Маршалла ду шуьга , хьоме дешархой!
Вай д1ахьур ю рог1ера урок.
Урокан ц1е: Куцдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а ю.
Урокан 1алашо: Куцдешан муьлха билгалонаш ю, х1ун башхалла ю куцдашний, билгалдашний юккъехь .
Муха къасто деза уьш вовшех хаар.
Вешан коьрта болх д1аболабале хьалха вай шуьца жимма хьалха 1амийнарг карладоккхур ду.
Коьрта къамелан дакъа 6 ду
Ц1ердош.
Билгалдош.
Терахьдош.
Ц1ерметдош.
Хандош.
Куцдош.
Г1оьналлин къамелан дакъош :
Дешт1аьхье
Хуттург
Дакъалг
Айдардош
Хьовсур ду вай куцдош стенах олу.
Даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш гойтучу къамелан декъах куцдош олу.
Масала: Тахана де довха ду. маца? тахана куцдош ду.
Куцдош , дар я хилар муха? маца? мичахь? х1унда? х1ун 1алашо йолуш? хуьлу гойтуш а, кхочушхиларан барам гойтуш а хуьлу. Предложенехь куцдош, сказуемица уьйр а йолуш, латтам хуьлий лела.
Масала: Б1аьста хьуьнхахь хаза хуьлу.
Цу предложенехь билгалдаьхначу дешнаша хилар кхочуш хуьлуш йолу хан а, меттиг а гойту.
Б1аьста (маца?)-хенан латтам,
хьуьнхахь( мичахь?) -меттиган латтам
Сентябрехь бераш школе деша дахара.
дахара (маца?) сентябрехь-хенан куцдош
( стенга?)школе –меттиган куцдош
(х1ун 1алашо йолуш?)-деша -1алашонан куцдош
сентябрехь,школе, деша-предложенехь латтамаш бу
Х1инца вай дийцинарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едилар лур ду шуна. Шайца дог1уш долчу ц1ердешнашций, хандешнашций д1аяздийр ду вай х1ара дешнаш ,лахахь ялийначу кепах пайда а оьуш:
Жима, шера, чехка, бертахь, чолхе ,тийна, оьг1азе, к1еда, мерза, шийла.
Кеп: чехка хи – чехка вог1ура.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь, иштта хила деза:
жима коч – жима тегна;
шера некъ- шера биллина;
бертахь доьзал- бертахь беха;
чолхе зама- чолхе еана;
тийна буьйса- тийна лаьтта;
оьг1азе стаг- оьг1азе хетара;
к1еда хьокхам- к1еда беттина;
мерза мотт- мерза буьйцу;
шийла шовда- шийла дог1у;
Кхолладеллачу дешнийн цхьаьнакхетаршна таллам бийр бу вай.
муха?
Кеп: жима коч– жима тегна
билг. ц1ердош куцдош хандош
Хьалхарчу дешнийн цхьаьнакхетарехь коч коьрта дош ду, коьртачу дашна т1ера хаттар лур ду вай, коч (муха?) жима, коч -ц1ердош ду, жима – билгалдош ду.
Шолг1ачу дешнийн цхьаьнакхетарехь тегна коьрта дош ду, цу т1ера хаттар лур ду вай, тегна (муха?)- жима куцдош хуьлу.
Иштта толлур ду аша дисина дешнийн цхьаьнакхетарш а.
муха?
шера некъ–шера биллина
билгал. ц1ердош куцдош хандош
Хьоме бераш, дагахь латто деза аш:
Вайн къамелехь муха? бохучу хаттарна жоп луш долу дош ц1ердашца уьйр йолуш хилахь, иза хир ду билгалдош, хандашца уьйр йолуш хилахь куцдош хир ду.
Х1инца кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Лахахь далийнчу куцдешнашна дуьхьал маь1на долу куцдешнаш даладе вай. Цкъа хьалха дагадоуьйтур ду вай лахарчу классашкахь 1амийнарг.
Х1ун олу дуьхь-дуьхьал маь1на долчу дешнех?
Дуьхь-дуьхьал маь1на долчу дешнех антонимаш олу.
х1инца вай далор долу куцдешнаш-антонимаш хир ю.
