Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Вайн 1илманчаша ма–баххара, нохчийн мотт шен дешнийн барамца йист йоцуш бу. Боккха бу цуьнан ницкъ а.
Цундела, вайн декхар ду аьлла, хета суна, иза к1орггера 1амо, хаза бийца. Цуьнца доьзна д1адоьшур ду вай х1ара мог1анаш
Дуьненан хазалла йовза лаам белахь,
1илмане даимна а кхийдалахь.
Кху мог1анаша вайна хьоьху, стага ша дуьненахь йоккху хан муьлхха делахь а 1илма 1амош, шен хаарш совдохуш, яккха езар.
Тахана, хьоме дешархой, вай шуьца юьйцур ю цхьалхечу предложенин кепаш.
Цхьалхечу предложенин кепаш х1орш ю:
Юьхьан
Билгала-юьхьан
Билгалза-юьхьан
Юкъара-юьхьан
Юьхьза
Ц1еран
Юьззина
Юьззина йоцу.
1. Шена чохь подлежащи а, сказуеми а долчу предложених юьхьан предложени олу.
Къонахчо шен дош лардо.
лардо — сказуеми
къонахчо — подлежащи.
2. Шена чохь подлежащи доцуш, сказуемино формица а, маь1ница а иза билгалдечу предложених билгала-юьхьан предложени олу.
Дийцахьа, муха дара цигахь.
Дийцахьа — сказуеми (дуста: дийца ахь )
Цу предложенехь дийцахьа бохучу сказуемино билгалдо подлежащи (ахь).
3. Шена чохь подлежащи доцуш а, юьхь билгал ца еш а йолчу предложених билгалза-юьхьан предложени олу.
Гурахь ялта чудерзадо.
чудерзадо-сказуеми.
Цу предложенехь г1уллакх кхочушдийриг маь1ница хаа йиш ю.
4. Шена чохь подлежащи доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених юкъара-юьхьан предложени олу.
Барзана бага п1елг ца буьллу. (цхьаммо)
ца буьллу — сказуеми.
Коьртачу декъана юкъара-юьхьан предложени кицанах хуьлу.
5. Подлежащи а доцуш, хила оьшуш а йоцчу предложених юьхьза предложени олу.
Бешахь тийна дара.
тийна дара — ц1еран х1оттаман сказуеми.
арахь ц1еххьана т1еян йолаелира.
т1еян йолаелира — хандешан х1оттаман сказуеми.
Коьртачу декъана юьхьза предложени ц1еран я хандешан х1оттаман сказуеми юкъадог1уш хуьлу.
6. Подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцчу предложених ц1еран предложени олу.
Тийна суьйре.
суьйре — подлежащи.
7.- Ткъа иштта предложенеш кхин а юьззина, юьззина йоцу хила тарло.
Дешнаш ца эшош, аьллачу предложенех юьззина предложении олу, ткъа дешнаш эшош аьллачу предложених юьззина йицу предложении олу. Иза вовшашца дечу къамелехь (диалогехь) нисло, иза хуьлу хаттарна лучу жоьпах.
Нанас Заргане хаьттира:
Хьо соьца школе йог1ий? (юьззина предложени ю)
Йог1у. (юьззина йоцу предложени ю).
Юста: Со хоьца школе йог1у.
Х1инца вайн хаарш зерхьама, иштта т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Вайн г1арабевллачу яздархойн, поэтийн байташ юкъара мог1анаш доьшуш, предложенийн тайпанаш къастор ду вай.
Нийсархойн безаман
Сий-пусар делахь.
Доттаг1ий боцург а
Цхьалха ву хьуна!
Доьзалан да хилча,
Берийн хам белахь.
Цхьа зама йог1ур ю
Уьш оьшуш хьуна!
(Мамакаев 1аьрби)
Хьалхарчуй, кхоалг1ачуй преложенешкахь подлежащи дац, сказуемино шен формица юьхь билгалйо. Уьш билгала-юьхьан преложенеш ю.
1аьржа буьйса! Буьрса буьйса!
Дарцо левси кхийсайо.
Дино лергаш дуьхьалтуьйсу…
Халчу новкъа вог1у со.
