Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вайн урокан тема ю даран суьртан латтам.
Урокан 1алашо ю даран суьртан латтам шуна бовзийтар, цунах кхетам балар,
Дар я хилар муха кхочушхуьлу а гойтуш, муха? мича кепара? бохучу хаттарна жоп лучу латтамех даран суьртан латтам олу. Коьртачу декъана даран суьртан латтам предложенехь куцдашах, деепричастин карчамах, ц1ердашах, хандешан латтаман формех хуьлу.
Масала:
Дагахь доцуш отпуск а елла, ц1а вар нисделира Муслиман.
Отпуск елла –муха?- дагахь доцуш. Мухаллин куцдашах хилла даран суьртан латтам бу.
Бай т1ера зезагаш а дохуш, меллаша йог1ура . Йог1ура муха? бай т1ера зезагаш а дохуш – деепричастин карчамах кхоллабелла даран суьртан латтам.
Шабаршца техка къена беш.(техка -муха?- шабаршца –ц1ердашах кхоллабелла даран суьран латтам).
Ца хезачуха д1авахара иза.(д1авахара –муха?-ца хезачуха-хандешан латтаман формех хилла даран суьртан латтам).
Билгалдакккхар.
1.Даран суьртан латтам шен формица къастамах тера хуьлу, цундела хаа деза, даран суьртан латтам хандашца боьзна хуьлий, ткъа къастам- ц1ердашца.
Нанас суна хаза туьйра дийцира.( муха туьйра? хаза -къастам)
Нанас суна туьйра хаза дийцира.(дийцира муха? -хаза –латтам)
2.Предложенехь даран суьртан латтам хуьлу дустаран карчамах а, фразеологически цхьаьнакхетарех а .
Делча санна, 1уьллура цхьогал.(делча санна-дустаран карчам)
Корта а оллийна,вог1ура к1ант.(корта а оллийна –фразеологически цхьаьнакхетар).
1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта предложенеш д1аязйийр ю вай, даран суьртан латтамаш билгал а бохуш, къастор ду вай церан кхолладалар.
Иза сихха аравелира.
Зурманах дека шовданаш.
Воьлуш, хьоьжу и суьрте.
Цхьанне а ца гурриг, д1алечкъира иза.
Къайлаваларе терра, гучу а велира иза.
Шена иза ца вевзинчуха, т1ехвелира цунна Нохьа.
Нийса жоп иштта хир ду.
Иза сихха аравелира. (сихха— даран суьртан латтам-куцдашах кхоллабелла)
Зурманах дека шовданаш.(зурманах-даран суьртан латтам-ц1ердашах кхоллабелла)
Воьлуш, хьоьжу и суьрте. (воьлуш— даран суьртан латтам-деепричастих хилла).
Цхьанне а ца гурриг, д1алечкъира иза.(цхьанне а ца гурриг-даран суьртан латтам- хандешан латтаман форманах хилла)
Къайлаваларе терра, гучу а велира иза.(къайлаваларе терра— даран суьртан латтам –ханлешан латтаман форманах)
Шена иза ца вевзинчуха, т1ехвелира цунна Нохьа.(шена и ца вевзачуха— даран суьртан латтам- кхоллабелла хандешан латтаман форманах).
Х1окху урокехь вайна девзи даран суьртан латтамах долу хаарш,цу кеппара хии иза муьлха къамелан дакъойх хила тарло а, предложенехь иза билгалбаккха а.
Ц1ахь х1окху стихотворени юкъара даран суьртан латтамаш билгалбаха
Г1иллакхах бух буьллуш
Йоьттина б1аьвнаш.
Безамца диллина
Хьешашна кевнаш.
Собарца къийлина
Яхь йолу дог.
Диканна биллина
Лаьтта т1е ког.
Доьналла, сий лоруш
Баьхна вайнах.
Г1иллакхах, г1уллакхах
Ца боьхуш мах.
Кхуьучу т1аьхьенна
Масал ду и-
Г1иллакхаш уьш санна
карор дац кхин!
Цу т1ехь урок ерзор ю вай
Шун 1одика йойла ,марша 1ойла.
1амийнарг т1еч1аг1дар
1.Ц1естан к1удал» муьлха билгало гойту кхузарчу билгалдашо?
а) хан
б) х1ума стенах йина ю
в) мухалла
2.Даран суьртан латтамаш
а) юьртахь, бешахь, г1ала, театре
б) меллаша, воьлуш, сиха, кхоссавелла
в) селхана, стохка, 1ай, б1аьста
3. Коьрта меже ю
а) лач кхачам
б) къастам
в) сказуеми