Х1окху урокехь вайна девзар рог1аллин терахьдешнех предложенин меженаш хилар а, иштта вай 1амор ду муьлха къамелан дакъа санна хийцало терахьдешнаш дожаршца, муьлха чаккхенаш хуьлу церан.
Цкъа хьалха, 1амийнарг карладаккха хьовсур ду вай.
Дагадог1ий шуна, муьлхачу терахьдашах олу рог1аллин терахьдош?
Х1уманан рог1алла гойтучу терахьдашах рог1аллин терахьдош олу.
Цо жоп ло мосалг1а? бохучу хаттарна.
Масала: шолг1а, пхоьалг1а, ворх1алг1а.
Рог1аллин терахьдешнаш кхоллало масаллин терахьдешнашна т1е суффиксаш –алг1а —лг1а кхетарца.
Масала: б1е-б1олг1а, шиъ—шолг1а, итт-уьтталг1а
Х1инца вай хьовсур ду рог1аллин терахьдош предложенехь муьлха меже хуьлий лела.
Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш:
Мохьмад воьалг1а к1ант вара доьзалехь. (воьалг1а къастам бу).
Кхоалг1а шо дара х1орш кху махкахь беха. (кхоалг1а – къастам)
Хьалхарчо г1иллакх довзуьйтура кегийчарна. (хьалхарчо – подлежащи)
Кхоалг1аниг массарел а лакха кхоссавелира. (кхоалг1аниг – подлежащи)
Могг1ара д1ах1иттинчу берашна юкъара хьехархочо йолхалг1аниг билгалваьккхира. (йолхалг1аниг — кхачам)
Воккхачо билгалваьккхира шолг1аниг. (шолг1аниг – кхачам).
Нагахь санна аш тидам бинехь, вайна билгалдолу:
Лаамаза рог1аллин терахьдешнаш предложенехь къастам хилла лелар;
Лааме рог1аллин терахьдешнаш предложенехь маь1не хьаьжжина, подлежащи а, кхачам а хилар.
Кхин д1а вай рог1аллин терахьдешнийн легарх лаьцна дуьйцур ду.
Лаамаза рог1аллин терахьдешнаш лаамаза мухаллин билгалдешнаш санна, дожаршца хийцало, ткъа лааме рог1аллин терахьдешнаш, лааме билгалдешнаш санна хийцало.
Хьовсур ду вай церан хийцадаларан кепе.
Лаамаза мухаллин билгалдош — оьзда йо1, лаамаза рог1аллин терахьдош — шолг1а бутт.
Ц1. оьзда йо1 — шолг1а бутт
Дл. оьздачу йоь1ан — шолг1ачу беттан
Л. оьздачу йо1ана — шолг1ачу батто
Др. оьздачу йо1а — шолг1ачу батто
К. оьздачу йо1аца — шолг1ачу баттаца
Х. оьздачу йо1ах — шолг1ачу баттах
М. оьздачу йо1е — шолг1ачу батте
Дс. оьздачу йо1ал — шолг1ачу баттал
Лааме мухаллин билгалдош – оьзданиг. Лааме рог1аллин терахьдош — ворх1алг1аниг
Ц1.Оьзданиг — ворх1алг1аниг
Дл. Оьздачун — ворх1алг1ачун
Л. Оьздачунна — ворх1алг1ачунна
Др. оьздачо — ворх1алг1ачо
К. оьздачуьнца — ворх1алг1ачуьнца
Х. оьздачух — ворх1алг1ачух
М. оьздачуьнга — ворх1алг1ачуьнга
Дс. оьздачул — ворх1алг1ачул
Т1едиллар №1.
1амийнарг т1еч1аг1деш х1ара рог1аллин терахьдешнаш а лего хьовса, церан чаккхенаш билгалйохуш: кхоалг1а шо, кхоалг1аниг.
Кхоалг1а шо — лаамаза рог1аллин терахьдош ду, ткъа кхоалг1аниг —
лааме рог1аллин терахьдош ду.
Т1едиллар №2.
Предложенешкара терахьаш йозанца д1а а язъян хьовса, церан дожарш билгал а дохуш:
Тахана 17-г1а де дара х1орш ц1ера арабевлла. Мог1арехь лаьтташ волчу 2-чунна т1е кхача г1ерташ, нах д1аса а тоьттуш, таттавелла схьавог1ура цхьа зоьртала стаг. Кхарна юкъара 2-ниг ч1ог1а х1оьттина вара. Рог1ехь лаьттачарна юккъехь 5-ниг массарал къаьсташ вара дег1ана лекха а, аматаш тамехь хиларца а. Д1анехьо цхьана мог1арехь лаьтташ болчу божаршна т1е а вахана, 1-ниг 2-чух д1а а хервеш, мог1а бахбеш, вовшех хербира 1-чо уьш.
Х1окху урокехь вайна девзи лааме а, лаамаза а рог1аллин терахьдешнийн дожаршца хийцадалар. Иштта церан чаккхенаш нийсаязъяр а, предложенехь рог1аллин терахьдош муьлха меже хуьлий лела а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла, марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.