Урок №38 Куцдешнийн тайпанаш,церан хаттарш,маь1наш

Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!
Д1айолор вай вешан  рог1ера урок.
Урокан ц1е: Куцдешнийн тайпанаш, церан хаттарш, маь1наш.
Урокан 1алашо: Куцдешнийн тайпанаш довзийтар, цара муьлхачу хаттаршна жоп ло, х1ун гойту 1амор.
Х1окху урокехь шуьца куцдешнийн тайпанех лаьцна дуьйцур ду вай.
Яханчу урокехь вайна девзира къамелан дакъа —куцдош.
Даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш гойту куцдашо.
Куцдашо жоп ло, дар я хилар муха? маца? мичахь? х1унда? х1ун 1алашо йолуш? Бохучу хаттаршна.
Далор ду вай масалш.
Масала:
вахара (муха?) – меллаша
еара (маца?)- селхана
яра (мичахь?)- кхузахь
ийцира(мел?)- дуккха а
вахара( мича 1алашонца?)-деша
Х1ун башхаллаш ю билгалдашнийн ,куцдашнийн юкъахь дагадоуьйтур ду вай.
Билгалдош къамелехь ц1ердашца  лелаш, цуьнца уьйр йолуш а хуьлу. Предложенехь дукха хьолахь къастам хуьлий лела.
Ткъа куцдош дар я хилар тайп-тайпанчу латтамашкахь хилар гайтарца, хандашца уьйр йолуш, иза кхетош а хьулу дукха хьолахь. Предложенехь латтам хуьлий лела куцдош.
Масала: Болх дика беш бу х1орш.
Цу предложенехь дика даран суьртан латтам бу.
Шайн маь1нашца куцдешнаш тайпанашка декъало. Хьовсур ду  вай маса тайпане декъало куцдешнаш,схьаяздийр ду вай текста юкъара куцдешнаш, шайца уьйр йолчу дешнашца цхьаьна, иштта оьрсийн матте а дохур ду уьш.
Сенъелла (маца?)- б1аьста— хан гойту, хенан куцдош ду,
позеленели (когда?)- весной— наречие времени;
Баржа болало (мичахь?)-юьртахь, меттиг гойту, меттиган куцдош ду, рассеивается (где?) по всему селу— наречие места;
Хаьхкина (муха?)-чехка— мухалла гойту, даран суьртан куцдош, погнали (как?)- быстро— наречие образа действия;
Элира (стенна?)- х1уьттаренна, мича 1алашонца аьлла гойту, 1алашонан куцдош ду-сказал ( с какой целью?)- назло— наречие цели;
1ийра (мел?)-дуккха— барам гойту, х1ара бараман куцдош ду, ждал (сколько?)-долго-наречие.
Х1инца хьовсур ду вай маса тайпана куцдешнаш карий вайна текстехь.
Хенан
Меттиган
Дарансуьртан
1алашонан
Бараман
Вайна ялх тайпана куцдешнаш билгалдевли . Царел сов кхин юкъаметтигаллин куцдешнаш а ду :хаттаран куцдешнаш чолхечу предложенешкахь юкъаметтигаллин маь1нехь лела.
Масала:
маца? мича?стенга?мичахь?мичахьа?мичхьахула?мацале?маццалц?мичара?муха?х1унда?
Масала: Дада  ц1а маца вог1ур ву?
Х1окху предложенехь билгалдина дош хаттаран куцдош ду.
Шу мичара девли?
Мичара– хаттаран куцдош ду.
Харцдерг х1унда дуьйцу ахь?
Х1унда-хаттаран куцдош ду.
Изза хаттаран куцдешнаш чолхечу предложенешкахь юкъаметтигаллин маь1нехь а лела, масала:
Суна ца хаьа, дада ц1а маца вог1ур ву.
Мичара девли ца хууш, ма дукха гулдели шу.
Шена хууш х1ума а доцуш,харцдерг х1унда дуьйцу-м ца хаьа.
Х1окху предложенешкахь билгалдина дешнаш юкъаметтигаллин куцдешнаш ду.
1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай: 
Лахахь ялийначу предложенешкара куцдешнийн тайпанаш билгалдаха .
Делча санна  1уьллура цхьогал.
Хийла б1аьрг биттина цо лома.
Сахиллалц 1ийра тхо туьйранаш дуьйцуш.
Д1адийна ялта хьала ца делира йокъахиларна.
Майданахь д1ах1оьттинера ловзар.
Некъ бацбархьама, воккхачу стагана тамехь долу къамел дан вуьйлира со.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь, иштта хила деза:
Делча санна(муха?)-   даран- суьртан куцдош,
хийла(мел?)-бараман куцдош,
сахиллалц (маццалц?)- хенан куцдош,
йокъахиларна(х1ун бахьана долуш?)-бахьанин куцдош,
майданахь(мичахь?)- меттиган куцдош,
некъ бацбархьама (х1ун 1алашо йолуш?)-1алашонан латтам
Х1окху урокехь девзи куцдешнийн тайпанаш, церан хаттарш, иштта церан маь1наш.
Куцдешнийн коьрта ялх тайпа ду, цул сов куцдешнаш хуьлу юкъаметтигаллин,хаттаран.
Кху т1ехь вай урок ерзор ю,шун 1одика йойла, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев « Нохчийнмотт» 7 класс
В.А. Янгульбаева, С.В. Янгульбаев « 7 классехь т   нохчийнмоттхьехар»
Кадиев Р., Ахмадова Д., Давлетгириев А. « Нохчийнметтахьехархочуннаг1оьнна д1аекъаран коьчал -7 класс»
З.Д.Джамалханов, М.Ю.Мачигов « Нохчийнмотт 1 – радакъа» 1-2-чуй курсинстуденташна учебник.
1.Мамакаев « Б1аьстенан 1уьйре» ц1е йолубайташ.
М.Ахмадов Б1е эзардика г1уллакх»
А.Исмаилов « Дош».

Close
Яндекс.Метрика