Урок №39 Куцдешнийн синтаксически билгалонаш , цара деш долу синтаксически г1уллакх

Куцдешан синтаксически билгалонаш.
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Вайн исбаьхьа ненан мотт куцдешнаша куьце балабо, хьалдолуш бо. Цара, хандешнашна я церан маь1нехь лелачу кхечу къамелан дакъошна улле а х1уьттуш, вай маттахь ден къамел безамехь , тамехь, хаздо.
Вай тахана дуьйцур ду куцдешнийн синтаксически билгалонех, цара деш долчу синтаксически г1уллакхех лаьцна.
Урокан 1алашо ю куцдешнийн синтаксически билгалонаш шуна йовзийтар; х1ун синтаксически г1уллакх до цара предложенехь шуна хаийтар.
Оьрсийн меттан урокехь аш дийцаре дина хила тарло  куцдешнийн синтаксически г1уллакхаш.
В русском языке наречие в предложении выражено обстоятельством.
Вчера маленький Ваха помог дедушке плести забор.
Наречие вчера в предложении является обстоятельством времени.
Иза муха эр дара аш нохчийн маттахь куцдашах лаьцна?
 Нохчийн маттахь куцдош предложенехь латтам хуьлий лела.
Селхана жимачу Вахас Дадина керт юцуш г1о дира.
Селхана боху куцдош предложенехь хенан латтам хуьлий лела.
Куцдешнех предложенехь тайп-тайпана латтамаш хуьлу.
Хенан куцдашах – хенан латтам. Хьалххе самаваьллера жа1у.
Меттиган куцдашах – меттиган латтам. Арара схьаетталуш бецийн хаза хьожа яра.
Бахьанин куцдашах – бахьанин латтам. Вовший дукхавезарна тайра ши доттаг1.
1алашонан куцдашах – 1алашонан латтам. Вахина х1уьттаренна д1авахара 1иса.
Даран суьртан куцдешнех – даран суьртан латтам. Сихха д1ахьаьлхира кегий бераш.
Бараман куцдешнех – бараман латтам. Латта 1аббалц деара дог1а.
Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу. Билгалдаха деза Рашидов Шаидан «Вина лаьмнаш» ц1е йолчу стихотворенин байташ юкъара куцдешнаш.
Белшах к1удал тесна сарахь хит1а бог1у мехкарий,
Тийна йог1у буьйса арахь, даккхий догу седарчий.
Вина лаьмнаш т1ех дезарна сан дог, ойла хьерча шух.
Со, шуна т1е кхачархьама, геннара ц1а вог1уш ву.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Белшах к1удал тесна сарахь хит1а бог1у мехкарий,
Тийна йог1у буьйса арахь, даккхий догу седарчий.
Вина лаьмнаш т1ех дезарна сан дог, ойла хьерча шух.
Со, шуна т1е кхачархьама, геннара ц1а вог1уш ву.
Таблици чу д1анисдийр ду вай байташ юкъара куцдешнаш.
Куцдешнаш нийса д1анисдича иштта хир ду.
Куцдешан тайпа
Синтаксически г1уллакх
Масал
хенан куцдош
хенан латтам
сарахь
меттиган куцдош
меттиган латтам
хит1а, арахь, генара
бахьанин куцдош
бахьанин латтам
тийна
1алашонан куцдош
1алашонан латтам
т1ех дезарна
даран суьртан куцдош
даран суьртан латтам
даккхий
бараман куцдош
бараман латтам
кхачархьама
 Кхин  а ши т1едиллар кхочушдийр ду вай вай 1амийнарг т1еч1аг1деш. Таблици чу д1а а нисдеш дийца деза х1окху куцдешнийн тайпанаш.
Челакха, гурахь, ломахь, хазалла, , шелонна, хаъал, забарина, шортта, к1оршаме, совг1атна, арахула, цундела, к1езиг, новкъахь, наггахь, лахахь,  х1инцца, алссам, аьхка, т1аьхьалонна.
 Нийса жоп х1окху кепара ду.         
Куцдешнийн синтаксически билгалонаш
хенан латтам
наггахь, аьхка, гурахь, х1инцца.
меттиган латтам
ломахь, арахула, лахахь, новкъахь.
бахьанин латтам
шелонна, хазалла, цундела.
1алашонан латтам
забарина, совг1атна, т1аьхьалонна.
даран суьртан латтам
челакха, к1оршаме.
бараман латтам
хаъал, шортта, к1езиг, алссам.
Х1оттор ю вай  и дешнаш юкъахь долуш масех предложени.
Масаллин кеп иштта ю.
Жима волуш дуьйна а челакха ву олура Ахьмадна. Арахула ловзуш лелла г1елвеллера жима 1умар. Гурахь, 1аьнна кечам бина а баьлла, хьалххе чубирзира Хьамзатг1еран доьзал. Новкъахь сеца а соьцуш, юх-юха а йоккхаерца хьоьжура Аминат ша Мархина совг1атна хьуш долчу йовлакхе. Шелонна са а ца тохаделла, пеш латийра Азмана. Ша винчу шен нене к1оршаме дош алахь, к1ант декъал ма велахь, х1ай, сийлахь Дела! И хабар хезча хаъал серладевлира Селиман б1аьргаш.
Х1окху урокехь вайна 1еми  предложенехь  куцдешнаша до синтаксически г1уллакх а царех  предложенехь тайп-тайпана латтамаш хилар  , 1амийнарг  т1е а ч1аг1деш болх а бира вай шуьца. Керла дешнаш а девзи вайна, уьш дагадохкуьйтур ду  вай.
            К1оршаме – юьхьйоцуш вон вистхуьлу, дош муьста.
            Челакха – аьрха амал йолуш, сиха.
            Уьш куцдешнаш ду.
Дала латтадойла вайн оьзда г1иллакхаш, дайх дисина 1адаташ, дай баьхна хьоме мохк, вайн жима нохчийн къам, сов мерза ненан мотт. И синмехаллаш ларъян вай декхарийлахь ду шуна. Цкъа а дицдан ца деза вай и.
Пайдаэцна литература.
1. В. А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт» 7 класс Грозный ГУП «Книжное издательство» 2007 шо.
2. В. А. Янгульбаев, С. В. Янгульбаева «7 классехь нохчийн мотт хьехар» Грозный ГУ «Книжное издательство» 2003 шо.
3. З. Д. Джамалханов, М. Ю. Мачигов «Нохчийн мотт» Нохч-Галг1айн АССР-н педучилищан 1-2-чуй курсийн студенташна учебник. Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 1985 шо.
4. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2010 шо.
5.  А. Г Мациев «Чеченско-русский словарь» Москва 2000
6. А. Д. Вагапов «Нохчийн метан доштуьду жайна» Нальчик «Полиграфсервис иТ» 2001.
7. Ш. Рашидов «Иллеш, эшарш» Издательство «Юпитер» Махачкала 2004.

Close
Яндекс.Метрика