Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Тахана вай д1ахьур ю вешан рог1ера нохчийн меттан урок. Урокан ц1е ю «Юкъара –юьхьан предложенеш».
Оьрсийн маттахь обобщённо-личные предложения бохург ду .
Вайн 1алашо ю: яханчу урокехь 1амийнарг карла а доккхуш, юкъара –юьхьан предложенеш йовзийтар, къамелехь царех пайдаэца 1амор а.
Вешан дог-ойла ц1ена, юьззина, нийса д1айийца, вовшех кхета вай къамел до. Ткъа къамел предложених лаьтта. Х1инца карлайохур ю вай цхьалхечу предложенийн кепаш. Дагаяийтий вай уьш.
юьхьан
\ / билгала-юьхьан
Цхьалхе предложени — юьхьза
/ \ юкъара-юьхьан
билгалза-юьхьан
Царех вай муьлхарш 1амийна дагадог1ий шуна?
( Юьхьан, билгала-юьхьан, билгалза-юьхан.)
Х1инца уьш карлайохуш, церан тайпанаш билгалдохур ду вай.
Дешархоша стихаш йийцира.
Дийцахьа, х1унда олу кхунах хазачу йоь1ан т1улг?
Аьхка мангал хьокху.
Дешархоша стихаш йийцира. –юьхьан предложени ю (х1ун дира? –йийшира-сказуеми; йийшира хьан? дешархоша-подлежащи, шена чохь подлежащи а, сказуеми а ду.)
Дийцахьа, х1унда олу кхунах хазачу йоь1ан т1улг? –билгала-юьхьан предложени , х1окху предложенехь,-дийцахьа— бохучу сказуемино билгалдо подлежащи (ахь) – дийца+ахь. Цу кеппара, и подлежащи сказуемих д1аийна.
Аьхка мангал хьокху. –билгалза –юьхьан ( х1окху предложенехь г1уллакх кхочушдийриг маь1ница хаа йиш ю: мангал мангалхоша хьокху.
Х1инца х1ара кица д1а а деший, маь1на дан хьовсий вай.
Вочу дашах мотт ларбе, къоланах куьг ларде. (хьамма а, массара а боху маь1на ду цуьнан)-(кица .)
Стеган мотт оьзда, г1иллакхе, мерза, хаза, вон дешнаш юкъахь доцуш хила беза, хьарам рицкъанах ларло, нехан х1уманна т1е куьг ма кхийдаде. Иштта массарна а дог1уш юкъара маь1на ду оцу кицанан.
Коьртачу меженех сказуеми бен дац х1окху кицанехь. Подлежащи дац, амма юкъарчу маь1ница дало тарло. (хьамма а, массара а).
Тахана вай дуьйцур ду юкъара-юьхьан предложених лаьцна.
Шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених юкъара-юьхьан предложени олу.
Масала: Охуш аьлларг оруш карийна.( хьанна а). Барзана бага п1елг ца буллу. (цхьаммо а). Нехан динара хотталахь вуссу. (милла а) .
Юкъара-юьхьан предложенеш , коьртачу декъана, кицанах хуьлу.
Хьоме дешархой, билгалза-юьхьан а, юкъара-юьхьан а предложенеш ч1ог1а вовшех тера хилар тидаме эца деза вай. Уьш вовшех къасто, хала а боцуш, цхьа некъ бу:
Билгалзачу-юьхьан предложенехь юьхь билгал ца йо, х1унда аьлча цуьнгахь юьхь коьрта йоцуш, дар (сказуеми) коьрта хиларна, дар кхочушдан дезарг говзалле я доьналле хьаьжжина декхарийлахь верг хиларца.
Масала: Газеташ т1ехь керла х1ун яздо? (яздо шайн говзаллица я хьуьнарца яздан декхарийлахь болчара-журналисташа, я газетан белхалоша)
Юкъарчу-юьхьан предложенехь а ца хуьлу подлежащи, амма иза юкъарчу маь1нехь ала тарло, дар кхочушдийриг милла а велахь а.
Масала: Къоламца яздинарг дагарца хадалур дац. (цхьаьнгге а)
Х1инца вай, шун хаарш т1еч1аг1деш, болх бан хьовсур ду.
Т1ера схьаязъе х1окху рог1аллехь предложенеш:
1.юьхьан предложени;
2. билгала –юьхьан предложени;
3. билгалза-юьхьан предложени;
4. юкъара-юьхьан предложени.
Доттаг1 ахчанах эцалур вац.
Цунах бакъдерг дийцахьа суна.
Мангал туса аьлха ло.
Некъаца саьнгар йоккхуш бара юьртахой.
Нийса кеп:
1.Некъаца саьнгар йоккхуш бара юьртахой.
2.Цунах бакъдерг дийцахьа суна.
3.Мангал туса аьлха ло.
4.Доттаг1 ахчанах эцалур вац.
Шолг1а т1едиллар кхочуш дан хьовсур ду вай. Т1едуза кицанаш.
Бух боцу черма……..
Хьалха хьажаза……, т1ехьа хьажаза…….. .
Кхузза юста ……..
Нехан динара …….
Нехан хьаьвди т1ехь …….
Гали чохь цхьамза …..
Нийса кеп иштта хила еза:
Бух боцу черма дузалур дац.
Хьалха хьажаза ког ма баккха, т1ехьа хьажаза дош ма ала .
Кхузза юста- цкъа д1ахадае.
Нехан динара хотталахь вуссу.
Нехан хьаьвди т1ехь дин ма барстабе.
Гали чохь цхьамза хьуллур бац.
Х1окху урокехь вай шуьца карладехира юьхьан а, билгала-юьхьан а, билгалза-юьхьан а предложенех долу хаарш. Иштта вайна евзира юкъара-юьхьан предложенеш а. Цул совнаха вайна девзира керла дешнаш а. Дагадоуьйтур вай уьш:
Черма – Дечигах дина бочка.
(Оьрсийн маттахь-бочка)
Дин – хохку говр.
(Оьрсийн маттахь-конь)
Хьаьвда- дийнаташна докъар дала кечйина меттиг. (оьрсийн маттахь-стойло)
Аьлха- мангал, урс, диг ирдеш болу т1улг.
(оьрсийн маттахь точильный камень.)
Туса- мангал ирбан.
(оьрсийн маттахь-точить косу.)
саьнгар- хи т1едаийта даьккхина ор
(оьрсийн маттахь-канава,ров.)
Ц1ахь бан болх: Цхьалхечу предложенийн тайпанех пайда а оьцуш жима сочинени язъе х1окху темина «Ма лаха бахам, лаха 1илма.»
Хьоме дешархой, цу т1ехь урок ерзор ю вай, т1ейог1учу урокашкахь шу кхиамаш алсамбохуш кхид1а а болх бийр бу.
1одика йойла шу, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиева Я. У. «Нохчийн мотт-8 класс» Грозный ГУП Книжное издательство 2011г.
Эдилов С.Э. « Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала, издательство « Арфа-Пресс» 2012ш.
Эдилов С.Э. « Самукъане грамматика» 5-11классашна.Соьлжа-Г1ала 2012ш.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала» 2005ш.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум»Соьлжа-Г1ала. Издательство « Арфа-Пресс»2011ш.
Вагапов А.А.»Нохчийн меттан доштуьду жайна». Издательство «Полиграфсервис и Т». Г. Нальчик.»2001г.
Урок кечйинарг: Илясова Зина Хамидовна, Соьлжа –г1аларчу № 42 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а , литературан а хьехархо.