Масдаран легар, дожарийн чаккхенаш.Масдарний , хандашний юккъехь йолу башхалла йовзар
1алашо: Масдаран легар ,дожарийн чаккхенаш дожарашца хийцадалар хьалхарчу легарна чудог1учу ц1ердешнийн санна хила дезар гайтархьама предложенеш таллар,масдарийн, хандешнийн юккъехь йолу башхалла йовзийтар.Предложенехь церан башхаллаш схьалаха 1амор и болх эвсарбаккхар.
Маршалла ду шуьга, сан хьоме,дешархой.
Дуьненахь дукха а ду меттанаш .Царна юкъахь бийца аттаа,хьалдолуш хиларца а шен меттиг д1алоцуш бу нохчийн мотт.Иза эзарнаш шераш хьалха кхоьллина бу . Цунах лаьцна ,талла а толлуш ,дукха яздина вайн 1илманчаша.Цунна масалш к1езиг дац.
Ладог1ий вай ,хьехаме дешнашка:
Адамашкара говзалла 1амаелахь ,цунах пайда эца хьажалахь.
Оьг1азе ма хилалахь ,оьг1азе стаг цкъа а ирс долуш хилла а вац я хирвац.
Стогаллех вохий хьайбана ма тарлолахь.
Масдаран кхолладаларан некъаш дийцар
Цхьаьна дешдекъах лаьттачу билгалзачу кеперчу хандашах масдар хуьлуш,чаккхенгара –н-д1а а долуш,цуьнан меттана -р-х1утту
Ган-гар,ван-вар,зен-зер,дан-дер
Масдар классашца а, терахьашца а, хийцадаларх лаьцна дийцур ду вай.
Цхьадолу масдарш классийн гайтамаш болуш хуьлу .Оцу гайтамийн г1оьнца уьш хандешнаш санна классашца хийцало.
Дика тидамбе вай х1окху т1едилларан.
Т1адамийн меттана элпаш х1иттаде,оьшучохь ц1оьмалгаш яхка:
Кавказа… дукхах долу къаьмнашшай… мат…аца а г1ил…акхца а культурица а вовший…гергара ду.
Нийса жоп:
Кавказан дукхах долу къаьмнашшайн маттаца а, г1иллакхца а, культурица а вовшийн гергара ду.
Дагалаций вай омонимаш?
Алар ,яздар цхьатера а долуш маь1на тайп-тайпана долчу дешнех омонимаш олу.
Кхузахь масдарш: алар, яздар
Мотт-бохучу дашна ялае омонимаш.
Буьйцу мотт, доьхкаран мотт, д1авуьжу мотт,багара мотт.
Машар-бохучу дашна бе морфологически къастам.
Машар-х1ун? ц1ерниг дожар,юкъара ц1ердош,цхьаллин терахь,кхийолчу х1уманийн класс,1-ра легар, }
Легаде масдарш, чаккхенаш билгаъяха: тегар,т1ехвалар.
Ц1.тегар
Дл.тегаран
Л.тегарна
Др.тегаро
К.тегарца
Х.тегарх
М.тегаре
Дс.тегарал
Масдаран дожаршца хийцадалар хьалхарчу легарна чудог1учу ц1ердешнийн санна хуьлу.
Лерина тидамбе вай:
Ц1.к1удал, белар
Дл.к1удалан,беларан
Л.к1удална ,беларна
Др.к1удало, беларо
К.к1удалца, беларца
Х.к1удалх, беларх
М.к1удале, беларе
Дс.к1удалал, беларал.
Дешнаш т1ехь болхбийрбу вай (оьрсийнматтегочде)
Яздер-кха аса кехат. (напишу-ка я письмо).
Наштаранведар.(алюминиевое ведро)
Дешархой,шуна тахана урокехь 1еми масдаран дожаршца хийцадалар хьалхарчу легарна чудог1учу ц1ердешнийн санна хилар.
Тидаме эца вай.
1.Бакъдерг ду лаьттахьа,стиглахьа,дуьненахь а ,массо а х1уманан да а,паччахь а волчу Аллах1ах (тешар)-масдар билгалде.
2.Шолг1аниг –вай цуьнан леш хилар,цунна г1уллакх деш хилар,цуьнгара долчу г1опе дог дохуш хилар хьастадаларца д1ахаийтар ду.
3.Кхоалг1аниг-, Деле доьхуш и ша реза хинволчу нийсачу новкъа дахар,оьг1азлонах ,тиларх лардар доьхуш до1а дар ду.
Кхачойоллуш хаарш т1еч1аг1деш,нийсаниг хоржуш, ц1ахь бан болх луш,ерзор ю вай вешан урок.
1.Масдар ….
Къамелан дакъаду,дар я хилар гойту цо;
Ц1ердош ду.х1ума билгалйоцо;
Хандашах хилла ц1ердош ду.
2.Г1алат караде
Масдар хийцало …
терахьашца;
яххьашца;
дожаршца;
классашца
3.Муьлха масдар кхоллалуш–нметта–р-яздо
вахар;
зер;
лелар.
Сан кегий доттаг1ий,цу т1ехь вайн урокана лерина хан чекхъели.
1одика йойла, марша 1ойла. Ладог1арна барка ллашуна.
Пайдаэцна литература
1.В.А.Янгульбаев,Ж.М.Махмаев. «Нохчийн мотт»-7класс.Соьлжа-Г1ала.ГУП «Книжни издательство» 2010шо
2.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика»5-11 класс Соьлжа-Г1ала 2012 шо.
3.Исмаилов Абу «Дош»Соьлжа-Г1ала 2005 шо
4.1.Т.Карасаев ,А.Т.Мациев русско-чеченский словарь.
Нохч-Г1алг1айн АССР-н МинистрийнСоветан Нохч-Г1алг1айн историнсоциологинфилологин институт.
5. «Нохчийнметта1илманан терминийн луг1ат»Халидов А.И.Соьлжа-Г1ала
Пачхьалкханунитарнипредприяти 2012шо.