Урок №14 Хандешан пхоьалг1а спряжени

Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а ца хилча йиш йоцу  г1ирс бу. Иза к1орггера дика 1амор вайн декхар ду. Шен махке болу безам шен матте бацахь маь1на долуш бац. Мотт вай 1ама а бо, дахаран т1аьххьара денош т1екхаччалц, саццаза 1амо декхар а ду.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду пхоьалг1ачу спряженех лаьцна.
Пхоьалг1ачу спряженина чудог1урш билгалзачу кепехь орамехь -у (ю)-долу хандешнаш ду.  Уьш карарчу хене дохуш и аз ца хийцало.
Масала:
Туса
Дула
Дуста                                   билгалзачу кепехь орамехь –У, -Ю ду.
Юста
Тусу
Дулу
Дусту                                   карарчу  хенахь  и аз ца хийцало.
Юсту
Туса-  тусу
Дула-дулу
Дуста- дусту
Юста- юсту
Тидаме эца деза ,оцу хандешнийн орамехь хийцам бацахь а чаккхенгара а—у—не доьрзуш хилар
Х1инца хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу вай.
Д1аяздийр ду вай билгалзачу кепехь долу хандешнаш, цул т1аьхьа карарчу хене а х1иттош спряженеш билгалъяха.
Туда, юза, худа, юца, юса, юла, дукъа, дуза, дуса, дуста, уг1а, духа.
Нийса кхочушдинехь, иштта хила деза.
Туда- туду (пхоьалг1а спряжени)
Юза- юзу (пхоьалг1а спряжени)
Худа- худу (пхоьалг1а спряжени)
Юца — юцу (пхоьалг1а спряжени)
Юса- юсу (пхоьалг1а спряжени)
Юла — юлу (пхоьалг1а спряжени)
Дукъа — дукъу (пхоьалг1а спряжени)
Дуза — дузу (пхоьалг1а спряжени)
Дуса — дусу (пхоьалг1а спряжени)
Дуста — дусту (пхоьалг1а спряжени)
Уг1а – уг1у (пхоьалг1а спряжени)
Духа — духу (пхоьалг1а спряжени)
Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхи цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш. Цу юкъарчу хандешнийн спряженеш билгалъяха.
Генахь йоцуш борз уьг1ира.
Нанас эсала хьосту шен бер.
Нийса кхочушдинехь, иштта хила деза.
Уг1а- уг1у (пхоьалг1а спряжени)
Хьаста-хьосту (1-ра спряжени)
Х1окху урокехь вай  шуьца 1амийра пхоьалг1ачу спряжени чудог1у хандешнаш.

Close
Яндекс.Метрика