(Сулейманов Ахьмад).
Хьалхарчу шина предложенехь подлежащи бен, кхин коьрта меже яц. Уьш ц1еран предложенеш ю.
Эццехь д1ахьаьжначохь некъан йист кхолуш,
Чурт гира… цхьанна-м х1оттийна лоруш.
Чурт гира… цунна т1ехь, теллича меллаша,
Шен ц1е а йийшира, малх хиларх шеллуш.
(Гацаев Саь1ид).
Х1окху предложенешкахь подлежащи дац, юьхь билгал ца йина. Уьш билгалза-юьхьан предложенеш ю.
Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай , кегаделла д1асадаьржина кицанаш а, аларш а схьагулдеш, т1аккха цу предложенийн тайпанаш билгалдохур ду.
Корта, хьекъал, ца хила, когаш, къахьега.
Дика, пхьид, шен,1ам, хестабан.
Нах, дин, хатт, восса.
Къолам, яздинарг, диг, хадалур дац.
1.Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу. (юьхьан)
2.Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо. (юьхьан ).
3.Нехан динара хотталахь вуссу. (милла а – юкъара-юьхьан).
4.Къоламца яздинарг дагарца хадалур дац. (цхьаьнгга а – юкъара-юьхьан).
Цу кеппара, тахана урокехь вай кхин цкъа а т1еч1аг1ди предложени ойла йийцаран а, гайтаран а г1ирс хилар. Цуьнца цхьаьнадог1уш ду интонационни чекхдалар а, маь1нин а, грамматически а вовшахкхетар а.
Ткъа оцу дерригено а кхин цкъа а гойту вайн мотт хьалдолуш хилар.
Кхузахь дало дог1у сийлахь-воккхачу яздархочун Арсанукаев Шайхин байта т1ера мог1анаш.
Ладог1а цкъа соьга, хьекъале корта,
Ладог1а яккхий д1а лергара потт.
Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шорта,
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт!
Экспресс — тест нохчийн меттан урокан:
1. Схьакарае предложени, шена чохь х1оттаман подлежащи долу.
А) Юург- дег1ан кхача, наб-син кхача.
Б) Фонетика къамелан аьзнийн 1илма ду.
В) Хьехархо хилар атта г1уллакх дац.
Г) Х1етте а дог дог1уш хьаьвсира берриш а.
2. Схьакарае шена чохь хандешан цхьалхе сказеми долу предложени.
А) Цхьаболчарна х1ара г1уллакх тамашена хетта.
Б) Музей баханарш сихха схьакхечира.
В) Адам шега деана кехат сихха деша х1утту.
Г) Х1ума хаар – нахе ладог1ар.
3. Шена чохь логически подлежащи долу предложени билгаъяккха.
А) Хи гуттара а цхьана хорша ца лела.
Б) Денлуш долчу 1аламо дог-ойла г1аттайора берийн.
В) Генарчу вешел гергара лулахо тоьлу.
Г) Массо а резахилла Лоьмо бохучунна.
4. Схьакарае хандешан х1оттаман сказуеми долу предложени.
А) И яра Даймехкан б1аьстенан 1уьйре.
Б) Гинарг хезначул ч1ог1а ду.
В) Байн хьоькхучу мохо г1ийла лестадора г1аш.
Г) Бено книжка еша волавелира.
5. Къастае ц1еран х1оттаман сказуемица йолу предложени.
А) Аьхка хьалххе сахуьлу.
Б) 1уьйранна дашо малх схьакхийтира.
В) Ма самукъане ду-кх дуьненахь ваха.
Г) Иза-м вуно атта къастор ду.
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У «Нохчийн мотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала ГУП «Книжни издательство» 2007
2. З.Д.Джамалханов « Нохчийн мотт » II дакъа Синтаксис Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство 1985
3. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо
4. Эдилов С. Э. «Самукъане грамматика» 5-11кл Соьлжа-г1ала 2012 шо.
5. Эдилов С. Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа- Пресс» 2011 шо.
Кечйинарг: МБОУ «Гимназия №4
нохчийн меттан, литературин хьехархо
Хумакиева Зара Хасмагомедовна