц1ерш
Хеда ялта
1усман школа
Пет1амат йо1
Зарган седа
хи
дада
нана
-Дош сехьадаккхаран бакъонаш йовзуьйтур вай шуна:
Дош сехьадоккху дешдакъош доха ца деш.
Масала: ол-ха-зар, мел-ла-ша, сел-ха-на.
-Дош сехьадоккхуш, цхьа элп мог1анехь дита а, керлачу мог1ане сехьадаккха а мегар дац. Масала:
Я-ха (декъа мегар дац), оь-па (декъа мегар дац), ю-ург(декъа мегар дац).
-дош сехьадоккхуш, цхьана дешдекъах лаьтта дош декъа мегар дац. Масала: кор, не1,дог, лом, лор, кад, куьг.
-дош сехьадоккхуш шала мукъаза элпаш декъа мега, масала: к1ез-зиг, жим-ма, ед-да, мак-кхал.
-ц1ей, ден ц1ей билгалъен элпаш хьалхарчу мог1анехь а дуьтуш, фамилии керлачу мог1ане сехьаяккха ца мега, масала: М.А.Мамакаев, Ш.А.Арсанукаев, М.А. Сулаев.
-шалха элпаш а, дифтонгаш а, дош сехьадоккхуш екъа мегар дац, масала: Мохь-мад, Ахь-мад, дий-нахь, тиэр-са, виэ-за, ц1ий-за, ц1оц-къам.
-дош сехьадоккхуш й,ь,ъ шайна хьалхарчу элпех, шен дешдекъах къасто мегар дац, масала: г1ай-ре, гуьй-ре.
Дашехь мукъаза элпаш юх-юххехь нислахь, сехьадаккхар парг1ат хуьлу. Масала: мер-за, доьх-ка.
Цхьана дешдекъах лаьтта дешхьалхе дош сехьадоккхуш екъа мегар дац, масала: чу-во-ла, д1а-эца, т1е-кхай-кха.
Чолхе-дацдина дешнаш сехьадохуш, церан шайн –шайн орамийн дакъош ца дохош, декъа деза уьш. Масала: зав-хоз, сбер-банк,сов-хоз.
-Х1окху предложенешкахь доккхачу элпаца яздинчу дешнийн тидам а беш, д1аязйийр ю вай уьш
Зарганий, Сахабатий, Яхассий кест-кеста доьшу «Даймохк»,«Хьехархо», ц1ерш йолу газеташ а, «Стела1ад», «Орга» «Нана» «Вайнах» журналаш а.
Хадижата йийшира «Зеламха» а, «Маца девза доттаг1алла» а ц1ерш йолу романаш.
-Далийнчу кицанашкара дешнаш сехьадахаран бакъонаш а ларъеш, дешдакъошка декъа хьовсур ду вай:
Массарна а ца дуьйцу гина г1ан.
Хазачу маттаца коч тегалац.
Дешарх иддарг дохковаьлла.
Нахаца дика хилар а ю корматалла.
Мас-сар-на а ца дуьй-цу ги-на г1ан.
Ха-за-чу мат-та-ца коч те-га-лац.
Де-шарх ид-дарг дох-ко-ваьл-ла.
На-ха-ца ди-ка хи-лар а ю кор-ма-тал-ла.
-Ц1ахь: Д1аязъе х1ара байт, билгалдаха даккхийчу элпашца яздина дешнаш. Дош сехьадаккха мегачу кепара дешдакъошна юккъе сиз а хьокхуш . Долахь ц1ерш юкъахь а йолуш, 3 предложени х1оттае.
Мерза бу,моз санна, ша безачунна,
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга,
Услара даггара хестийна и.
-Тахана вай дийцира доккха элп яздаран бакъонех а, иштта дош сехьадаккхаран бакъонех а лаьцна.
— Кху т1ехь вай урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.