Урок №41 Куцдешнийн кхолладалар

Х1окху урокехь, куцдашах долу хаарш кхин д1а а к1аргдеш, вай дуьйцур ду куцдешнийн кхолладаларх лаьцна. Тахана шуна 1емар ду муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало куцдешнаш.
Д1аяханчу урокашкахь вай дийцина куцдешан билгалонех долу хаарш карладохур ду вай. Х1окху байташ т1ера куцдешнаш билгал а дохуш,церан тайпанаш къасто хьовсур ду вай.
Мерза мотт, хьо кхоьллинчо
Хьо мел тайна кхоьллина.
Хьан хазалла евзинчо
Хьо мел сийлахь лийрина.
Бина ша ахь дагана
Хьайн 1аьнарца башабо,
Лулахь, кертахь томана
Хьайн комаьршо 1анайо.
                                                    (Ваха Ахматов)
Тайна-мухаллин я даран суьртан куцдош;
сийлахь-мухаллин  я даран суьртан куцдош;
лулахь-меттиган куцдош;
кертахь— меттиган куцдош;
томана-бахьанин куцдош.
 
Хьовсур ду вай, муха кхолладелла и куцдешнаш:
тайна кхоьллина-тайна бер (билгалдашах кхолладелла куцдош)
сийлахь-сий -куцдош(ц1ердашах кхолладелла куцдош)
лулахь-лула -куцдош
кертахь-керт-куцдош (ц1ердашах кхолладелла куцдош)
томана- там -куцдош(ц1ердашах).
Вайна ма-гарра, куцдешнаш тайп-тайпанчу къамелан дакъойх кхоллалуш ду.
а) ц1ердашах (аьхке-аьхка, хьун-хьуьнхахь)
б) билгалдашах (дика яздо-дика яздархо)
в) ц1ерметдашах (х1ара-х1оккхул, д1огара- д1огахь)
г) терахьдашах (кхоъ-кхаанхьа, шиъ-шозза)
д) ц1ердешнийн а, хандешнийн а баххаш вовшахкхетарца (тайп-тайпана, хуьл-хуьлуш)
Х1инца шун хаарш т1е а ч1аг1деш, х1окху къамелан дакъойх куцдешнаш  а кхуллуш,болх бан хьовсий вай.
Гуо, кор, еха, цхьаъ, х1ара, гуьйре, лууш, сингаттам, массо а, тийналла.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь, иштта хила деза:
 Гуо-гуонах
 кор-корехь
 еха-ехха
 цхьаъ-цхьанхьа
 х1ара-х1оккхул
 гуьйре -гурахь
 лууш-луъушехь
сингаттам-сингаттаме
массо-массанхьа
тийналла-тийналлехь.
1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай. Маь1ница дог1у куцдешнаш юкъа а х1иттош, д1аязъян еза х1ара  предложенеш.
Цул т1аьхьа билгалдаккха деза, и куцдешнаш муьлхачу къамелан дакъойх кхолладелла.
Буьйсанна доладелла дог1а … а т1есерсаш дара.  … 1ийра иза не1арх п1елг бетташ, амма иза схьайоьллуш яцара.
Хьо дукха … лаьара суна хьо ган.  … саг1ийна х1ума елира нанас.
Рашедана … дахара тхо сийсара концерте.
Г1оьнна дешнаш: вийцарна, кхаанхьа, 1уьйранна, ехха, ца луъушехь.
Т1едиллар иштта кхочушдина  хила деза:
Буьйсанна доладелла дог1а 1уьйранна а т1есерсаш дара.
Ехха 1ийра иза не1арх п1елг бетташ, амма иза схьайоьллуш яцара.
Хьо дукха вийцарна, лаьара суна хьо ган.
Кхаанхьа саг1ийна х1ума елира нанас.
Мохьмадна ца луъушехь дахара тхо сийсара концерте.
1уьйранна-1уьйре (ц1ердашах кхолладелла куцдош)
ехха-еха-(билгалдашах кхолладелла)
вийцарна-вийцар (масдарх кхолладелла)
кхаанхьа-кхоъ (терахьдашах кхолладелла)
ца луъушехь-ца- лууш (деепричастих кхолладелла)
Х1инца, кхоллараллин т1едиллар кхочушдеш, хьовсур ду вай, шуна кицанаш муха хаьа.
Х1окху кицанаш юкъахь т1е ца тоьуш дешнаш ду. Далийнчу хаттаршка хьаьжжина, куцдешнашца т1едуза деза уьш.
Хабар дукха дийцинчо болх (мел?) бина.
Аьхка мало йинчо (маца?) хало хьоьгу.
Яьсса х1ума (муха?) ека.
Эсала уьстаг1 (мосазза?) лергина.
Корта стигалах хьекхалахь а, когаш (мичахула?) лела.
Оьзда стаг (мичахь?) ву оьзда.
Нийса жоп:
Хабар дукха дийцинчо болх к1езиг бина.
Аьхка мало йинчо 1ай хало хьоьгу.
Яьсса х1ума ч1ог1а ека.
Эсала уьстаг1 шозза лергина.
Корта стигалах хьекхалахь а, когаш лаьттахула лела.
Оьзда стаг массанхьа ву оьзда.
Схьагарехь, т1едиллар аш дика кхочушдина. Ненан маттаца шун уьйр-марзо хиларан билгало ю иза.
Тахана вайна хии  муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало куцдешнаш а, иштта куцдешан а, билгалдешан  а  муьлхачу къамелан дакъошца уьйр хуьлу.
Хьоме дешархой, кхин д1а а 1амабелаш, безалаш  вайн ненан мотт.
Цул деза, цул сийлахь х1ума карор дац шуна шайн дахаран новкъахь.
Кху т1ехь вай ерзор ю таханлера урок.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство» 2011 шо.
2. С.Э. Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
3. С.Э. Эдилов «Нохчийн литература» Соьлжа-г1ала  2011 шо.

Close
Яндекс.Метрика