Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
Вайн урок лерина ю цхьалхечу предложенийн кепашна.
Х1окху урокехь шуна 1емар ду юьхьан , билгала- юьхьан предложенеш къасто.
Предложени вайн ойланан а, къамелан а уггаре цхьалхе дакъа ду.
Предложени а, цуьнан тайпанаш а, меженаш а, дешнийн цхьанакхетарехь церан уьйр а 1амочу 1илманах синтаксис олу.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду: Юьхьан, билгала- юьхьан предложенех лаьцна.
Шена чохь подлежащи, сказуеми долчу предложених юьхьан предложени олу.
Масала: Дешаран шо чекхделира. (предложенехь подлежащи, сказуеми ду, иза юьхьан предложени ю)
Аьхка тхан классерчу дешархоша юьртахь садаь1ира. (предложенехь подл., сказуеми ду, юьхь гойту , хьан? –дешархоша –иза юьхьан предложени ю).
Юьхьан предложени хуьлу кхечуьнга йолуш а, кхечуьнга ца йолуш а.
Масала:
Йо1 школе яхара.(предложени кхечуьнга ца йолу)
Йо1а таблицаш язйира.(кхечуьнга йолу).
Шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино формица я маь1ница иза билгалдечу предложених билгала-юьхьан предложени олу.
Дийцахьа суна бакъдерг. (дийца+ахь).
Дийцийша суна бакъдерг. (дийца+аш).
Цу предложенешкахь дийцахьа, дийцийша бохучу сказуемех д1аийна подлежащеш: и сказуемеш кху кепара шишша дош цхьана а кхеташ, кхолладелла: дийцахьа-дийца+ахь; дийцийша-дийца+аш.
Сказуемех д1аийна подлежаши цунах д1акъастийча х1ун башхо хуьлу хьовсий вай
Масала:
Шайга вигахьа со. (билгала -юьхьан предложени ю)
Шайга вига ахь со.(предложени юьхьан ю)
Юьхьан, билгала –юьхьан предложенеш яьржина а, яьржаза а хуьлу.
Масала:
Малх схьакхийтира.
(подлежащи,сказуеми- коьрта меженаш бен яц предложенехь предложени яржаза ю, шинах1оттаман ю).
1уьйранна малх схьакхийтира.
(Предложенехь коьрта меженаш а, коьртаза меже а ю- латтам). Цундела предложени юьхьан, яьржина , шинах1оттаман ю.
Синтем бойу къамел ма дехьа.
Предложенехь коьрта меже сказуеми ду, билгала-юьхьан, цхьанах1оттаман, яьржина предложени ю).
Нохчийн а, оьрсийн маттахь билгала-юьхьан предложени вовшех муха къаьста билгалдаккхур ду вай.
Нохчийн маттахь билгалчу-юьхьан предложенехь хандешан т1едожаран саттаман г1иллакхечу кепо цхьаллин я дукхаллин терахьехь 2-чу юьхьан ц1ерметдашо-подлежащино билгалдо (хьо, шу, ахь, аш.)
Ткъа оьрсийн маттахь подлежащи билгалчу саттаман (наклонени) 1-чу, 2-чу юьхьан хандашо, я т1едожаран саттаман цхьаллин я дукхаллин терахьан чаккхенаша билгалдо.(Я иду , идешь ты, идем мы, идете вы).
Сарахь тхоьга дуьйлийша.
Дуьйлийша – дуьйла+шу. (т1едожаран саттамехь , шолг1ачу юьхьан ц1ерметдош ду.
Сарахь тхоьга волахьа. Бакъдерг алийша.
Хандош т1едожоран саттамехь ду
волахьа –цхьаллин терахь , 2-г1а юьхь.
алийша – дукхаллин терахь 2-г1а юьхь
Люблю грозу в начале мая. (я люблю- 1лицо, изъявительное наклонение, единственное число) .
Давайте споем мою любимую песню. (мы споем –изъявительное наклонение, 1 лицо, множественное число).
Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш, иштта цхьа т1едиллар кхочушдийр ду: ялош йолчу предложенийн кепаш
билгал а еш , д1аязйийр ю .
Иза-м ч1ог1а самукъадаьлла вара.
Йохка –эцар лелаяй цхьаъ дехьа.
К1отар х1инца а йижаза яра.
Хьайгара ларча соьга схьалохьа.
Юьхьан предложенеш
Иза-м ч1ог1а самукъа даьлла вара.
К1отар х1инца а йижаза яра.
Предложенешкахь юьхь ю гойтуш – самукъадаьлла вара иза,к1отар йижаза яра.
Билгала- юьхьан предложенеш
Йохка –эцар лелаяй цхьаъ дехьа.
Хьайгара ларча соьга схьалохьа.
Дехьа –де +ахь, схьалохьа- схьало+ахь = ц1ерметдош- подлежащи сказуемих д1аийна, т1едожоран саттамехь ду, 2-г1а юьхь ю.
Х1окху урокехь вайна 1емира юьхьан предложени шинах1оттаман хилар, билгала-юьхьан предложени цхьанах1оттаман хилар. Т1едожоран саттамехь цхьаллин я дукхаллин терахьехь ц1ерметдош-подлежащи билгалдеш хилар,юьхьан предложени кхечуьнга йолуш а,кхечуьнга ца йолуш а хилар. Нохчийн маттахь, оьрсийн маттахь царна юкъахь йолу башхо а евзира.
Ц1ахь бан болх ишта хир бу. Къовларшкахь юьхьан а, билгала- юьхьан а предложенеш билгал а еш, текст схьаязъе.
Лор сиха схьакхечира.
Денош-м д1аоьхура.
Кет1ахь г1овг1а елира.
Массо а тап-аьлла тийна лаьттара.
Даима собаре хилалахь.
Дархочун дог эцахьара цо.
Хьан г1уллакх вон хир дацара хьо говр-ворда оьцур йолуш велахьара.
Таханлера урок цу т1ехь ерзор ю вай.
1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
З.Д. Джамалханов, М.Ю. Мачигов «Нохчийн мотт, 2-г1а дакъа, Синтаксис, педучилишан студенташна» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985шо.
З.Д. Джамалханов «8 классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» (Хьехархочунна г1оьнна) Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982шо.
С.Э. Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2010шо.
Х1оттинарш:Кадиев Р.,Ахмадова Д.,Давлетгириева А.
Нохчийн меттан хьехархочунна г1оьнна д1аекъаран коьчал
З.Д. Джамалханов, Т.М.Вагапов, Я.У. Эсхаджиев «Нохчийн мотт»
8-9-чуй классашна
ГакаеваЛ.Л.