Х1окху урокехь шуна евзар ю хандешан хаттаран кепаш.
Хьалхарчу урокехь вай 1амийра хандешнийн кхолладаларан некъаш.
Цхьадолу хандешнаш кхоллало кхечу къамелан дакъошна т1е г1оьналлин
хандош –дан кхетарца.
Классашца а, хенашца а хийцалучу -дала, -делла г1оьналлин хандешнаша чолхе хандешнаш кхолларца а.
Хандешан билгалзачу кепа т1е -йита, -вита, -бита, -дита кхетарца а, иштта дешхьалхено а ло хандашна керла маь1на.
Х1инца урокан тема йостур ю вай:
Х1окху кепа т1е а хьовсуш, дуьйцур ду вай хандешан хаттаран кепех лаьцна.
Хандешан хаттаран кепаш
Нийса хаттар кхоллало хандешан чаккхенга-й, -ий х1оттарца
Билгалдаккхадеза
Х1инц-яханчу кепана т1е
—н кхетар:
Лач хаттар нийсачу хаттарна т1ехьа дакъалг —те, -техьа. –теша х1оттарца кхоллало. Уьш юкъе сиз дуьлуш яздо.
г1оттур вуй?
дуьйцур дуй?
г1oдирий?
хилирий?
х1оьттирий?
кхечин?
ийцин?
хаьттин?
веан?
гайтин?
дийширий- те?
яханерий- техьа?
йигирий — теша?
т1евеарий техьа?
ч1аг1лур юй- те?
Х1инца вай 1амийнарг т1еч1аг1дийр ду.
Д1аязйийр ю предложенеш, хандешан хаттаран кепашна буха сиз а хьокхуш:
Хьо маьждиге ваханерий?
Аслан кхана мангала вог1ур вуй-те?
Дадас жижиг деаний?
Ахьмада говр хи т1е йигирий-теша?
Тховса шеллур юй-те?
Ислам балха вахарий-техьа?
Шу кхин цхьана т1едилларца муха ларадо хьовсур ду вай!
Лахара хандешнаш хаттаран кепашка а дерзош, д1аязде:
воьду, тесна, дийца, веанера, яздийр ду,
Кеп: вог1у – вог1ий – веан — веаний те
Т1едилларца шу нийса ларийнехь иштта хила деза:
воьду–воьдий-вахан-ваханий те
тесна-тесний-тесин – тесний-техьа
дийцира-дийцирий – дийцин- дийцирий-техьа
веанера-веанерий-веан-веанерий-те
яздийр ду-яздирий-яздин-яздийр дуй те.
Х1окху урокехь хандешан хаттаран кепаш йовзийти вай, иштта хандешан нийсачу хаттарна т1ехьа- -те, -техьа,- теша дакъалгаш х1отта тарлой а хии, церан яздаран бакъонаш а евзи .