Урок 25 Терахьдош морфологически таллар а, карладаккхар а

Х1окху  рог1ерчу урокехь терахьдешнех  1амийнарг карла а доккхуш, цуьнан морфологически талларан кеп йовзуьйтур ю вай шуна.
Дахарехь ягаръян езаш а, хьесап дан дезаш а дукха х1ума хуьлу. И хьесап дан атта хилийта наха юкъадалийна ду терахьдешнаш.
Масала, ахча дагардечохь соьмаш лара хала а, чолхе а долу дела юкъадаьккхина туьма-10 сом.
Нохчаша тахана а пайдаоьцуш ду ахча ларарехь туьманаш. Масала:
Итт туьма-б1е сом
Б1е туьма–эзар сом
Тидамбе вай х1окху дешнийн:
Гонаха мел дергдагардеш,
Гойту мел ю хьесап деш:
Маса ю уьш ягарйо,
Билгалйоккху рог1алла,
Гулйо, оьцу, юха йоькъу,
Маса, мел ю гойтуш,  хьоьху
Цунах дерг ахь алахь дош
Хир ду иза … терахьдош
Х1ара мог1анаш дешча вайна билгалдовлу терахьдешнийн цхьадолу тайпанаш:
Масаллин — цхьаъ, шиъ, пхиъ;
Рог1аллин  —  шолг1а, пхоьалг1а, ворх1алг1а;
Гулдаран  —  пхий а, ворх1е а, пхийтте а; 
Эцаран  —  кхузза, доьазза, пхоьазза;
Декъаран   —  исс-исс, пхиппа, кхоккха;
Д1аяханчу  урокашкахь вай дийцира шайн х1оттаме хьаьжжинатерахьдешнашцхьалхе а, чолхе а, х1оттаман а хуьлу.
Масала:
ворх1, исс, б1е, эзар — уьш  цхьана орамах лаьтташ ду (цхьалхе ду)
кхузткъа, ялхитта, шовзткъа — уьш  шина орамах лаьтташ ду (чолхе ду)
ворх1 эзар кхузткъа, б1е эзар, шовзткъе ялхитта – уьш шиннах я масех цхьалхечу я чолхечу терахьдешнех лаьтташ ду — (х1оттаман ду)
Х1инца карладохур ду вай лаамаза а, лаамеа, терахьдешнаш. Масала:
Ворх1 лам, кхо ваша, исс ц1е, шийтта бутт, пхийтта шо — лаамаза терахьдешнаш ду, х1унда аьлча х1орш ц1ердашца цхьаьна лелаш ду.
уьссалг1аниг, б1олг1аниг, ворх1алг1аниг — лааме терахьдешнаш, шай лаамехь бохург ду иза.
Х1инца вай хьовсур ду терахьдош морфологически къасторан кепе:
Терахьдешан морфологически къасторан кеп иштта хила еза:
1) юьхьанцара кеп
2) тайпа
3) х1оттам
4) дожар
5) муьлхачу дашах дозуш ду
6) нийсаяздаран бакъо
Уьтталг1а де, кхо-диъ б1ар,  уьссалг1ачун — х1ара терахьдешнаш морфологически къастор ду вай.
уьтталг1а де
1) юьхьанцара кеп — итт
2) тайпа — лаамаза рог1аллин
3) х1оттам — цхьалхе
4) дожар  — ц1ерниг
5) муьлхачу дашах дозуш ду — дозуш ду- де- бохучу ц1ердашах
6) нийсаяздаран бакъо  — масаллин терахьдашна т1е суффикс- алг1а- кхетарца кхолладелла терахьдош
Кхо- диъ б1ар
1)кхо-диъ
2)билгалза-масаллин
3)чолхе
4) ц1ерниг дожар
5)дозуш ду б1ар бохучу ц1ердашах
6)чолхе билгалза-масаллин терахьдош дефисца яздо.
Уьссалг1ачун
1)исс
2)рог1ллин
3)цхьалхе
4)доланиг дожар
5)лааме
6) рог1аллин терахьдош кхоллало масаллин терахьдашна т1е суффикс –алг1а –кхетарца.
Ц1ахь бан болх:
Х1окху предложенешкара терахьдешнаш схьа а яздай, морфологически къастам бе царна.
Ахьмада ийцира итт книга. Царах кхоъ шен доттаг1чун елира цо. Тахана доьал1а ден бен дац, амма цхьа-шиъ книга ешна ваьлла иза х1инцале.
Х1окху урокехь  вай терахьдашах дерг карла а доккхуш, йовзийти шуна терахьдешан морфологически  къасторан кеп.
Цу т1ехь вай урок чекхйолу, 1одика йойла шун ,марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика