Хазахетарца юха а вовшахкхийти вай.
«Дуьйцуш волчун кхиам ладуг1уш волчух бозу».
Леррина аша ла а дуг1уш, д1ахьур ю вай урок.
Д1айоьшур вай цхьа байт.
Набаро тедина парг1ат ма девли,
Кханене сатуьйсуш юрт д1айижи.
Беркате г1ан-набарш буьйсано ели,
Нохчийчоь д1ах1оттор даг чу дижи.
Беанчу бохамо къизалла гайтира.
Жимачу халкъо къаьхьа кад мелира.
Акхаройн ардангах вайн дахар тардира.
Барамза х1аллакдеш, жимдира вай.
(В.Умалатов «Нохчийчоь»)
Кхузахь дуй х1ун ди? х1ун хили? х1ун дира? х1ун хилира? бохучу хаттаршна жоп луш долу дешнаш.
Цара гойту г1уллакх кьамел дале хьалха кхочушхилар.
Цунах олу яхана хан.
Вайн таханлерчу урокан тема и ю. Хандешан яхана хан, оьрсийн маттахь аьлча — «прошедшее время глагола».
Яханчу хенан хандешнаша дар я хилар (г1уллакх) къамел дечу хенал хьалха кхочушхилар гойту. Цара жоп ло х1ун дина? х1ун хилла? х1ун дира? х1ун хилира? бохучу хаттаршна.
Масала: аьллера, хьаьжира, хаьтти, сеци.
Хандешан яханчу хенан пхи кеп хуьлу:
Х1ицца яхана хан (х1ун ди? х1ун хили?) – гайти, эли, туьйхи.
Гуш яхана хан (х1ун дира? х1ун хилира?) — гайтира, элира, туьйхира.
Яхана яьлла хан (х1ун дина? х1ун хилла?) – гайтина, аьлла, тоьхна.
Хьалха яхана хан (х1ун динера? х1ун хиллера?) – гайтинера, аьллера, тоьхнера.
Яхана ялаза хан (х1ун дора? х1ун хуьлура?) – гойтура, олура, тухура.
Т1едиллар №1.
Яханчу хенан хандешнашна буха сиз хьокхуш, хаттарш а х1иттош д1аязъе предложенеш:
Автобус сецира майданахь. К1анта нанна совг1ат дира. Арахь малх хьаьжна. Малхо латта дакъийнера. Баккхийнаш цецбуьйлура к1антах. К1анта баркалла эли цунна.
Т1едиллар №2.
Х1ара хандешнаш яханчу хенан пхеа а кепе х1иттаде:
воду, кхочу, олу, локху.
Т1едиллар №3.
Къовларшна юкъарчу хаттаршна дог1у хандешнаш яздан хьовса.
Маьждигехь салават (х1ун ди?)
Ахьмад рузбане (х1ун ди?)
Цо ламаз (х1ун дина?)
Т1е хаза х1умнаш (х1ун динера?) к1анта.
Имама бечу хьехамашка (х1ун дора?) к1анта.
Г1оьнна дешнаш:
Дилли, ладуг1ура, йоьхнера, ваха, эцна.
Вайна тахана х1окху урокехь хандешан яханчу хенан кепаш евзи.
Уьш ю:
х1ицца яхана хан — дилли, эли
гуш яхана хан — диллира, элира
яхана хан — диллина, аьлла
хьалха яхана хан — диллинера, аьллера
яхана ялаза хан — дуьллура, олура.
Ц1ахь бан болх:
1.Х1окху байтера хандешнийн хенаш билгалъяха еза.
Б1аьстенан х1авао са парг1атдаьккхи,
Балхаца жам1аш деш самукьадели.
Юьхьк1айчу х1оттар а тхан кийрахь сеци
Исламан з1аьнарша нийса некъ хьийхи.
(В.Умалатов)
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.