Урок №4 Хандош

Хандош, цуьнан билгалонаш, нийсаяздаран бакъонаш,хенаш.
Таханлерчу вайн урокан ц1е,нагахь аш дикка тидам бахь,шуна х1инцца билгалъер ю:
«Со ца хилча,вайна гонаха мел йолу х1уманаш х1ун ю? Еккъа цхьа ц1ераш бен яц . Амма со схьадеъча,дерриге а чу са дог1ий, долало:
кема т1емадолу,адамаша г1ишлош йо, аренашца ялта кхуьу,иштта д1а кхин а. Доцца аьлча,х1уманан дар,хилар гойту къамелан дакъа ду со. х1ун дина?дийр ду? я до? хаттаршна жоьпаш ас ло.»
Муьлхачу къамелан декъах лаьцна дуьйцу оцу мог1анашкахь?
Хандашах-х1унда?
Хандешнаша дар, хилар гойту, билгалдинчу хаттаршна жоьпаш ло.
Вай тахана дуьйцур ду хандашах,цуьнан билгалонех,нийсаяздаран бакъонех,хенех лаьцна. И дерриге а вай 6-чу классехь 1амийна ду.
Цхьа а хан билгал ца еш,дуьххьал д1а дар гойтуш йолчу хандешан юьхьанцарчу кепах     
хандешан билгалза кеп олу.
цо жоп ло х1ун дан? х1ун хила? бохучу хаттаршна
Масала: ала,яздан,деша.
Муха яздо цхьана дешдекъах лаьтта билгалзачу  кепан хандешнаш,шайн чаккхенгахь манкхалла йолуш долу?
цхьана дешдекъах лаьтта билгалза кепан хандешнаш чаккхенгахь –н долуш яздо.
Масала: ган, ван, ян, зен.
Х1окху билгалзачу кепан хандешнийн суффиксаш билгал яхалур ярий шуьга:
ала, хадо, хадон, ган, зен? (жоп: -а,-о,-он,-ан,-ен)
Вайна хаьа:
хандешан кхо хан ю: карара хан,яхана хан,йог1у хан.
х1ун до? х1ун хуьлу? бохучу хаттаршна жоп луш, г1уллакх къамел дечу хенахь кхочушхилар гойту  хандешнаш муьлхачу хенан ду?
Масала: яздо,вог1у,к1адло,йохло,тов,лов.
Уьш карарчу хенан хандешнаш ду.Карарчу хенан хандешнийн чаккхенаш хуьлу:-о,-у,-оь,в.
Дар  я хилар къамел дечу хенал хьалха хилар гойтурш муьлха хандешнаш ду?
Масала: гайти, гайтира, гайтина, гайтинера, гойтура.
Яхначу хенан кепаш
хаттарш
масалш
Х1инцца яхана хан
х1ун дин?х1ун хили?
эли,шелъели
Гуш яхана хан
х1ун дира?х1ун хилира?
элира,шелъелира
Яхана яьлла хан
х1ун дина?х1ун хилла?
аьлла,шелъелла
Хьалха яхана хан
х1ун динера?х1ун хиллера?
аьллера,шелъеллера
Яхана ялаза хан
х1ун дора?х1ун хуьлура?
олура,шеллора
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Х1инца , дагалоцур ю вай яханчу хенан хандешнийн нийсаяздаран бакъонаш,цунна хаа деза вайна ,уьш муха кхоллало:
х1инцца яхана хан кхоллало билгалзачу кепан хандешнийн орамера аз хийцадаларца: а-е; а -аь.
Масала: вада-веди,хьажа-хьаьжи .
гуш яхана хан кхоллало х1инцца яханчу хенан хандешнашна т1е чаккхе -ра кхетарца.
масала:
туьйхи-туьйхира,сеци-сецира,саций-сацийра  
Яхана яьлла хан кхоллало х1инцца яханчу хенан хандешнашна т1е чаккхенаш – на кхетарций, орамера мукъаза аз шалхадаларций.
масала:
хаьтти-хаьттина,карий-карийна,эли-аьлла,веди-ведда)
Хьалха яхана хан кхоллало яхана яьллачу хенан хандешнийн чаккхенгара –а  д1а а долуш,цуьнан меттана –ера х1оттарца.
Масала:
кхоьссина-кхоьссинера,
карийна-карийнера,
аьлла-аьллера,
ведда-веддера
Яхана ялаза хан кхоллало карарчу хенан хандешнашна т1е-ра кхетарца.
Масала:
вог1у-вог1ура,
