Урок №50 Доладерзоран, дерзоран-доладерзоран, гайтаран, хаттаран, юкъаметтигаллин цIерметдешнаш карладахар

Вай дIахьур ю рогIера урок: «Доладерзоран, дерзоран-доладерзоран, гайтаран, хаттаран, юкъаметтигаллин цIерметдешнаш карладахар».
Ц1ерметдош бохучу  дешан  ойла йича, ц1еран метта лела дош бохург ду иза.
Къамелан дакъош ца эшош,
Ду со церан метта лелош:
Со, хьо, иза дилла аш,
Хир ду тIаккха … цIерметдош.
ЦIердешан, билгалдешан, терахьдешан метта лелачу дешнех цIерметдешнаш олу.
ЦIердашах а, билгалдашах а, терахьдашах а, юкъара маьIна шегахь алсам хиларца, къаьсташ ду цIерметдош. ХIуманан цIе а ца йоккхуш, я цуьнан мухаллий, масаллий билгал а ца еш, гойту цIерметдашо и хIума.
Иштта предложенеш д1аязйийр ю вай:             
КIант доьшуш ву. Иза пхоьалгIчу классехь ву. Цо дешар дика Iамадо. Цуьнан йиша а ю ворхIалгIачу классехь доьшуш. Йишас цунна гIо до урокаш Iамо.
Тидам беш хьовса вай  х1окху  предложенешкахь долчу ц1ерметдешнашка:
иза, цо, цуьнан, цунна боху цIерметдешнаш кIант бохучу цIердешан метта лелаш ду, тайп-тайпанчу дожаршкахь.
Шайн маьIнашка хьаьжжина, цIерметдешнаш тайпанашка декъало, церан итт тайпа ду.
Вай тахана карладохур ду доладерзоран, дерзоран-доладерзоран, гайтаран, хаттаран, юкъаметтигаллин цIерметдешнаш.
Доланиг дожарехь долу массо а тайпа цIерметдешнаш доладерзоран маьIнехь лела:
сан, церан, хьан, шун, сайниг, сайнаш.
Дерзоран а, доладерзоран а цIерметдешнийн билгалонаш шайца йолчарех дерзоран-доладерзоран цIерметдешнаш олу:
тхан-тхайн, сан-сайниг, церан-шайнаш.
ХIума я иза йолу меттиг гойтучу цIерметдешнех гайтаран цIерметдешнаш олу:
хIара, дIора, цигара, кхузара.
Хаттаран маьIнехь долчу цIерметдешнех хаттаран цIерметдешнаш олу:
х1ун, мила, муьлш, мел,  маса, муха, муьлха.
Нохчийн маттахь хаттаран, юкъаметтигаллин цIерметдешнаш аларехь а, яздарехь а башхалла йолуш дац. Хаттаран цIерметдешнаш маьIнига а, предложенин хIоттаме а хьаьжжина, юкъаметтигаллин цIерметдешнаш хуьлий лела.
Мила ву яздина ваьлларг ?      
(мила?) — хаттаран ц1ерметдош ду.
Бодашкахь верг  мила ву  ца гора.
(мила) — юкъаметтигаллин ц1ерметдош ду.
Х1ун боху ахь?
х1ун — хаттаран ц1ерметдош.
Цомгашчо х1ун боху ца кхетара со.
х1ун — юкъаметтигаллин ду.
Т1едиллар №1.
Стихотворени юкъара цIерметдешнаш схьа а лахий, билгалдаха  церан тайпанаш, дожарш, терахьаш:
Со – урд ду аьхна, хIу таса сихло.
ДIадехь ахь дика хIу – хьекъар ду ялта.
Амма аш дIатасахь, гIовттур ю яраш,
Цхьанна а ца оьшу баI хьекъа тарло.
Безамна, диканна даим ю кийча,
Амма яц вонах а цкъа а со едда…
Тешаме доттагIий – сатийсар, чIагIо,
МостагIша хийла а ю со ягийна.
Лаьтта тIехь дерриг а, адамаш, вайх дозу,
Цхьа зама ю вайна массарна кхаьчнарг.
ХIор стаг гойла – кха шен ирсе кхаьчна.
Комаьрша доькъийла ирс шайлахь наха!
(Р. Ахматова)
ЦIерметдешан синтаксически гIуллакхаш карладохур ду вай х1инца.
Ас сийдо сайн ненан. (ас – подлежащи; сайн – къастам).
Сайн са а дIалур дара ас сайн нанна. (сайн – къастам;  ас – подлежащи).
ХIара жайна сан ду. (ХIара – къастам; сан – сказуемин дакъа).
Дика хьаьвсира  бераш  хIокхуьнга.   (х1окхуьнга – лач кхачам;)
Предложенеш теллича вайна билгалдели ц1ерметдешнех предложенехь подлежащи а, кхачам а, къастам а, иштта сказуемин дакъа а хила тарлуш хилар.
Т1едиллар №2.
ЦIерметдешнаш шина б1огIмалге  дIанисдан деза: лааме, лаамаза.
Сан къолам, тхайнаш, вукхуьнниг, цераниг, цуьнан коч, мосалгIаниг,  маситта де, муьлханиг, шен хIума, хIара накъост, цигара цIа, дIораниг, тхан-тхешаниг.
Ц1ахь бан болх.
Легаде х1ара ц1ерметдешнаш:
хьайниг (доладерзоран), цуьнан-шениг (дерзоран-доладерзоран), хIара (гайтаран), муханиг? (хаттаран).
Тахана вай карладаккхарца т1еч1аг1ди  доладерзоран, дерзоран-доладерзоран, гайтаран, хаттаран юкъаметтигаллин ц1ерметдешнех долу хаарш.
Кху т1ехь урок ерзор ю вай. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика