Урок №35 Масдарца дацаран дакъалг ца нийса яздар

Ерриге а исбаьхьалла шеца йолуш, хаза бу вайн мотт. Амма и исбаьхьалла ган а, йовза а  лууш вай делахь меттан бакъонаш 1амо а, йовза а, талла а  еза.
Тахана вай дуьйцур ду масдарца дакъалг -ца муха яздо.
Амма керлачу теми т1е довлале хаарийн актуализаци  йийр ю вай.
Д1адеша яздина дешнаш:
Гулар (сборник), дийцар, хабар, жулар, хьацар,цестар, дехар,велар,
Хьовса вай царех муьлхарш ду масдарш?
дийцар, 
цестар,
дехар,
велар,
Уьш муха кхолладелла а, хьовсур ду вай.
Уьш  кхолладелла хандешан билгалзачу кепана  т1е суффикс -р кхетарца.
дийца+р
цеста+р
деха+р
вела+р
язда+р
Дагадаийта шайна, стенах олу масдар?.
Хандашах хиллачу ц1ердашах масдар олу .
Цо дар я хилар гойту.
Дагадаийта дакъалг  –ца муха яздо дешнашца.
Хандешнашца къаьстина яздо: – ца веара, ца тийшира, ца хиира.
Карарчуй, яханчуй хенашкахь йолчу лаамечу причастешца цхьаьна яздо:
цагинарг, цаэриг, цавеънарг.
Йог1учу  хенахь йолчу лаамечу причастица къаьстина яздо: – ца аьн дерг,ца гун дерг.
Ткъа тахана вай дуьйцур ду масдарца дакъалг –ца муха язйо.
Масдарца дацаран дакъалг –ца даима а цхьаьна яздо:
цавахар, цатешар, цахаар.
Дацаран дакъалг –ца  масдарца хьалха а, дешхьалхенашна т1аьхьа а нисло:
цавахар, чуцавахар, т1ецалацар.
Чолхечу масдарехь шина орамна юккъе нислахь а, дешхьалхенний, орамний юккъе нислахь а, дакъалг –ца цхьаьна яздо:
къацахетар, пусурцадар, д1ацавадар.
Х1инца шун  хаарш т1еч1аг1деш болх  д1ахьур бу вай
Къовларш д1а а йохуш, т1ера схьаязъе предложенеш.
Къастаде масдар.
Ладог1а (ца) хаар – бала, ладог1а хаар – г1ала.
Дешар-серло, (ца)дешар-бода.
Хьаша (ца) везарг, Далла а (ца) веза.
Х1инца хьовсур  вай шун х1ун нисделла.
Ладог1а цахаар – бала, ладог1а хаар – г1ала.
Дешар-серло, цадешар-бода.
Хьаша цавезарг, Далла а ца веза.
Цахаар–масдар
цадешар – масдар
цавезарг–карарчу хенахь долу причасти.
ца веза-хандош
Д1адеша х1ара кица:
Доттаг1а везар– ша-шен везар.
Дакъалг –ца т1етохарца хийца оцу кицанан маь1на.
          
Доттаг1а цавезар – ша-шен цавезар
Оьрсийн маттахь муха эр дара х1ара кица?
Не любить друга – себя не любить.
(б1аьстенан юьхь а, заза а гуш сурт)
Х1окху суьрте а хьовсуш язъе сочинени-миниатюра, шайца дацаран дакъалг-ца цхьаьана долу масдарш юкъа а далош.
 Гергарчу  хьесапехь иштта хила тарло  жима сочинени:
Адамийн дахаре болу хьежам хуьйцуш схьакхочу хаза б1аьсте. Шийлачу 1аьно д1ахьо шеца цабезам, цатешар, цавашар. Х1ора адамийн дегнаш чу йовхо кхачош схьакхета бовха малх. Цо д1адоккху дегнаш чуьра къацахетар, пусарцадар. Б1аьстенан хазалла цагаро, цахазаро адамийн са цакхиар гайта тарло. Оцу адамо лоьхур ву, шена дуьненан хазалла цагарна бехкениг, амма иза цуьнца шеца хир ву.
Вай юкъадалийнера х1ара сочинении-миниатюра язъеш: цабезам, цатешар, цавашар. къацахетар, пусарцадар, цагаро, цахазаро, цакхиар, цагарна,.
Х1инца хьовсур-кх вай вешан хааршка. Х1окху масдаршна т1етоха дацаран дакъалг –ца. 
Алар                           чувахар                         аравалар
Кхехкар                       т1ехвалар                    сагар
Латар                         т1елацар                     юхахьажар
Шу т1едилларца ларийнехь иза иштта хир ду:
Цаалар                           чуцавахар                   арацавалар
Цакхехкар                      т1ехцавалар               сацагар
Цалатар                        т1ецалацар                 къацахетар
Х1окху урокехь вай шуьца карладаьккхира причасти, дакъалг – ца хандашца муха язйо, девзира керлачу дешнийн маь1на. Карладохур вай уьш.
Жулар – недоуздок, цхьа га долу гаьллаш йоцу дуьрста
Гулар  – сборник, байтин гулар.
Шуна ц1ахь т1едуьллу:
Х1окху хандешнех, дацаран дакъалг –ца юкъадалош, масдарш дан.
Масех предложени х1оттае цаьрца.
Лаха, лакха, лаца, чуваха, хьалавала, ала, кечвала, д1акъаста, ваша.
Кеп: хьахо-хьахор-цахьахор.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю,шун  1одика йойла, дахаран бехачу новкъахь ирс, аьтту хуьлийла шун.
 
Пайдаэцна литература:
1.        С.Э.Эдилов «Самукъане грамматика» Соьлжа-г1ала.Издательство «Арфа-Пресс»
2.        В.А.Янгульбаев, Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс»
3.        В.А.Янгульбаев, С.В.Янгульбаев « 7 классехь нохчийн мотт хьехар»
4.        А.Т.Карасаев,А.Г.Мациев «Русско-Чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 1978г.
 
Караде г1алат:                 Караде г1алат.  Масдар хийцало…
а) ца магар;                           а) терахьашца;               
б) цаэшар;                              б) яххьашца;
в) охьацавоссар;                  в) дожаршца;
 г) чуцавахар.                        г) классашца.
Вийцар бохучу дешан меттигниг дожарехь чаккхе хуьлу:
а) вийцарга;
б) вийцаре;
в) вийцаршка;
г) вийцарна.
 
Караде г1алат:
а) цаяздар;
б) цатергалъяр;
в) цакхайкхар;
г)  цахаар.      
 
 
МБОУ  «СОШ Комсомольского с.п.» Гудермесский район
Таибова Лариса Омаровна.

Close
Яндекс.Метрика