Урок йолор ю вай хIокху дешнашца:
Ненан мотт- иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. ХIора нохчо, нагахь шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а, хууш а хила веза, Iамадайша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а Iамабай, оцу маттахь яздан а, деша а Iамадай…
Айдамиров Абузар.
Нохчийн маттахь хандешнийн пхи спряжени ю. Яханчу урокашкахь вай 1амийна хьалхара кхо спряжени. Х1окху урокехь вай дуьйцур ду йоьалг1ачу спряжених лаьцна.
Йоьалг1ачу спряженина чудог1у билгалзачу кепехь орамехь- о-(уо)-долу хандешнаш. Уьш карарчу хене дохуш орамера –о-(уо)
у- не хийцало.
Масала:
Вуоха
Хотта
1отта билгалзачу кепехь орамехь –о ду.
Вола
Дотта
Вуху
Хутту
1утту карарчу хенахь –о–у-не доьрзу.
Вулу
Дутту
О (уо)→ у →у
о(уо) —у –не доьрзу,чаккхенгахь –у- х1утту
Хотта- хутту
1отта- 1утту
Вола- вулу
Дотта- дутту
Х1инца хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу вай.
Х1окху фразеологизман а, кицанашна а юкъара хандешнаш билгалзачу кепе а дахий, цул т1аьхьа карарчу хене а х1иттадай спряженеш билгалъяха.
Ворх1 дог1а тоьхна (тщательно спрятать).
Стешхачу ж1аьло т1ехьашха катуху.
Нехан куй айхьа баьккхича, хьайн куй чета болла.
Нийса кхочушдинехь, иштта хила деза:
Тоьхна – тоха- туху. (йоьалг1а спряжени).
Катоха — катуху — (йоьалг1а спряжени)
Болла- буллу – (йоьалг1а спряжени)
Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Д1аяздийр ду вай билгалзачу кепехь долу хандешнаш карарчу хене х1иттош, билгалъяха церан спряженеш.
ала, оза, тоха, деша, т1еоза, х1отта, дийца, воха, кхолла, довза, ботта, дуог1а.
Нийса кхочушдинехь, иштта хила деза.
Ала — олу (1-ра спряжени),
оза- узу(йоьалг1а спряжени),
тоха-туху (йоьалг1а спряжени),
деша -доьшу (2-г1а спряжени),
т1еоза – т1еузу (йоьалг1а спряжени),
х1отта- х1утту (йоьалг1а спряжени),
дийца -дуьйцу (3-г1а спряжени),
воха – вуху (йоьалг1а спряжени),
кхолла – кхуллу (йоьалг1а спряжени),
довза -девза (1-ра спряжени),
ботта – бутту (йоьалг1а спряжени),
дуог1а – дуг1у (йоьалг1а спряжени),
Ц1ахь бан болх.
Х1окху предложенеш юкъара хандешнаш билгалзачу кепе а дахий, цул т1аьхьа карарчу хене а х1иттадай, спряженеш билгалъяха.
Стеган дагара матто схьадуьйцу.
Вайн дайша шайн ц1ийца
Ларбина дайн мотт,
Наноша марзонца
Кхиийна мерза мотт
Безалаш, бийцалаш
Мел керча шайн мотт,
И совг1ат Деллачо
Хаттале цунах барт!
Магомадова Разет,
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт». 7 класс. Грозный ГУ «Книжное издательство», 2013 ш.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика». 5-11 классашна. Соьлжа Г1ала. 2012 ш.
Исмаилов А. «Дош». Соьлжа Г1ала. 2009 ш.