Аьхка ,дийнахь,1уьйранна, шелонна г1енах, уллохь, дукха, чехка, наггахь.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь, иштта хила деза:
Аьхка-1ай
дийнахь-буса
1уьйранна-суьйранна
шелонна-йовхонна
г1енах-самах
уллохь-генахь
дукха-к1езиг
чехка-меллаша
наггахь-кест-кеста
Х1инца шина а маь1нехь долу куцдешнаш юкъа а далош ши предложени х1оттор ю вай.
Йоьшур ю вай ваьш х1иттина предложени:
Массо 1уьйранна а,суьйранна а шен цомгашчу йишина т1ех1отта воьдура Ахьмад.
Цу предложенешкара куцдешнаш сизаш хьакхарца билгалдийр ду вай.
Куцдешах лаьцна дийцинарг т1еч1аг1деш, ас йоьшур ю шуна нохчийн г1араваьллачу поэтан Мамакаев 1аьрбин « Садаьржаш» ц1е йолу байт т1ера цхьа кийсак:
Н1аьнеш кхойкху, садаьржина,
Стиглахь етта-шура ю,
Бутт сахиллалц цабижарна
К1алдан мижарг санна бу.
Сирла х1уо ду сирчу арахь,
Дуьне набарх долуш ду.
Цу хенахь хьо беша валахь,
Хьуна 1уьйре езар ю.
А.Мамакаев
Муха бу оцу байтан чулацам? Кхета атта хетий шуна цунах?
Цу т1ехь дуьйцург б1аьргашна гуш санна хета, х1унда аьлча исбаьхьаллин г1ирсаша г1о до байта т1ехь дуьйцург б1аьргашна гуш
хилийтархьама.
Оцу исбаьхьаллин г1ирсех цу т1ехь вайна билгалъели метафора. Садаржарца 1аламан хазалла гойтуш пайда эцна поэта цунах.
Ткъа куцдешнаш дуй кхузахь? Цара мел г1о дина аьлла хетий шуна и
1аламан сурт кхуллуш?
Х1окху кийсак юкъахь дуккха а ду куцдешнаш. Цара доккха дакъа лаьцна аьхкенан 1уьйре гойтуш долу Даймехкан 1аламан сурт кхуллуш.
Буха сиз а хьокхуш билгалдоккхур ду вай и куцдешнаш.
Н1аьнеш кхойкху, садаьржина,
Стиглахь етта-шура ю,
Бутт сахиллалц цабижарна
К1алдан мижарг санна бу.
Сирла х1уо ду сирчу арахь,
Дуьне набарх долуш ду.
Цу хенахь хьо беша валахь,
Хьуна 1уьйре езар ю.
Тахана урокехь вай дийцинарг т1еч1аг1деш, вай ала таро ю куцдешнаша вайн къамел хаздо, тодо, куьце даладо. Куцдешнаш вайн меттан лексикехь ца хилча, ч1ог1а къен хир бара нохчийн мотт.
Цундела, нохчийн меттан дерриге а къамелан дакъош аш дика 1амадахь, дика дагахь латтадахь, шу цкъа а дуьсур дац ала дезачохь шайн ненан маттахь дош ца карош.
Билгалдош къамелехь ц1ердашца лелаш, цуьнца уьйр йолуш а хуьлу. Предложенехь дукхахьолахь къастам хуьлу.
Ткъа куцдош дар я хилар тайп-тайпанчу латтамашкахь хилар гайтарца, хандашца уьйр йолуш а, иза кхетош а хуьлу, дукхахьолахь предложенехь латтам хуьлий лела куцдош.
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев « Нохчийнмотт» 7 класс
В.А. Янгульбаева, С.В. Янгульбаев « 7 классехьнохчийнмоттхьехар»
Кадиев Р., Ахмадова Д., Давлетгириев А. « Нохчийнметтанхьехархочунна г1оьнна д1аекъаран коьчал -7 класс»
З.Д.Джамалханов, М.Ю.Мачигов « Нохчийнмотт 1 – радакъа» 1-2-чуй курсинстуденташна учебник.
1.Мамакаев « Б1аьстенан 1уьйре» ц1е йолубайташ.
М.Ахмадов Б1е эзар дика г1уллакх»
А.Исмаилов « Дош».