Урок №1 Коьрта меженеш

Де дика  хуьлда  шун,  хьоме  дешархой!
Беркате  хуьлда  вайн  таханлера  цхьаьнакхетар.
Вайна  ма-хаъара,  мотт ойланан дег1 ду, х1унда аьлча вай вешан ойла хезаш д1ааьлча  я ойланца д1аязйича, мотт, меттан дешнаш, вайн ойла билгалъеш, гойтуш, цуьнан дег1 хуьлий, д1ах1утту.
Ткъа иза куьцехь хилийтархьама, вешан ненан мотт 1амо а, цуьнан сий дан а декхарийлахь ду вай массо а. Цуьнца доьзна д1ахьур ю вай рог1ера урок.
Тахана вай карладохуш т1еч1аг1дийр ду предложенин коьрта меженех долу хаарш.
1. Даржах куралла ма е, ткъа хьекъалах дозалла де.
2. Хьал-бахамал деза ду 1илма.
3. 1иллинчу т1улга к1ел хи ца кхаьчна.
Х1окху кицанашкара грамматически лардаш схьалохур ю вай, церан тайпанаш а къастош.
1-чу предложенехь сказуеми шиъ ду.
куралла ма е, дозалла де
ц1еран х1оттаман сказуеми, подлежащи кхузахь дац.
2-чу предложенехь сказуеми-деза ду (ц1еран х1оттаман сказуеми);
1илма -(грамматически  подлежащи ду)
З-чу предложенехь сказуеми-ца кхаьчна (хандешан цхьалхе сказуеми);
хи -(грамматически подлежащи).
Сказуемин муьлха тайпа дацара кхузахь? Хьовсур ду вай  х1окху предложенехь долчу сказуемига.
Сайн къоман кхане ирсе ган лаьа суна.
ган лаьа-  иза хандешан х1оттаман сказуеми ду.
Цу кеппара, вай кхин цкъа а т1еч1аг1ди сказуеми хандешан цхьалхе а, ц1еран х1оттаман а, хандешан х1оттаман  хилар.
Кхин д1а вай карладоккхур  ду муьлхачу дешнех олу предложенехь подлежащи.
Х1ора предложенера подлежащи схьа а яздеш, билгалдоккхур ду, иза муьлхачу къамелан декъах кхолладелла.
1. Малхо серладаьккхина дуьне.
Малхо — ц1ердош.
2. Вай вешан ц1ахь ду.
Вай — ц1ерметдош.
3. Цу тобанах цхьаъ д1акъаьстира.
Цхьаъ — терахьдош
4. Воккханиг берашна хьехар деш вара.
Воккханиг — (лааме билгалдош.)
5. Чувеънарг оьг1азе вара.
Чувеънарг— (лааме причасти.)
6. Даа-мала шортта дара х1усамехь.
Даа-мала — хандешан билгалза кеп.
7. Ура геннахь а хезаш дара.
Ура — айдардош (ц1ердешан маь1нехь и хилахь.)
8. Дешар-серло, цадешар-бода.
Дешар, цадешар — масдарш.
9. Эхь-бехк лардар  оьздангалла ю.
Эхь-бехк лардар — подлежащи, цхьана мехаллица, цхьа маь1на а долуш, цхьаьнакхеттачу дешнех а хуьлу подлежащи. Цунах х1оттаман подлежащи олу.
Х1инца, дийцинчун жам1 деш, шун хаарш толлуш, иштта болх бийр бу вай.
Х1окху предложенешкара коьрта меженаш билгалйохуш, къасто хьовса сказуемин тайпа а, подлежащи муьлхачу къамелан декъах кхолладелла а.
1. Х1усаман 1одика а йина, тхо новкъадевлира.
2. Гурахь суьйренаш шийла хуьлу.
3. Т1ехволучо сихха кехат схьакховдийра.
4. Сан йишина г1алахь деша лаьара.
5. Тхо хьовсур ду аш доьг1начу синтаршка.
Т1едиллар аш нийса кхочушдинехь жоп иштта хир ду:
1. Х1усаман 1одика а йина, тхо новкъадевлира.
Новкьадевлира — хандешан цхьалхе сказуеми.
Тхо — грамматически подлежащи (ц1ерметдош.)
2. Гурахь суьйренаш шийла хуьлу.
Шийла хуьлу — ц1еран х1оттаман сказуеми.
Суьйренаш — грамматически подлежащи  (ц1ердош).
3. Т1ехволучо сихха кехат схьакховдийра.
Схьакховдийра — хандешан цхьалхе сказуеми.
Т1ехволучо — логически подлежащи (лааме причасти).
4. Сан йишина г1алахь деша лаьара.
Деша лаьара — хандешан х1оттаман сказуеми.
Йишина — логически подлежащи.
5. Тхо хьовсур ду аш доьг1начу синтаршка.
Хьовсур ду — хандешан цхьалхе сказуеми (хандешан йог1у хан).
Тхо — грамматически подлежащи (ц1ерметдош).
Кхин цхьаъ т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай. Кху т1едахкаршкахь кийча жоьпаш дац, уьш т1еяздан деза.
1. Предложенехь шех лаьцна дуьйцу коьрта меже________________(подлежащи).
2 .Подлежащих лаьцна а дуьйцуш,  цуьнан дар я хилар гойту коьрта меже______________(сказуеми).
3. Ц1еран декъах а, г1оьнан хандешан хоттамах а лаьтташ долу сказуеми_______________________ (ц1еран х1оттаман сказуеми).
4. Инфинитиваххий, муьлхачу а саттаман г1оьнан хандашаххий хила сказуеми______________ (хандешан х1оттаман сказуеми).
5. Ц1ерниг дожарехь (формица) долу подлежащи ______ (грамматически)
6. Дийриг,  лург,  меттигниг дожаршкахь маь1ница долу подлежащи __________ (логически).
Тахана вай карлаехи предложенин коьрта меженаш. Подлежащи грамматически  а, логически а хилар а, сказуеми цхьалхе а,ц1еран х1оттаман а, хандешан х1оттаман а хилар девзи.
Хьоме дешархой, вайн таханлера урок кху т1ехь чекхйолу.
Дала аьтто бойла вайн! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
1.  Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У  «Нохчийн мотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала  ГУП  «Книжни  издательство»  2007
2. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо
3. Эдилов С. Э. «Самукъане  грамматика» 5-11кл Соьлжа-г1ала  2012  шо.
4. Эдилов С. Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа — Пресс» 2011 шо.
«Цхьалхечу предложенийн кепаш» темина лерина тест- тренажер.
5. Джамбекова Т. Б., Ибрагимов Л. М. «Нохчийн халкъан кицанаш» Соьлжа-г1ала ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий» 2913 шо.
6. Закриева Пет1амат «Суьйренан ойланаш» Стихаш а, афоризмаш а. Грозный: РИЦ ЧИПКРО, 2011 шо.
Кечйинарг: МБОУ «Гимназия №4»
нохчийн меттан, литературин  хьехархо 
Хумакиева Зара Хасмагомедовна
 
