Де дика дойла шун, хьоме дешархой!
Тахана вай д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок. Д1аяханчу урокехь аш 1амийра карара уьйр кхаа кепара хилар: 1) бартбар, 2) урхалла, 3) т1етовжар.
Иштта карарчу уьйран хьалхара кеп бартбар йийцаре а йира аш.
Тахана вай дуьйцур ду урхаллех лаьцна.
Коьртачу дашо дозуш долу дош дожаре х1отточу уьйрах урхалла олу.
Масала:
Йоккхачу зудчунна г1о дира к1анта.
г1о дира (хьан?) к1анта – коьртачу дашо дозуш долу дош дийриг дожаре х1оттийна, цаьршинна юкъахь урхаллин уьйр ю.
г1о дира (хьанна?) зудчунна – коьртачу дашо дозуш долу дош лург дожаре х1оттийна – урхаллин уьйр ю.
йоккхачу зудчунна – бартбаран уьйр  (классехь, терахьехь барт бо)
Далор вай кхин цхьа масал.
Нанас Пет1амате йовлакх д1атиллийтира.
д1атиллийтира (хьан?) нанас –  коьртачу дашо дозуш долу дош дийриг дожаре х1оттийна, урхаллин уьйр ю.
д1атиллийтира (хьаьнга?) Пет1амате – коьртачу дашо дозуш долу дош меттигниг дожаре х1оттийна, урхаллин уьйр ю.
д1атиллийтира (х1ун?) йовлакх – коьртачу дашо дозуш долу дош ц1ерниг дожаре х1оттийна, урхаллин уьйр ю.
Х1инца вай, шу йийцинчу бакъонах муха кхетта а хьовсуш, шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу.
Х1окху предложенешкара урхаллин уьйраш билгалъяха.
Сих а ца луш, кегийра къурдаш а деш, молура воккхачу стага шийла шовда.
Беречо юха а шедакхаж туьйхира корах.
Аш т1едиллар нийса кхочушдинехь, и иштта хила деза.
1-чу предложенехь:
молура (хьан?) стага – коьртачу дашо дозуш долу дош дийриг дожаре х1оттийна, урхаллин уьйр ю.
молура (х1ун?) шовда – коьртачу дашо дозуш долу дош ц1ерниг дожаре х1оттийна, урхаллин уьйр ю.
2-чу предложенехь:
туьйхира (хьан?) беречо — коьртачу дашо дозуш долу дош дийриг дожаре х1оттийна, урхаллин уьйр ю.
туьйхира (х1ун?) шедакхаж — коьртачу дашо дозуш долу дош ц1ерниг дожаре х1оттийна, урхаллин уьйр ю.
туьйхира (стенах?) корах — коьртачу дашо дозуш долу дош хотталург дожаре х1оттийна, урхаллин уьйр ю.
Предложенешкахь дара иштта дешнаш: бере, шедакхаж.
Церан лексически маь1на даста.
Нийса жоп иштта хир ду.
бере (всадник) – говрахь волу стаг
шедакхаж (шедан кхаж) (кнутовище)– шедан мукъ
Ц1ахь бан болх.
Язъе масех предложени. Урхаллин уьйраш билгалъяха.
Вай тахана урокехь дийцира карарчу уьйран кепах- урхаллех лаьцна. Дагадоуьйтур вай стенах олу урхалла.
Коьртачу дашо дозуш долу дожаре х1отточу уьйрах урхалла олу.
Дешархой, цу т1ехь вай урок ерзор ю. Т1ейог1учу урокехь вай дуьйцур ду т1етовжарх лаьцна.
1одика йойла шун, марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт 8-9 класс». Грозный, ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013
Мамакаев 1.Ш. «Нохчийн лаьмнашкахь» хаьржинарш, Москва 2008 шо.
А. Исмаилов «Дош», Соьлжа-г1ала-2005 шо.

Close
Яндекс.Метрика