Урок №8 Хандешнийн лааран саттам

Адамаш кхетош — кхиорехь  ондда г1ирс бу мотт. Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза а,  нохчийн оьзда г1иллакхаш довза а.
Цо 1амадо вай дуьненан а, адаман  а хазалла йовза.
Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман оьздангалла, литература, искусство. Цундела муьлхха а мотт байча, метта х1отталур доцу зен хуьлуш ду  дуьненчохь дехачу массо а адамашна.
Дала ницкъ, иман, лаам ч1аг1бойла вай нохчийн мотт 1амо а, кхиабан а.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хандешан лааран саттам муха кхоллало, дешан х1оттам билгалбоккхуш иза муха толлу.
Вайна ма хаъара,гайтаран кепе хьаьжжина хандешан коьрта биъ саттам бу: билгала, бехкаман, лааран, т1едожоран.
Дар я хилар кхочушхила лаар гойтучух лааран саттам олу.
Лааран саттам кхоллало хандешан билгалзачу кепана т1е  -хьара, карарчу хенан хандашна т1е – йла, (-ийла) – да (лда) суффиксаш кхетарца. Масала : 
1.«Аьллачуьнга ладог1ахьара кегийчара»,- элира воккхачу стага.
2.Хьайга дуьйцург  хьуна  хазахьара, хьо иштта ледара хир вацара.
3. Хьан дахарехь ирс, аьтто хуьлийла лаьа суна.
4.Дела реза хуьлда хьуна а.
5.Марша г1олда хьо, т1ам сийна кхокха!  6.Марша г1ойла хьо, тхан хьоме дада.. ^
1-чу предложенехь ладог1ахьара  хандош лааран саттамехь ду- иза кхолладелла ладог1а бохучу хандешан  билгалзачу кепана  т1е -хьара  суффикс кхетарца.
2-чу предложенехь хазахьара боху хандош лааран саттаме дирзина хаза бохучу хандешан билгалзачу кепана т1е – хьара суффикс кхетарца.
3-чу предложенехь хуьлийла  боху хандош лааран саттамехь ду, иза кхолладелла карачу хенан хандашна  т1е – ийла суффикс кхетарца.
Г1ойла хандош – йла суффиксан г1оьнца кхолладелла. Хуьлда, г1олда боху хандешнаш кхолладелла –лда,- да суффиксийн г1оьнца.
Хандешан билгалчу саттамна т1е г1оьналлин хандош- делара,велара, елара, белара- кхетарца а кхоллало  хандешан лааран  саттаман кеп.
Масала:
И кехат дешна делара ахь, Асет.
Тхоьга веъна велара и хьаша.
Соьга кхайкхина елара хьехархо.
 Ахьчул  хьалха ас баьккхина белара и кхаъ.
 
Х1окху предложенешкахь хандешан лааран саттаман кепехь ду: дешна делара, веъна велара, кхайкхина елара, баьккхина белара  боху хандешнаш.
Лааран саттамехь долчу хандешнийн дешан х1оттам къастош болх бийр бу вай х1инца.
Дагадаийтий вай муьлхачу дакъойх лаьтта дош:
Дешхьалхенах, орамах, суффиксах,  лардах,  чаккхенах.
Суффиксийн г1оьнца кхолладеллачу  лааран саттаман  хандешнийн х1оттам билгалбоккхур бу вай.
Ладог1ахьара – чаккхе яц, лард -ладог1ахьара, 
орам- ладог1, дешхьалхе  яц,  а- инфинитиван суффикс, хьара – хандешан лааран саттаман суффикс.
Хуьлийла – чаккхе яц, лард –хуьлийла, орам -хуьл, -ийла хандешан лааран саттаман суффикс, дешхьалхе яц.
Г1ойла-чаккхе яц, лард -г1ойла, дешхьалхе яц, орам- г1о, — хандешан лааран саттаман суффикс-йла .
Хуьлда – чаккхе яц, лард- хуьлда, орам -хуьл, дешхьалхе яц, хандешан лааран саттаман суффикс – да.
Г1олда- чаккхе яц, лард — г1олда, орам-г1о, дешхьалхе яц,  хандешан лааран саттаман кепан суффикс – лда.
1амийнарг  т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушде вай .
Х1окху предложенешкара лааран саттаман хандешнаш билгалдаха, церан кхолладаларан некъаш а дуьйцуш.
 
Ц1а веана дика ду, эзар балех волийла.
Дела реза хуьлда хьуна а.
Х1инцалерчех тера а воцуш, вуьззина нохчо- м вара.
Сайн цхьаъ бен йоцу йо1 Маьлх-Аьзни цо йигарна кхоьру-кх.
Дала лардойла вай  и  де гарх. Баркалла шуьшинна.
Дукха вехийла шуьшиъ. Некъ дика хуьлда шуьшиннан. Марша 1ойла хьо, тхан нана .
Куьйра , баркалла хуьлда хьуна , ахь суна динчу г1уллакхна.
Куьйра, 1одика йолда хьан.
Нийса жоп:
Х1окху предложенешкахь лааран саттаман хандешнаш ду:
волийла, хуьлда, лардойла, вехийла, 1ойла, йолда.
лааран саттаман хандешнаш кхолладелла –ийла,-да, -йла, -лда суффиксийн г1оьнца.
 
Тахана вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин  цхьа  т1едиллар кхочушдийр ду  вай.
Т1адамийн  меттана  лааран саттаман хандешнаш а дохкуш, д1аязъе предложенеш.
Г1оьнна дешнаш: 1олда, воьрзийла, хуьлда, леладойла, кайолийла, боккхийла, волийла, ма дойла, бехийла, хуьлда, кхочийла.
Х1ан, сан к1ант, х1орш ду хьан дас лелийна герзаш.
Г1оза а, декъала а … ахь уьш. Толамца …  хьо ц1а.
Хьо марша …,аренан мангалхо.
Некъ дика … хьан, мехкан воцу хьаша.
Диканца  дукха  … хьо, сий- долу кхокха. Мегар ду, Куьйра, сий … хьан. Леча, Лема! Эзар балех … шуьшиъ. Шен дог лаьттачу … халкъан г1уллакх мел лоьхург. Толам декъал … вайн, доттаг1ий!
Т1едилларан  нийса жоп иштта хила деза:
Х1ан, сан к1ант, х1орш ду хьан дас лелийна герзаш. Г1оза а, декъала а леладойла  ахь уьш. Толамца воьрзийла   хьо ц1а. Хьо марша вог1ийла, аренан мангалхо. Некъ дика хуьлда хьан, мехкан воцу хьаша.
Диканца  дукха  бехийла хьо, сийдолу кхокха. Мегар ду, Куьйра, сий  хуьлда хьан.
Леча, Лема! Эзар балех волийла шуьшиъ. Шен дог лаьттачу  кхочийла  халкъан г1уллакх  мел лоьхург. Толам декъал хуьлда вайн, доттаг1ий!
Х1окху урокехь вай бевзи  хандешан лааран саттам, предложенехь  иза къасто ,талла а  , цуьнан  х1оттам билгалбаккха а 1еми.
Пайдаэцна литература:
1.В.Я.Янгульбаев,Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт 7 класс»   ГУП «Книжное издательство» 2001 г.
2.Эсхаджиев Я.У. « Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а. пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 г.
3.Эдилов С.Э.Практикум чеченского языка.Учебное пособие. Грозный .Издательство «Арфа-пресс», 2011 г.
4.Исмаилов А. «Дош»  Соьлжа-Г1ала 2012 ш.
5.Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-Г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010 г.

Close
Яндекс.Метрика