Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
— Вай урокан тема ю:
«Доца шеконан мукъа аьзнаш:- а, -у, -и»
Вайн мотт аьзнех лаьтташ бу.
Аьзнаш 1амочу 1илманах фонетика олу.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду, нохчийн маттахь доца шеконан мукъа аьзнаш: -а, -у, -и хилар а, 1емар ду царех пайдаэца а.
Хандош а, цунах схьадаьлла дош а доцчу кхечу дешнашкахь-а,-у,-и-шеконца хезаш хилахь,-а -яздо. Масала:
олхазар,эскар,урам,орам,
тускар, ч1урам, хьормат, хорбаз.
Хандош хилахь, карарчу хенахь –у, яханчу хенахь –и яздо. Масала:
ц1ийнан ога – т1улг огу – т1улгаш эгира;
шийла хьоста (шовда) – бер хьосту, бераш хьаьстира;
зезагийн хьожа – зезагашка хьожу-зезагашка хьаьжира.
-Юкъарадериг – вайн матте т1еэцна ши дош: лозунг, тужурка.
Дифтонг йолчу ц1ердешнашкахь г-ний, к-нийхьалха а, дифтонг йоцчу ц1ердешнашкахь г-ний, к-ний хьалха –и— яздо. Масала:
зезаг — зиэзаг,
пелаг — пиэлаг,
хьаьрмик, хаьштиг, т1оьрмиг.
-Лаамечу билгалдешнийн а, рог1аллин терахьдешнийн а, доладерзоран ц1ерметдешнийн а чаккхенгахь долчу-г-на хьалха –и-яздо.
Масала:
диканиг, воккханиг, жиманиг,
шолг1аниг, ворх1алг1аниг, сайниг, вайниг.
-Хандешах схьадевллачу дешнашкахь доца шеконан мукъанаш яздар хандешан ораман а, лардан а кеп ларъеш хила деза. Масала:
оху+на-охуна, тоьгу+на-тоьгуна, хутту+рг-хуттург,
йочу+на-йочуна, могуш+алла-могушалла.
-Юкъардериг: диллана(саццаза, даима).
-1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай.
— Д1аязъе, доца шеконан мукъанаш сиз хьокхуш, билгал а дохуш, т1адамийн метта дог1у элпаш а дохкуш.
1усамас, чехка шен г1овтал т1е а юьйх..на,1уьйран ламаз а дина,ша ара а ваьлла, шайн ханнийн божалара шен 1аьржа лекха дин ара а оз..йна, цунна гатанан т1оьрм..га чохь х1оъ а оьлл..на, нуьйр тилл..ра.
Бикату, шен 1усамех б1аьрг кхетча, Арсанакъинаца хаз..йта, меллаша йистх..лира.
И олх..з..р ца декаш ши к1ира далале а, даьлча а цу стага дехха дехнера цуьнга, декахьара, бохуш.
-Нийса т1едиллар иштта хир ду:
1усамас, чехка шен г1овтал т1е а юьйхина, 1уьйран ламаз а дина,ша ара а ваьлла, шайн ханнийн божалара шен 1аьржа лекха дин ара а озийна, цунна гатанан т1оьрмиган чохь х1оъ а оьллина, нуьйр тиллира.
Бикату, шен 1усамех б1аьрг кхетча, Арсанакъина ца хазийта, меллаша йистхилира.
И олхазар ца декаш ши к1ира далале а, даьлча а цу стага дехха дехнера цуьнга, декахьара, бохуш.
-Тахана вайна девзи доца шеконан мукъа аьзнаш а, иштта церан тайп- тайпана къамелан дакъошца яздаран бакъонаш а евзи .
-Кху т1ехь вайн урок ерзор ю.
-1одика йойла шун, марша 1ойла.