«Замано болар ца лаг1деш,
Кхойкху д1а соьга а шеца».
Оцу кеппара вай а ца совцуш, 1илмане кхийдаш д1адаха деза. Таханлера вай урокан ц1е ю: Цхьадолчу хандешнийн терахьашца а, классашца а хийцадалар.
Цхьадолу хандешнаш, шайца уьйр йолчу ц1ердешнашка хьаьжжина, классашца а, терахьашца а хийцало.
Классашца церан хийцадалар муха хуьлу хьовсур ду вай.
К1ант вог1у, йо1 йог1у, бер дог1у, хьеший бог1у.
Х1инца хандешнийн терахьашца хийцадаларе а хьовсур вай.
Говр едира – говраш евдира, хьаша д1авижира – хьеший д1абийшира, машен сецира – машенаш севцира.
Ц1ердашна дуьхьала къовларшкарчу хандешнех маь1ница дог1ург а дуьллуш, д1аяздийр ду вай дешнийн цхьаьнакхетарш.
Диг, мангал, бел (артбелла, артъелла, артделла)
Етт, гомаш, цициг (едира, бедира, дедира).
Мача, куй, верта (тишбелла, тишделла, тишъелла).
Б1аьхо, т1емалой (бог1у, вог1у)
Ч1ег1ардиг, олхазарш (г1евттина, г1еттина)
Т1улг, дечигаш (1уьллу, 1охку).
Цхьадолу хандешнаш бен дац терахьашца а, классашца а хийцалуш. Классан гайтамаш хандешнашца шайца лелаш хуьлу я юьххьхь, я юккъехь.
Дада — (ву-классан гайтам бу)
Дада вог1у — классан гайтам хандашна юьххьехь бу.
Мангал артбелла — классан гайтам хандашна юккъехь бу.
Т1едиллар №1.
Т1адамийн меттана маь1ница дог1у хандешнаш дохкуш, д1аязъе иштта предложенеш:
Т1аьхьий – хьалхий, г1арг1улеш санна, … шераш.
Дитташ а сендала ….
Хазъелла… ярташ, к1отарш.
Довха … аьхкенан денош.
Г1оьнна дешнаш: д1ах1уьттур ю, д1адевлира, даьхкира, дуьйладелира.
Вайна тахана девзи, цхьадолу хандешнаш, шайца уьйр йолчу ц1ердешнашка хьаьжжина, классашца а, терахьашца а хийцадалар . Иштта классан гайтамаш цхьадолчу хандешнашца шайца лелаш хилар а (юьххьехь я юккъехь).
Цу т1ехь вай урок ерзайо. 1одика йойла шу!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.