Урок №13 Подлежащиний,ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь тире

Маршалла ду шуьга хьоме дешархой .
Вайна евзар ю  подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь х1оттам болуш а, боцуш а, х1оттам хиларе хьаьжна доцуш а, тире йилларан бакъонаш.
Далор  вай цхьа масалш,  предложенин коьрта меженаш билгал а йохуш:
Мало хало ю.
(мало-подлежащи, хало ю – ц1еран х1оттаман сказуеми)
Шайхи Арсанукаев поэт ву.
(Шайхи Арсанукаев –подлежащи,поэт ву-ц1еран х1оттаман сказуеми )
Шозза шиъ диъ ду.
(шозза шиъ-подлежащи,диъ ду-ц1еран х1оттаман сказуеми)
Сал барз бу.
(сал-подлежащи, барз бу –ц1еран х1оттаман сказуеми)
Ду, ву, бу, ю – х1оттамаш бу. Х1оттамо подлежащи а, коьрта маь1на чохь долу сказуеми а вовшахутту.
Нохчийн маттахь ц1еран х1оттаман сказуеми коьртачу декъана шеца х1оттам болуш, оьрсийн маттахь х1оттам боцуш хуьлу,масала:
Дустур ду вай:
Шайхи Арсанукаев поэт ву
Шайхи Арсанукаев есть поэт. (иштта олийла дац вайн )
Шайхи Арсанукаев –поэт (оьрсийн маттахь х1оттам боцуш хуьлу)
Нохчийн  маттахь  сказуеми  х1оттам  боцуш  ала  тарло  кицанехь а, ц1еран дакъа терахьдашах  хиллехь а, сноскехь дош довзуьйтуш а, масала:
Стеган мах – цо ша хаддийнарг.(кица)
Шозза барх1-ялхитта.
Цхьана аг1ор- керт, вукху аг1ор-беш.
Х1оттам боцуш алахь, подлежащиний,ц1еран х1оттаман  сказуеминий  юккъе тире юьллу. Нагахь х1оттам болуш алахь тире ца юьллу, масала:
Яздархо-адаман  къинхьегаман цхьа дакъа.
Яздархо  адаман  къинхьегаман цхьа дакъа ду. (ду-х1оттам бу)
Ворх1азза пхиъ- ткъе пхийтта.
Ворх1азза пхиъ  ткъе пхийтта ду. (ду-х1оттам бу)
Халкъан ницкъ-бухбоцу шовда.
Бакъду тидаме эца деза цхьа билгалдаккхар: предложенера  подлежащиний, сказуеминий  юккъера  х1оттам  д1абаьккхича  юккъе соцунг1а (пауза) юлу. И пауза билгалъяккхархьама, юьллуш ю йозанехь тире. Тире подлежащина  т1ехьа юьллу.
Д1айьошур ю вай интонацица лахахь ялийна предложенеш:
Терк –вайн махкахь уггар доккха а, шуьйра а хи.
Сту белча –жижиг, ворда йоьхча –дечиг.
Iилманан декъехь дуьйцучохь  ц1еран х1оттаман сказуеми х1оттам болуш оьрсийн маттахь а олу, масала:
Мотт ойланан дег1  ду.
Язык есть тело мысли.
Подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий  юккъехь  —иза— боху ц1ерметдош хилахь, цунна хьалха, х1оттам хиларе хьаьжна доцуш, тире юьллу, масала:
Дайн оьзда г1иллакхаш лардар-иза вайн сийлахь декхар ду.
Хьешехь г1иллакх цахилар-иза х1усамда цаларар ду.
Х1инца  1амийнарг  т1еч1аг1деш, цхьа  т1едиллар кхочушдан хьовсур  ду  вай:
Оьшучу сацаран хьаьркаш а х1иттош схьаязъе предложенеш .
Церг деши, мотт  бала.
Метафора кхечу  маь1нехь дош далош, исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирс .
Шозза барх1  ялхитта .
Дахар хийцар иза ша хийцавалар ду.
Зеделларг  уггар  тоьлла  хьехархо
Т1едиллар нийса кхочушдинехь  иштта хир ду:
Церг- деши , мотт – бала.
Метафора- кхечу  маь1нехь дош далош, исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирс .
Шозза барх1 — ялхитта .
Дахар хийцар- иза ша хийцавалар ду.
Зеделларг — уггар  тоьлла  хьехархо.
Вайна тахана  евзира   подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь х1оттам болуш а, боцуш а, х1оттам хиларе хьаьжна доцуш а, тире йилларан бакъонаш.
Девзира х1оттамо ден г1уллакхаш,тире йилларехь соцунг1а ( интонаци ) хилар а билгалдира.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю.
Шун 1одика йойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика