Урок №9 Хандешан т1едожаран саттам

1алашо: Дешархошна  хандешан т1едожоран саттам бовзийтар, цуьнан кхолладаларх  кхетам балар, т1едожоран саттам кхечу саттамех къасто хаар; уьш текстехь каро хаар, йозанехь а , къамелехь а цаьрца  пайдаэца хаар; дешархойн дозуш долу къамел кхиор, коммуникативни аг1онаш кхиор.
Кхеташонан 1алашо : ненан матте болу безам кхиор.
Урок д1аяхьар.
1. Къамелан дакъойх 1амийнарг карладаккхар.
А) Муьлха къамелан дакъош девза шуна?
Аь) Муьлхачу къамелан декъах  олу хандош?
Б)  Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хандашо?  Даладе масалш.
В) Муха хийцало хандош?
Г) Муьлха саттамаш бевза шуна хандешнийн?
Д) Хандешан билгала саттам – бакъо йийца? Даладе масалш.
Е) Хандешан лааран  саттам – бакъо йийца? Даладе масалш.
Карточкашца болх бар.
Ж) Т1аьхьадуьсучу берашца болх бар.
Уьн т1ехь д1аяздо дешнаш – шена,гайтира, сайна, итте а, х1ара, веана , дика,хьоьжу,  хьуна, вай, ваьккхинера  – къамелан дакъош  билгалдаха, хаттарш язде.
2.Керла коьчал йовзийтар. Дешархошна  хандешан т1едожоран саттам бовзийтар.
Бакъо. Т1едилларан , омра даран я т1едожоран, пурба даларан я дехаран маь1на гойтучу хандешан саттамах т1едожоран саттам олу. Предложенехь т1едожоран саттамехь долу хандош сказуеми хуьлий лела. Масала:
таса , тасал ( т1едилларан я омра даран маь1на),
тасахьа ( пурба даларан маь1на),
тасахьара ( дехаран маь1на ).
Алал, хьажал, сацал, г1ол, яздел , гайтал, дийцахьара , кхоссал, г1аттахьа, язде, эцал.
Сийначу бацалахь д1адиллалахь  и жима жовх1ар.
Алал х1инца , хьо балха маца г1ур волуш ву.
Шийла мох ма хьекхахьара корех чу. 
караде хандош , саттам а, кеп а  билгалбаккха, хаттар д1аязде.
Шайна цакхеттарг хатта.
Сада1аран минот.
3.1амийнарг  т1еч1аг1дар.
Кхочушде шардар  йозанца.
Кеп:
цаста – цастал   — 1-ра б1ог1ам т1едожоран кепехь ;  ала – алахьа    — 2- г1а б1ог1ам пурба даларан маь1нехь д1аязде хандешнаш.
Лакха –                                                                                    йитта –
Юса –                                                                                       хахка –
Ловза –                                                                                     д1алаца –
Яздан –                                                                                     хьажа –
Даста –                                                                                      деша –
Т1едиллар: яздаза дитина т1аьххьара элп  язде, цул т1аьхьа х1окху таблицина юкъа нийса д1аязде лахахь далийна долу дешнийн цхьаьнакхетарш:
Хи чу кхосс…, стоьла т1ехь хилийта…, г1алахь хилала…, ц1а чу г1о…,  сени чу хьажа…., Роьшничу г1охь…, т1оьрмиг чу йилла…, кехат даийт…, аьлларг де…, хуург схьадийц… .
 
Т1едилларан,
омра даран я т1едожоран
Пурба даларан маь1на
Дехаран маь1на
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Кхеташонан 1алашонна т1едиллар. Нохчийн мотт и-халкъан
Синхазнийн хьоста-
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь ю,
Д1аэца, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт,
Хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха, хьайн весет деш,
К1анте д1ало.
Лакхахь далийна мог1анаш д1адеша. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? Вайн махкахь маца даздо ненан маттана лерина дезде? Муьлха произведенеш евза шуна?
Х1окху байтахь караде вайн урокан темица доьзна долу хандешнаш ( т1едожоран саттамехь долу ), схьакъастаде уьш.
Карточкаш т1ехь бен болх.
I. Х1окху хандешнийн саттамаш билгалбаха: схьахьаьжи, дийцал, дийци делара, язде.
II. Инфинитиван хан х1ара ю:
1) карара хан;  2) яхана хан;   3) йог1у хан;   4) хан билгал ца йоккху.
III. Нийсаниг харжа: т1едожоран саттаман ший а хаттар нийса х1оттийна ду:
1) х1ун дийр ду? х1ун хир ду?
2) х1ун дина? х1ун хилла?
3) х1ун дан? х1ун хила?                                     
4) х1ун де? х1ун дел?
IV.Ц1ера болх: . § 4 ,  шардар  31.
V. Жам1 дар: Дешархошца урокехь 1амийнарг карладаккхар.

Close
Яндекс.Метрика