Урок №40 куцдешнийн даржаш

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду куцдешнийн даржех лаьцна.
Урокан 1алашо ю: куцдешнийн даржех лаьцна кхетамбалар, билгалдешнийн
даржех уьш къасто 1амор.
Йолхалг1ачу классехь 1амийнарг карладоккхуш, керлачу темина шу шаьш  т1едалорхьама, мухаллин билгалдешнийн даржаш дагадохкуьйтур ду вай.
Мухаллин билгалдешнийн кхоъ дарж хуьлу.
Юьхьанцара дарж: хаза йо1.
Дустаран дарж: хазо йо1.
Т1ехдаларан дарж: сов хаза йо1.
Даран суьртан куцдешнийн а хуьлу, мухаллин билгалдешнийн санна, даржаш.
Муха хила тарло даран суьртан куцдешнийн даржаш?
Даран суьртан куцдешнийн кхоъ дарж ду.
Юьхьанцара дарж:хаза яздо.
Дустаран дарж: хазо яздо.
Т1ехдаларан дарж: сов хаза яздо.
Вовшашца дустур вай билгалдешнийн, куцдешнийн даржаш. Х1ун башхо ю те
царна юккъехь?
даржаш
Мухаллин билгалдешнаш
Даран суьртан куцдешнаш
юьхьанцара
Говза пхьар
Говза хиллера
дустаран
Говзо пхьар
Говзо хиллера
т1ехдаларан
т1ех говзапхьар
т1ех говза хиллера
Билгалдешнаш ц1ердешнех дозуш а ду, цаьрца уьйр йолуш а ду.
Ткъа куцдешнийн хандешнашца уьйр ю.
1амийнарг т1еч1аг1даран болх д1ахьур бу вай х1инца.
 Даран суьртан куцдешнийн масалш дало хьовсий вай.
 Далийна куцдешнаш тайп-тайпанчу даржашкахь а долуш, дешнийн цхьаьнакхетарш
 муха   кхоллало хьовсур ду  вай.
      лекха — лекхо хета
      сийна — сийно лепа
      готта — готто динера
      ц1ена — ц1ено яздо
      мерза — ч1ог1а мерза йинера
Оцу дешнийн цхьаьнакхетаршца предложенеш х1иттае вай.
Гергарчу хьесапехь уьш иштта хила а тарло:
Мохьмад Iусманал лекхо хеташ, тамехь д1ах1оттар,чехко болар долуш, кхиъна вог1уш к1ант вара.
Х1ора буса, сийна лепачу седарчашка а хьоьжуш, мерза ойланаш ян велира Леча.
Х1инца Вахас хьалхалерачул готто динера беша воьду з1ар.
Т1ауса йоза хаза яздо,сурт кхин а хазо дуьллу.
Каде хьаьвзинчу Асета ч1ог1а мерза йинера чорпа.
Даржийн таблици чу д1анисдийр ду вай,предложенеш юкъара даран суьртан куцдешнаш.
Юьхьанцара дарж
Дустаран дарж
т1ехдаларан дарж
Сийна
готто
ч1ог1а мерза
хаза
лекхо,чехко,хазо
 

Х1окху урокехь вай шуна делира куцдешнийн даржех долу хаарш, уьш т1еч1аг1деш
Болх а бира вай шуьца.
Керла дош а девзира вайна. И дагадоуьйтур ду вай.
З1ар—дечиган серех дуьйцина ков; плетёная калитка.
Вай буьйцу, 1амабо, беза вешан хаза хьоме нохчийн мотт. Г1о до ненан матто вешан ламасташ лардан, уьш кхио, диц ца дан. Г1иллакхаш, 1адаташ… вешан ерриге синмехаллаш ларъян ца хилча ца торуш бу ненанмотт. Нохчийн маттахь бен ма-ярра йийца а ца ло уьш, 1ама а ца яло. Нохчийн синмехаллаш еха нохчийн маттахь. Цундела, ларбе вай нохчийн мотт!
Дала т1аьхье беркате йойла вай тахана бинчу белхан.
Цу т1ехь урок ерзор ю вай. 1одикайойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература.
1.В. А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийнмотт» 7 классГрозный ГУП «Книжное издательство» 2007 шо.
2. В. А. Янгульбаев, С. В. Янгульбаева «7 классехьнохчийн мотт хьехар» Грозный ГУ «Книжное издательство» 2003 шо.
3. З. Д. Джамалханов, М. Ю. Мачигов «Нохчийнмотт» Нохч-Галг1айн АССР-н педучилищан 1-2-чуй курсийнстуденташна учебник. Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1985 шо.
4. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2010 шо.
5.  А. Г Мациев «Чеченско-русский словарь» Москва 2000.

Close
Яндекс.Метрика