Урок №10 Хандешан хьалхара спряжени

1алашо: Дешархошна  хандешнан хьалхара спряжени  йовзийтар , цуьнан нийса язъярх  кхетам балар, цуьнан кхолладаларх  кхетам балар, хьалхарчу спряженин хандешнаш текстехь каро хаар, йозанехь а , къамелехь а цаьрца  пайдаэца хаар; дешархойн дозуш долу къамел кхиор, коммуникативни аг1онаш кхиор.
Кхеташонан 1алашо : г1иллакх – оьздангалла кхиор.
                                                           Урок д1аяхьар.
Нийсаязъяран минот. Чухчари — водопад.
Чухчари – дош юкъа а далош, предложени язъе. Караде хандош, , билгалбаккха хандешан саттам. Бехкаман а, т1едожоран а саттаме х1оттоде и хандош.
1. Къамелан дакъойх 1амийнарг карладаккхар.
А) Маса коьрта къамелан дакъа девза шуна? 
Аь) Муьлхачу къамелан декъах  олу хандош? Даладе масалш.
Б)  Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хандашо?  Даладе масалш.
В) Х1ун гойту хандашо?
Г) Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хандешнаша, хандешнийн муьлха хенаш евза шуна?
Г1) Хандешан билгала саттам – бакъо йийца? Даладе масалш.
Д) Хандешан лааран  саттам – бакъо йийца? Даладе масалш.
Е) Хандешан т1едожоран  саттам – бакъо йийца? Даладе масалш.
Ё)  Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло билгалзачу хандешнаша?  Даладе масалш.
Т1аьхьадуьсучу берашца болх бар.Шаьш бен болх.
Текст д1айоьшур ю вай, т1адамийн метта элпаш а х1иттош, къовларш схьа а йоьллуш, д1аязйир ю х1ара предложенеш ,хандешнаш къастор вай, церан хан , саттам билгалдийр ду вай:
Г1ил…а…аш довзи…тарх а ( ца ) тоьа, нага… уьш лелош ( ца ) хилча. Вай… къомах волу наггахь а стаг хир ( вац ) вай… г1ил…акхе… коьрта дерш ( ца ) девзаш.
 — Муьлха г1иллакхаш девза шуна? Аш леладой уьш? Шуна муьлха г1иллакх лело лаьа?
2.Керла коьчал йовзийтар. Тахана вай урокехь дуьйцур ду хандешнийн хьалхарчу спряженеш лаьцна.
Бакъо: Хандешнийн пхи спряжени ю. Хандешан хенашца хийцадаларх спряжени олу. Хандешан хьалхарчу спряженина чудог1у билгалзачу кепехь орамехь -а-  долу хандешнаш.
Хьалхарчу спряженина чудог1учу хандешнаш билгалзачу кепера карарчу хене доьрзуш орамера  аз а – о-не а доьрзуш, чаккхенгара аз а – у-не доьрзуш хуьлу. Цхьадолчу хандешнашкахь  орамера аз – а – аь-не я е-не дерзахь – чаккхенга аз –а х1утту.
Масала:
лаа – лаьа, лата – лета,   хаза – хеза,  лаха – леха, 1ама – 1ема.
Уьн т1ехь д1аяздина хандешнаш ду – ала , хьажа, лаха, таса, мала , кхалла, даста.  – хандешнаш карарчу хене а х1иттош, д1аязде.
Хила еза кеп:
самавала -самаволу, хьажа- хьожу, лаха — лоху, акхавала — акхаволу, яккха- йоккху, кхалла- кхоллу.
3.1амийнарг т1еч1аг1дар.
 Предложенешкахь билгалзачу кепехь лаьтташ долу хандешнаш  карачу хене дохур вай.
Жимачу к1анта ведар чу латта  ( таса ) . хила еза кеп – тосу.
Ткъа шозза декхча итт ( кхача ) . хила еза кеп – кхочу.
Дешнарг лома буьххье ( вала ) . хила еза кеп – волу.
Дика белхало хьалххе ( хьалаг1атта ) . хила еза кеп – хьалаг1отту.
1уьйранна са ма-хилланехь, вежарий ( самабаха ) к1анта. хила еза кеп – самабоху.
4.Ц1ера болх: . § 5 ,  шардар  40.

Close
Яндекс.Метрика