Урок №27 Причастин нийсаязъяр

Урокан 1алашо ю: причастин нийсаязъяран бакъонаш йовзийтар, къамелехь причастин карчам схьакаро хаар;
Карладоккхур ду вай причастин кхоллаялар:
Карарчу хенан причасти карарчу хенан хандашах кхоллало : к1ант вог1у-вог1у к1ант.
Яханчу хенан причасти яханчу хенан хандашах кхоллало: илли аьлла-аьлла илли.
Карарчу хенан причасти т1е –долу, болу, волу, йолу боху г1оьналлин хандешнаш кхетарца йог1учу хенан причасти кхоллало: дуьллу сурт – дуьллу долу сурт
Билгалдаккхар: йог1учу хенан причасти кхоллалуш цкъацкъа карарчу хенан причастин орамера аз хийцало: олу дош-аьн долу дош.
Ткъа х1инца, вайна причасти муха кхоллало а хууш хилча, цуьнан билгалонаш а евзаш хилча,  толлур ду цуьнан нийсаязъяр.
До, во, бо, йо- боху г1оьналлин хандешнаш кхечу дешнийн орамна т1екхетарца кхолладеллачу хандешнех хиллачу  карарчу хенан причастин чаккхенга  — о меттана  – е  х1утту:  кехат яздо – язден кехат, малхо вохво – вохвен малх, белхи гулбо – гулбен белхи.
Карарчуй, яханчуй  хандешнех хиллачу лаамазчу причастин чаккхенаш оцу хандешнийн ма-хиллара юьсу: дешархой ловз – ловзб1аьстейог1 – йог1б1аьстемоххьоькх – хьоькхмох
Йог1учу хенан причасти кхуллуш долу, волу, болу, йолу боху хандешнаш причастех къаьстина яздо: вог1у волу хьаша, дуьйцу долу хабар, хьоькху болу мох.
Причастин нийсаязъярх  лаьцна вайна 1еминчух пайда а оьцуш, х1ара т1едиллар кхочушдийр ду вай.           
Лахахь ялийна карарчу хенан причастеш  яханчуй, йог1учуй хенашка а йохуш , д1аязъе.
Кеп: вог1у к1ант- веана к1ант, вог1у волу к1ант.
Дуьйцу хабар, охку латта, кхехка чай, лоькху йиш, йоду говр,  йог1у йо1, ловзо буьрка, кхойкху н1аьна.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза:
Дуьйцу хабар –дийцина хабар, дуьйцу долу хабар.
Охку латта- аьхкина латта, охку долу латта.
Кхехка чай- кхихкина чай, кхехка долу чай.
Лоькху йиш- лекхна йиш, лоькху йолу йиш.
Йоду говр- едда говр, йоду йолу говр.
Йог1у йо1- еана йо1, йог1у йолу йо1.
Ловзо буьрка – ловзийна буьрка, ловзо йолу буьрка.
Кхойкху н1аьна – кхайкхина н1аьна(борг1ул), кхойкху йолу н1аьна(борг1ул).
Х1инца вай толлур ду вай предложенехь  причастин карчамехь  сацаран хьаьркаш х1иттор. И хаархьама вайна хаа дезар ду причастин карчам х1ун ю.
Предложенехь причастица нисло иза билгалъеш долу дешнаш (оьрсийн маттахь определяемое слово). Цаьрца цхьаьна цунах причастин карчам олу:
Масала:
Йоккха хорбаз, тхан вашас еана йолу, вуно мерза хиллера.
Тхан вашас еана йолу – причастин карчам бу, предложенехь иза ц1оьмалгаца шина а аг1ор билгалбо, х1унда аьлча цунна хьалха лаьтта  ц1ердош – хорбаз — иза билгалбен дош ду.
Тахана урокехь вайна дуккха а керланиг девзира причастин нийсаязъярах лаьцна. Х1ун аьлла хета шуна, цара къамел къагадо я эрчадоккху?
Адам стен къагадо? (Г1иллакхо)
Б1аьстенан бай кхалориг х1ун ю? (Зезаг)
Лело г1иллакх оьзда долуш,
Ийман-ислам шайца долуш,
Дена-нанна муьт1ахь долуш,
Даймахкана хьанала долуш,
Г1оза, дукха даха шу.
 
Пайдаэцна литература:
1) В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт – 7 класс». Грозный: ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочи», 2013.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2010.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум». Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2011.
Исмаилов Абу. «Дош». Соьлжа-Г1ала. 2005.
 
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Абдулмежидова Марет Нажаевна.

Close
Яндекс.Метрика