олу-олура,
теша-тешара,
хьоьжу-хьоьжура
Г1уллакх къамел динчул т1аьхьа кхочушхилар гойтуш, х1ун дер?,х1ун хир?, х1ун дийр ду?, х1ун хир ду? бохучу хаттаршна жоп луш долу хандешнаш муьлхарш ду?
Масала:
х1ун дер? (вог1ур),
х1ун хир? (шеллур)
х1ун дийр ду? (вог1ур ву)
х1ун хир ду? (шеллур ю)
Уьш йог1учу хенан.хандешнаш ду; декъало шина кепе: хила мега хан, хинйолу хан
масала:
аьр-эр ду,
йохлур-йохлур ю.
Х1инца дагадаийта деза вай муха ю йог1учу хенан хандешнийн нийсаяздаран бакъонаш 
до, во, бо, йо боху хандешнаш а, церан г1оьнца кхолладелла карарчу хенан хандешнаш а йог1учу хене хуьйцуш,чаккхенгара –о-е доьрзу хила мегачу хенахь, хинйолчу хенахь- ий-не доьрзу
Масала:
до-дер-дийр ду   
хаздо-хаздер-хаздийр ду
Карарчу хенахь чаккхенга –ло х1уттуш долу а ,иштта цхьана дешдекъах лаьтташ долу а хандешнаш йог1учу хене хуьйцуш, чаккхенгара  -о -у-не,-оь -уьй-не доьрзу.
Масала:
Дазло-дазлур-дазлур ду
Зоь-зуьйр-зуьйр ду
1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай, ялийначу предложенешкара хандешнаш схьалаха хаттарш х1иттош,  билгалъяха церан хенаш,
Лома хьоьжуш,
Дино 1уьйшу гаьллаш,
Маьлхан цинцаш
Даьржа б1аьргаш чохь.
Ша бисинчу
Цунна орцахбаьлла,
Ломах буьйлуш
Терса йилбазмох.
А.Ахматукаев.
1уьйшу-х1ун до?-карара хан
даьржа-х1ун до?-карара хан
орцахбаьлла х1ун дина?-яхана хан
терса-х1ун до?-карара хан
Х1инца,масалш а далош,хаттаршна жоьпаш дала деза аш:
Х1инцца цо х1ун дин?                  (веди)
Х1ун дира цо вайна ган а гуш?    (ведира)
Х1ун дина цо?                             (ведда)
Хьалха х1ун динера цо?—           (веддера)
Ткъа кест-кеста х1ун дора цо?     (водура)
 Юхахула х1ун дер те цо?            (водур)
 Билггала х1ун дийр ду цо?          (водур ву)
Хандешан билгалзачу кепах а,карарчу хенан хандешнех а яханчу хенан массо кеп а кхуллуш,билгалъяха чаккхенаш:
Масала:
лаца-лоцу-(леци,леци+ра,лаьц+на,лаьцн+ера,лоцу+ра)
зен-зоь-(зийн,зий+ра,зий+на,зийн+ера,зуьй+ра)
Ц1ахь лахахь ялийначу текста юкъара билгалдаха хандешнаш, церан хаттарш,хенаш,чаккхенаш. Цхьа ши нохчо хилла новкъа воьдуш.
Веана вовшашна дуьхь -дуьхьал а кхетта,къовсамбаьлла цу шиннан. Цхьана стага тахана де ду аьлла,вукхо де дац,буьйса ю аьлла. Иза гена а даьлла и шиъ вовшахлетта.
Веана кхин стаг т1екхаьчна царна.Шуьшиъ вовшах х1унда лета ?-аьлла хаьттина цо.
Т1аккха вукху шимма цуьнга хаттар дина:
Тахана де ду вайна я буьйса ю?Иза къуьйсуш воллу тхойша,вовшахлеташ .
Некъахочо жоп делира царна:
Валлах1 ца хаьа  суна-м,со кхузара а вац.
Цуьнга терра ,к1адда а боцург  къуьйсуш ,нехан къовсам баьллачу меттехь цара дуьйцучуьнга хьаьжжина жоп дала деза.     (нохчийн халкъан фольклор)
 
Пайдаэцна литература:        
1.Исмаилов  А. Дош.
2.Нохчийн халкъан фольклор.гулар.
3.Эдилов С.Э.Самукъане грамматика,5-11 кл дешаран пособи
4.В.А.Янгульбаев,Махмаев Ж.М..Нохчийн мотт,6 кл
5.Янгульбаев В.А.,Янгульбаева С.В..6-чу кл нохчийн мотт хьехар.

Close
Яндекс.Метрика