 
 
 
 
 
 
 
 
      Экспресс — тест нохчийн меттан урокан
1.Схьакарае предложени, шена чохь х1оттаман подлежащи долу.
А)  Юург- дег1ан кхача, наб -син кхача.
Б) Фонетика къамелан аьзнийн 1илма ду.
В) Хьехархо хилар атта г1уллакх дац.
Г) Х1етте а дог дог1уш хьаьвсира берриш а.
    
      2.  Схьакарае шена чохь хандешан цхьалхе сказеми долу предложени.
          А) Цхьаболчарна  х1ара г1уллакх тамашена хетта.
          Б) Музей баханарш сихха схьакхечира.
          В) Адам шега деана кехат сихха деша х1утту.
          Г) Х1ума хаар – нахе ладог1ар.
      
     3.  Шена чохь логически подлежащи долу предложени билгалъяккха.
          А) Хи гуттара а цхьана хорша ца лела.
          Б) Денлуш долчу 1аламо дог–ойла г1аттайора берийн.
          В) Генарчу вешел гергара лулахо тоьлу.
          Г) Массо а резахилла Лоьмо бохучунна.
    
     4.  Схьакарае хандешан х1оттаман сказуеми долу предложени.
          А) И яра Даймехкан б1аьстенан 1уьйре.
          Б) Гинарг хезначул ч1ог1а ду.
          В) Байн хьоькхучу мохо г1ийла лестадора г1аш.
          Г) Бено книжка еша волавелира.
             
     5.   Къастае ц1еран х1оттаман сказуемица йолу предложени.
           А) Аьхка хьалххе сахуьлу.
           Б) 1уьйранна дашо малх схьакхийтира.
           В) Ма самукъане ду-кх дуьненахь ваха.
           Г) Иза-м вуно атта къастор ду.

Close
Яндекс.Метрика