Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Вайн урок лерина ю цхьалхечу предложенийн кепашна. Вайна хууш ду, предложени вайн ойланан а, къамелан а уггаре а цхьалхе дакъа хилар.
Х1окху урокехь  шуна 1емар ю   билгалза-юьхьан  предложенеш къасто. 
Шена чохь подлежаши а доцуш, юьхь билгал ца ечу предлоржених билгалза-юхьан предложени олу.
Масала:
Тахана туьканахь тетрадаш доьхкира.
Аьхка мангал хьокху.
Къа ца хьегча хи чуьра ч1ара а баккхалур бац.
Предложенехь ца гойту дар кхочушдеш верг мила ву, юьхь гойтуш яц. (туьканан белхло,  мангалхо,  ч1ерийлецархо).  И предложенеш   билгалза- юьхьан ю.
Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь  билгалза-юьхьан предложенин юстар.
Нохчийн маттахь хандош-сказуеми
Карарчу          х1ун до?        Х1ун хуьлу ?
Гуш-яханчу    х1ун дира?    Х1ун хилира?
Яханчу хенашкахь а хуьлу   Дохьу , деана , деаний ? доьхкира.
Ткъа  оьрсийн маттахь
Карарчу а (наст.вр.), йог1учу а (будущ.вр.) хенийн дукх.т. (мн.ч) 3-чу юьхьан хандешнаш а, яханчу хенан дукхаллин терахьан хандешнаш а хуьлу билгалзачу-юьхьан предложенешкахь.
Аьхка йол х1окху. Х1ун до? Х1окху-сказуеми, карара хан
Керла газеташ деана. Х1ун дина?деана –сказуеми,  яхана хан, дар  хьан кхочуш до гайтина дац. (почтальона, мангалхочо).
В дверь  постучались.  Наст. вр.,они -3л.,мн. ч.
Ведут ко мне коня . ведут –наст. вр., 3л.мн.ч.
Билгалза –юьхьан предложенехь дар кхочушдийриг вац коьрта,коьртаниг цуьнгахь дуьйцуш долу дар ду.И юьхь билгалза юьсу.Цундела ишттачу предложенехь подлежащи хила а ца хуьлу.Дуьйцуш волчунна гергахь г1уллакх ду коьрта, и г1уллакх дийриг коьрта ца лору,иза тидаме оьцуш цахиларна.
Вайн хаарш т1еч1аг1дийр ду вай. Толлур ю вай предложенеш.
Гурахь чуерзайо кемсаш.
Халла баккхалора ког.
Ма лаха  бахам, лаха 1илма.
Не1 туьйхира.
Уьйт1ахь стогарш  латийра.
Дар кхочушдийриг мила ву гойтуш вац оцу предложенешкахь. Юьхь билгалза юьсу.
Билгалза- юьхьан предложенин синтаксически таллам  муха бан беза.
Д1огара схьа мохь туьйхира.   Предложени  цхьалхе, билгалза- юьхьан, юьззина,  цхьанах1оттаман,  яьржина,  дийцаран.
Д1огара схьа  -меттиган латтам
мохь – нийса кхачам
туьйхира –сказуеми
Цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду  вай шуьца  предложенийн кепаш  билгал  а  еш,  д1аязъе предложенеш.  
Гурахь ялта чудерзадо.
Цкъа а воккхачунна дуьхьал ма лелахь. 
Аьхка кхаш т1ехь асарш до.
Селхана туьканахь хорбазаш йоьхкира.
Нийса жоп иштта хир ду:
Гурахь ялта чудерзадо . (билгалза-юьхьан предложени)
Цкъа а воккхачунна дуьхьал ма лелахь.  (билгала-юьхьан предложени)
Аьхка кхаш т1ехь асарш до. ( билгалза- юьхьан предложени)
Селхана туьканахь хорбазаш йоьхкира.  ( билгалза- юьхьан предложени)
Х1окху урокехь вайна 1емира билгалза-юьхьан предложенехь  коьртаниг дуьйцуш долу дар хилар,ткъа и дар кхочушдийриг тидаме ца оьцуш цахилар. И дар кхочушдийриг цу г1уллакхан говзанча я цуьнан декхар кхочушдийриг ву. Нохчийн маттахь, оьрсийн маттахь царна юкъахь йолу башхо а евзира.
Ц1ахь бан болх ишта хир бу.
Т1адамийн метта  элпаш а дохкуш , д1аязъе предложенеш. Бил­галза-юьхьан предложенешна к1ел сиз хьакха.
1. Гонах тийна ду. 
2. Ма билла бехк.
3. Кеманаш дуттуш лаьттара.
4. Малх делкъал дикка т1ехъиккхинера.
5. Дикк… лаьттира Эшарп.  
6. Ма-моьт… ца хилча ма-торру.
7. Айхь… ца лов дерг нахе   ма    ала.    
8.  Нехан динар… хотталахь вуссу.
9. Лекхачу орцан басахь жимо к1отар гор…
Урок цу т1ехь ерзор ю вай.
1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
З.Д. Джамалханов, М.Ю. Мачигов  «Нохчийн мотт,  2-г1а дакъа, Синтаксис, педучилишан студенташна» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985шо.
З.Д. Джамалханов  «8 классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» (Хьехархочунна г1оьнна) Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982шо.
С.Э. Эдилов  «Самукъане грамматика» 5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2010шо.
Х1оттинарш:Кадиев Р.,Ахмадова Д.,Давлетгириева А. Нохчийн меттан хьехархочунна г1оьнна д1аекъаран коьчал
З.Д. Джамалханов,  Т.М.Вагапов, Я.У. Эсхаджиев «Нохчийн мотт»  8-9-чуй классашна
Гакаева Л.Л.

Close
Яндекс.Метрика