Урок №45 Йог1учу хенан хандешнаш нийсаяздар

Вешан нохчийн мотт  безаш а, оьшуш а долчу вайн таро хир ю керла тема йовза а, къамелехь а, йозанехь а  цунах пайда эца 1ама а.  Ткъа урокан  тема иштта ю: Йог1учу хенан хандешнаш нийсаяздар.
Цкъа хьалха карладахий вай йог1учу хенан хандешнаш?
Хандешан йог1учу хено г1уллакх  къамел динчул т1аьхьа кхочушхилар гойту. Цуьнан ши кеп ю.
Хила мега хан: х1ун дер? х1ун хир? — 1амор, дуьйцур, йохлур.
Хинйолу хан: х1ун дийр ду? х1ун хир ду? – 1амор ду, дуьйцур ду, йохлур ю.
Ткъа х1инца дуьйцур ду вай оцу йог1учу хенан хандешнийн нийсаяздарх лаьцна.
До, во, бо, йо боху хандешнаш а, церан г1оьнца кхолладелла карарчу хенан  хандешнаш а йог1учу хене хуьйцуш, чаккхенгара  – о:
хила мегачу хенахь –е – не доьрзу,
хинйолчу хенахь –ий — не доьрзу:
до – дер — дийр ду, 1алашдо — 1алашдер — 1алашдийр ду,  ц1анйо- ц1анъер- ц1анйийр ю.
Карарчу хенахь чаккхенга  –ло х1уттуш долу а, иштта цхьана  дешдекъахь лаьтта а хандешнаш
йог1учу хене хуьйцуш, чаккхенгара  -о -у -не доьрзу, оь-уь -не доьрзу:
хазло — хазлур — хазлур ю, го – гур —  гур ду, зоь — зуьйр – зуьйр ду.
Вайна х1инца хии йог1учу хенан хандешнийн нийсаяздарх лаьцна. Орамера аьзнаш муха хийцало а билгалдели. Ткъа дийцнарг аша муха схьалаьцна хьовсуш, кху кепара т1едиллар кхочушдийр  ду вай:
Т1едиллар №1.
Лахахь далийна карарчу хенан хандешнаш хила мегачу а, хинйолчу а хенашца хуьйцуш, д1аязде.
Кеп: сагатло – сагатлур — сагатлур ду.
Йоьшу, кхочу, соцу, оьцу, хьоь, доь, го, ло,  марзло, хазло, хета, качло, вохво, шелло, ч1аг1до, вог1у, дуьйцу.
Т1едиллар №2.
Х1окху байта юкъара схьакараде йог1учу хенан хандешнаш, даха уьш цкъа хьалха хила мегачу хене, т1аккха  карарчу хене.
Кеп: кхочур ву — кхочур – кхочу.
Дуьненах ца 1ехало
Хьо воцуш йог1ур ю б1аьсте,
Хьо воцуш дог1ур ду 1а,
Ахь суна шелйина аьхке,
Сан даг т1е биллина ша.
Хьо воцуш денлур ду зезаг,
Малхе шен кховдийна г1ад,
Кхин хир вац сан дагах кхетарг,
Гайг1анех сан хилла шад.
(Закриева П.)
Хьоме дешархой, кху т1ехь ерзор ю вай таханлера урок. Дийцинчух шу кхетта хиларх со тешна ю.
1одика йойла шун, марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика