Яханчу урокехь вай дийцира рог1аллин терахьдешнийн легарх лаьцна. Х1инца 1амийнарг карладоккхур ду вай.
Лаамаза рог1аллин терахьдешнаш лаамаза мухаллин билгалдешнаш санна дожаршца хийцало, ткъа лааме рог1аллин терахьдешнаш лааме билгалдешнаш санна хийцало.
Масала: хаза йоза, хазачу йозанан, хазачу йозанна, хазачу йозано;
шолг1а урок, шолг1ачу урокан, шолг1ачу урокана, шолг1ачу уроко и.д1.кх.
хазаниг, хазачун, хазачунна, хазачо
б1олг1аниг, б1олг1ачун, б1олг1ачунна, б1олг1ачо, и.д1.кх.
Лаамаза мухаллин билгалдош Лаамаза рог1аллин терахьдош
ц1. хаза йоза шолг1а урок
Дл. хазачу йозанан шолг1ачу урокан
Л. хазачу йозанна шолг1ачу урокана
Др. хазачу йозано шолг1ачу уроко
К. хазачу йозанца шолг1ачу урокаца
Х. хазачу йозанах шолг1ачу уроках
М. хазачу йозане шолг1ачу уроке
Дс. хазачу йозанал шолг1ачу урокал
Лааме мухаллин билгалдош Лааме рог1аллин терахьдош
Ц1. хазаниг б1олг1аниг
Дл. хазачун б1олг1ачун
Л. хазачунна б1олг1ачунна
Др. хазачо б1олг1ачо
К. хазачуьнца б1олг1ачуьнца
Х. хазачух б1олг1ачух
М. хазачуьнга б1олг1ачуьнга
Дс хазачул б1олг1ачул
Х1инца вай дуьйцур ду терахьдешнийн нийсаяздарх лаьцна.
1) Цхьаъ- боху лааме масаллин терахьдош иштта яздо: орам цхьа ларбеш, чаккхенга йиш хадоран хьаьрк (ъ) дуьллуш — цхьаъ
2) Масаллин терахьдешнаш 40, 60, 80, 100, 1000, 19 иштта яздо: шовзткъа, кхузткъа, дезткъа, б1е, эзар, ткъайоьсна.
Масаллин терахьдешнаш рог1алличаьрга доьрзуш, церан орамера мукъа аьзнаш хийцало.
а (я) – о-не доьрзу. Масала:
ткъа — ткъолг1а — ткъолг1аниг
барх1 — борх1алг1а — борх1алг1аниг
ялх — йолхалг1а — йолхалг1аниг
е-о-не доьрзу:
б1е – б1олг1а — б1олг1аниг
и-уь-не:
исс — уьссалг1а — уьссалг1аниг
итт — уьтталг1а — уьтталг1аниг
ий — уьй:
шийтта — шуьйтталг1а — шуьйтталг1аниг
пхийтта — пхуьйтталг1а — пхуьйтталг1аниг
я (а) — о, и — уь:
Ялхитта — йолхуьтталг1а — йолхуьтталг1аниг
и-о
Шиъ — шолг1а — шолг1аниг
и-оь
Диъ — доьалг1а — доьалг1аниг
Пхиъ — пхоьалг1а — пхоьалг1аниг
е — оь:
Дезткъа — доьзткъалг1а — доьзткъалг1аниг
Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца яздо: диъ-диъ бер, виъ-виъ стаг, йиъ-йиъ йо1.
Чолхе билгалза-масаллин терахьдешнаш дефисца яздо,
масала: цхьа-ши къолам , кхо-виъ дешархо, ши-кхо накъост
Цхьайттангара дуьйна ткъайоьссанга кхаччалц, берх1итта юкъалоцуш долу чолхе терахьдешнаш а, ткъаннаш дагардеш долу шовзткъа, кхузткъа боху терахьдешнаш декъаран терахьдешнашка дерзош, иштта яздо : цхьайтт-цхьайтта, шийтт- шийтта, ялх-ялхитта, вуьр-вуьх1итта, шов-шовзткъа, дез-дезткъа, ткъа-ткъа.
Х1оттаман терахьдешнаш къаьстина яздо.
Масала: ткъе пхиъ, ялх эзар ши б1е шовзткъе барх и. д1.кх.
Хьоме дешархой, вай шуна йовзийти терахьдешнийн нийсаяздаран коьрта бакъонаш. Уьш шайн дагахь латто еза аша.
Ц1ахь бан болх:
1амийнчух пайда а оьцуш, ц1ахь д1аязде иштта терахьдешнаш йозанца:
90, 5, 23, 73, 11, 27, 46, 67, 10, 59.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.