Урок №12 Хандешан кхоалг1а спряжени

Хандешан хенашца хийцадаларх спряжени  олу.
Хандешан коьрта пхи спряжени ю, ялхалг1а нийса йоцу спряжени а ю.
Муьлха хандешнаш дог1у  шолг1ачу спряженина чу?
Шолг1ачу спряжени чу дог1у билгалзачу кепехь орамехь дифтонг –иэ(е)  
я  аз  –э  долу хандешнаш
Уьш карарчу хене х1иттийча, орамера аз  -оь-не доьрзий,чаккхенгахь   -х1утту:
Масала:
диэша (деша) – доьшу, еша – йоьшу,
леца – лоьцу, хеца – хоьцу, хьеха – хьоьху.
Х1инца вай иштта т1едиллар кхочушдийр ду:
Карарчу хене даха х1ара хандешнаш
Билгалза кеп———карара хан
    -и— (ий)———уь —  -у
    вита—————вуьту
    вийца————вуьйцу
    тилла————туьллу
    тила—————туьлу
    къийса————къуьйсу
    лийча————-луьйчу
    ида————-уьду
Кхоалг1ачу спряжени чу дог1у  билгалзачу кепехь орамехь – и, (ий) долу  хандешнаш. Уш карарчу хене дохуш орамера аз  -уь  -не доьрзий,  чаккхенга    -у-   х1утту                                                 
Кхин цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсий вай:
Предложенеш юкъара кхоалг1ачу спряженина  чудог1у хандешнаш билгалдаха:
Стеган дагара матто схьадуьйцу.Хиндолу хьоза бенахь дека.
Эххар дог1а а тийра, дохк а айаделира
Дуьненахь а дика вуьйцу вайн паччахь
Массо а къам лору сан къомо. 
Даима а парг1атонехьа къийсина нохчийн къомо
Сатаса герга даханчу хенахь дог1а сецира.
Нийса жоп иштта хир ду:
Схьадуьйцу -схьадийца
Вуьйцу   —        вийца
Къуьйсу — къийса
1амийнарг т1ечаг1деш иштта т1едиллар кхочуш дан хьовсий вай.
Лахахь далийна хандешнашна уллохь карара хан а язъеш, схьаязде. Билгалъяха церан спряженеш.
Кеп: вада-воду = а-о-у;  деша-доьшу = е-оь-у;
Гайта, хахка, вухаверза,  вела, лалла, тоха, х1отта.
Нийса жоп иштта хир ду:
Гайта – гойту   (I-ра спряжени)
Хахка –хохку   (I-ра спряжени)
вухаверза –вухавоьрзу   (II-г1а спряжени)
вела –воьлу            (II-г1а спряжени)
лалла –лоллу       (I-ра спряжени)
тоха-туху              (IV-г1а спряжени)
х1отта –х1утту      (IV-г1а спряжени)
1амийнарг  т1еч1аг1деш  х1окху  предложенешкара  шолг1ачу спряженина чудог1у  хандешнаш билгалдаха хьовсий вай.
Куьг парг1ат дитинчо ког эвхьаза хецна.
Б1аьсте т1аьхьа  йог1учу 1аьнах  ма кхера, 1а т1аьхьа дог1учу гуьйренах кхера.
Аьрзуно мозий ца лоьцу.
Шолг1ачу спряженина чудог1у хандешнаш х1орш ду:
Хецна, кхера, лоьцу.
Х1окху урокехь вайна девзи кхоалг1ачу  спряжени чудог1у хандешнаш а,уьш нийса билгалдаха а, кхечу спряженех схьакъасто а.
Ц1ахь кхочушбе иштта болх:
Хьоме дешархой, ненан маттал хаза а, сийлахь а х1умма а дахаран новкъа т1ехь мел лехарх карор дац шуна, цундела школехь а, ц1ахь а ,аренца  шаьш лелаш, бийца а буьйцуш, ларам а беш шайн мотт кхиош къахьега деза аша х1ора а дийнахь.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю.Дала кхиамаш совбохийла шун!

Close
Яндекс.Метрика