Урок №40 Хандешан билгалза кеп

Вай кхид1а а дуьйцур ду хандашах лаьцна.
Таханлера вайн тема ю «Хандешан билгалза кеп». (Оьрсийн маттахь – неопределенная форма глагола)
Хандош, вайна ма- хаъара, коьртачех къамелан дакъа ду. Цо гойту х1уманан дар я хилар. Х1ун дан? х1ун хила?  х1ун до? х1ун хуьлу? бохучу а, хенашца хийцадаларца царех схьадевллачу  а хаттаршна жоьпаш  ло.
Масала: эца, сенъяла, 1ема, йохло и.д1.кх.
Хандешан цхьа а хан билгал ца еш кеп ю. Цунах билгалза кеп олу. Цо цхьа а хан билгал а ца еш, дуьххьар-д1а г1уллакхан дар гойту.
Цхьа а хан билгал ца еш, дуьххьар-д1а дар я хилар гойтучу хандешан кепах билгалза кеп олу. Цунна х1иттадо х1ун дан? х1ун хила? боху хаттарш.
Масала:
Х1ун дан?  хьалавала, хатта, деша, ала.
Х1ун хила? малъяла, шелъяла, йохъяла, ц1анъяла.
Цхьадолу хандешнаш терахьашца а, классашца а хийцало:
Масала:
Дилла — дахка, лалла — лахка
Вада – яда — бовда, вига — йига – бига.
Билгалдаккха деза цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кепан хандешнийн чаккхенга меран аз билгалдеш долу  -н яздар
Масала
Ган, ван, дан, зиэн, лан, тан и.д1.кх.
Т1едиллар №1.
Предложенешна юкъара билгалзачу кепехь долу хандешнаш схьаязде:
Ведда, юха а ловза вахара Майрбек. Дукха хан ца ийшира йо1ана  кехат деша. Воккха стаг ц1еххьана  цхьаьнга ладег1а х1оьттира. Тоьар ду велха, ваха веза хьа. Сацо ца хуучун багахь мотт герзал а зуламе бу.
Т1едиллар №2.
Лахахь далийна  хандешнаш билгалзачу кепе  а даха:
Хьахий —                                         
Листира —                                        
Дийци —                                         
Марздира —                                   
Тов —                                               
Деара  —                                          
Зоь —  
Т1едиллар №3.
Х1окху т1едилларехь, дага а лоцуш, билгалзачу кепан хандешнаш язде т1адамийн метта:
Хьажк1ашна (х1ун дан?)………..; арахь (х1ун хила?)………..; говрана (х1ун дан?)………; ялта (х1ун дан?)…….; пондар(х1ун дан?)………….; суьйре (х1ун хила?)…………; поппар (х1ун дан?)
Г1оьнна дешнаш: асар дан, шелъяла, х1оъ бала,  д1аден, лакха, т1еян, хьаха.
Тахана вайна девзи билгалзачу кепан хандешнаш, хии цара цхьа а хан билгал а ца еш, дуьххьал-д1а  г1уллакхан дар хилар гайтар.
Вай урок кху т1ехь чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика