Урок №12 Ц1еран х1оттаман сказуеми

Маршалла ду шуьга хьоме дешархой.
Х1ора дог1у де  а дешар 1амош, меттан хазалла йовза ,цуьнан 1илманан аг1онаш толлуш, хаарш совдохуш, 1емаш д1адаха деза вай.Цул совнаха меттан бакъонаш 1амош,царна  масалш а лоьхуш, лаамца,  болх бан а хьовсур ду  вай.Х1ора дакъа  а, тема а 1аморо шуна ойлаян а,кхета а, къамел кхио  а г1о дийр ду аьлла хета суна.
Тахана ц1еран х1оттаман сказуемих лаьцна дуьйцур ду вай, иштта девзар ду церан хаттарш а,ц1еран х1оттаман сказуемин дакъа стенах хуьлу а.
Хьалхарчу урокехь сказуемин цхьана  тайпанах- хандешан цхьалхе сказуемих долу хаарш билгалдира вай.
Сказуеми  хандашах хуьлу ,деккъачу хандашах хилла сказуеми хандешан цхьалхе сказуеми ду.
Ц1еран х1оттаман сказуеми оьрсийн маттахь — составное именное сказуемое бохург ду.
Ц1еран х1оттаман сказуеми ц1еран декъах  а ,г1оьнан хандешан хоттамах а лаьтташ хуьлу.
Ц1еран декъах а, г1оьнан хандешан хоттамах а лаьттачу сказуемих ц1еран  х1оттаман сказуеми олу.Цуьнан хаттарш ду:иза мила ву? х1ун ю? муха ю? стенан ю? маса ду? мосалг1а ю?х1ун деш ю?
Масала:
Шайхи Арсанукаев поэт ву. (поэт ву –ц1еран х1оттаман сказуеми ду)
Деши металл ду.
Ц1а чохь 1аьржа ю.
И къоламаш сан ду.
Кхузза кхоъ исс ду.
Иза ворх1алг1а  ву.
Ц1еран х1оттаман сказуемин ц1еран дакъа ц1ердашах, билгалдашах, терахьдашах, ц1ерметдашах, причастих, деепричастих,куцдашах  хуьлу,ткъа хоттам -ву, хуьлу- г1оьнан хандешнех хуьлу.
Хоттам-оьрсийн маттахь  связка бохург ду
Масала:
Ахьмад  дешархо ву.(дешархо ву –ц1еран х1оттаман сказуеми- ц1ердош ду)
Шозза шиъ диъ ду.(диъ ду –ц1еран х1оттаман сказуеми –терахьдош ду)
Хадижат  юьртахь ю.(юьртахь ю-ц1еран х1оттаман сказуеми-куцдош )
Книга сан ю.(сан ю-ц1еран х1оттаман сказуеми-ц1ерметдош )
Суьйре шийла хуьлу(шийла хуьлу-ц1еран х1оттаман сказуеми-хуьлу-г1оьнан хандош куцдош)
Ц1еран х1оттаман сказуемехь  хоттам  хила тарло  хета,ган,лара,дан,каро боху хандешнаш
Масала:
Самукъане  хета, самукъане каро , дика хета ,хьекъале лара.
Ц1еран х1оттаман сказуеми дешнийн цхьаьнакхетарх  хила а тарло,
Масала:
И шура  т1о  санна ю .(муха ю? т1о санна ю-сказуеми -дешнийн цхьаьнакхетар)
И жижиг дума санна ду  (муха ду?)
Ц1еран х1оттаман  сказуемехь цуьнан лексически коьрта маь1на билгалдеш ц1еран дакъа ду,ткъа грамматически маь1на гойту  г1оьнан хандашах  хиллачу  хоттамо
Масала: Бадуев Саь1ид  яздархо ву. Аьхка суьйре шийла хуьлу.
Дийцинчух шу муха кхетта а хьовсуш, цхьа т1едиллар кхочуш  дийр ду вай.
Ялийначу предложенешкара ц1еран  х1оттаман сказуемеш билгал а дохуш,д1аязъе.
Мадина х1инца а жима ю.
И книгаш дешархойн ю.
Бойсг1ар дика к1ант ву.
Цуьнан къамел суна хьекъале хета.
Тхан юьртахь тийна ду.
Наб яйна со цхьаъ ву
Нийса жоп иштта хир ду:
Оцу предложенешкахь ц1еран х1оттаман сказуемеш ду:
жима ю,
дешархойн ю,
к1ант ву,
хьекъале хета,
тийна ду,
цхьаъ ву.
Тахана вайна девзира,  ц1еран х1оттаман сказуеми ц1еран декъах а, г1оьнан хандешан хоттамах а лаьтташ хилар .Иштта предложенехь ц1еран х1оттаман сказуеми билгалдаккха а 1еми.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю.
Шун 1одика йойла ,марша 1ойла

Close
Яндекс.Метрика